Вайна массарна вевза Эсамбаев Махьмуд. Ца вовза йиш яц. Иза дуьненна а вевзаш хелхарча хилла. Нохчийн къоман юьхь, яхь, эхь-бехк, лазам, дозалла а ду иза. Иллешкахь юьйцуш ю цуьнан оьздангалла, комаьршалла, похIма, корматалла. 1924-чу шеран 15-чу июлехь Йоккхачу АтагIахь хилла цуьнан дуьнен чу валар. Аганара гIаьттичахьана хелха волуш хилла.
Цу хенахь нохчийн ярташкахь ловзарш, синкъерамаш кест-кеста хуьлуш хилла. Адамаш вовшахкхеттачу метте божарех милла а дIавоьдуш хилла. Махьмудан да Iал-Солта кхочуш хилла ишттачу меттигашка. Да ловзарга я синкъераме воьду хаавелча ворхI шо кхачаза волу Махьмуд а тIаьхьа хIуттуш хилла цунна. Аьтто баьллачохь, мел доккхачу ловзарна юкъаволий, хелха волуш хилла. Итт шо кхочуш-м иза юртахь массарна вевзаш хелхарча хилла. 1935-чу шарахь Iал-Солта шен доьзалца Соьлжа-ГIала схьакхелхина. ТIаккха боккха аьтто баьлла кIентан Нохч-ГIалгIайн коьртачу шахьарехь йолчу хореографин школе Iама ваха. Пхийттара валаза вара Эсамбаев Махьмуд 1938-чу шарахь кхоьллинчу Нохч-ГIалгIайн хелхарийн ансамбле балха дIаоьцуш. Иштта-м цо Пятигорскерчу опереттин театрехь болх бина. Iаламат чIогIа Москва деша ваха лууш хилла къона хелхарча. Амма 1941-чу шарахь болабеллачу тIамо, хьаьшна дIабаьхна кхуьнан бехке боцу лаамаш а, сирла сатийсамаш а. Нохч-ГIалгIайн республикин культурин урхалло вовшахтоьхначу артистийн тобанца дукха некъаш гездина хелхарчас ЦIечу Эскаран векалшна хьалха лучу концерташкахь дакъалоцуш. Къилбаседа Кавказерчу массо гIала а, кIошта а кхаьчна вайнехан артисташ Советийн бIаьхошна концерташ луш. Салташна къаьсттина дукхадезачарех хилла Эсамбаев Махьмуда деш хилла «Яблочко» цIе йолу матросийн хелхар. ДIакхаьчначохь дехарш деш юх-юха, кхузза-доьазза дойтуш хилла и хелхар салташа. Шатайпачу башхаллица Махьмуда дечу хелхаро салтийн дог-ойла гIаттош хилла, сийлахьчу Даймахке болу безам чIагIбеш хилла. Амма мел дика хелха валарх а, хьанал къахьегарх а 1944-чу шеран 23-чу февралехь вайнехан халкъана тIебоьссинчу къаьхьачу балех волийла-м ца хилла цуьнан. Эсамбаев Махьмудан декъаза махкахой малхбалехьа дIабуьгуш йолу шалон 24-чу февралехь Пятигорске дIакхаьчна. Цигахь цIерпошта тIе хьалаваьккхина иза.
ГIиргIизойн махкахь нисделира ЭсамбаевгIеран цкъачунна дIатарбалар, Кхиболу пекъарш санна, болх боцуш веха ца Iийра къона хелхарча. ГIиргIизойн къоман оперин а, балетан а театре балха дIаийцира иза кхуьнан хьуьнар, похIма девзинчул тIаьхьа. Цу театрехь болх бина ву гIалгIайн яздархо Базоркин Идрис а, нохчийн композитор Бексултанов Iумар а. Делахь а, Эсамбаев Махьмудана массарначул а беркате хилира гIиргIизойн театр. Кхузахь цо дакъалоцу театро кхиамца хIиттийначу «Лебединое озеро», «Бахчисарайский фонтан», «Спящая красавица», иштта дуккха кхийолчу спектаклашкахь. Иза вевза балетъезархошна. 1951-чу шарахь Германехь хиллачу кегийрхойн Дуьненаюкъарчу 3-чу фестивалехь дакъалоцу вайн махкахочо. Фестивале ваха кечамаш беш бевза цунна Россин гIарабевлла хореографаш, цаьрца гергарло а тасало. Церан гIо-накъосталлех дегайовхо хиларо кхоллайолуьйту цуьнгахь халкъийн хелхарш Iамо ойла. Оцу ойланца 1956-чу шарахь гIиргIизойн махкара Москва дIавоьду хелхарча. Амма Москва дIакхачарх хIара тIелаца кечвелла, кхунна хелхарш Iамо сакIамделла стаг вацара, Даймехкан коьртачу шахьарахь. Цундела мацалла, шело, хало лан дийзира хелхарчин, юьхьарлаьцначу Iалашоне дIакхачале. Вокзалехь буьйсанаш яха а дийзира. Делахь а, хелхарча къар ца лора. Цунна дика девзара ша схьаваьллачу халкъан хьекъале кица: «Доггах вилхинчунна бIаьргах цIий деана». Дикка хьегначу халонаша Эсамбаев Махьмуд мелла а гIелвинчу муьрехь ларамаза цунна тIеIоттавелира хьалхо вевзина балетмейстер Лавровский Леонид Михайлович. Цунах доккха беркат делира. Дахаран уггаре а халачу хенахь, Эсамбаев Махьмудан дог-ойла ир-кара хIоттийначарех цхьаъ ву, тIаьхьо СССР-н халкъан артист хилла волу, хореограф Лавровский. Иштта гIо-накъосталла диначарех ю дуьненна евзаш хилла йолу балерина Галина Сергеевна Уланова. Дукха хан ялале «Звезды Советского балета» программица кхечу пачхьалкхашка гастролашка ваха аьтто белира артистан, хелхарчийн йоккхачу тобанца. Хетарехь, нохчех Советийн Iедало дуьххьара дозанал арахьа валийтина говзанча ву иза. Европехула, Iамаркахула яра и гастролаш. Хьовсархоша хазахетарца тIеийцира кхеран концертни программа. Дуьйцийла йоцуш, боккха кхиам бара иза нохчех схьаваьллачу артистан. Дозанал арахьарчу гастролашкара цIавирзича СССР-н культурин министерствос а, Москварчу пачхьалкхан филармонис а бакъо елира, Эсамбаев Махьмудана сольни концерташ яла. Тайп-тайпанчу къаьмнийн хелхарех вовшахтоьхна Iаламат йоккха программа яра цуьнан. Цу программина юкъадогIуш дара цигонийн а, башкирийн а, испанхойн а, оьрсийн а хелхарш. Ткъа муьлхха а концерт, дуьненан муьлххачу маьIIехь а вайн махкахочо нохчийн хелхарца дIайолаяр, мехалчу ламасте дирзинера. Шатайпа ладаме меттиг дIалоцуш дара цуьнан репертуарехь «Дашо дела» (Золотой бог) цIе йолу индихойн хелхар. И хелхар кхиамца артиста дар бахьанехь тиллинера цунна «Хелхаран бозбуанчу» аьлла цIе. Муьлхха а цIе тилла хьакъволуш, лаккхарчу тIегIанехь говзалла йолуш, хелхарна вина вара Эсамбаев Махьмуд. Делахь а, хелхарна говза хилла Iарий-те, вайн сийлахь махкахо. Иза киноартист хилар, дукха хьолахь, хьаха а ца деш дитар хIун ду те? Иттех, ю цо дакъалаьцна исбаьхьаллин фильм. Уггаре а хьалха хьахо хьакъ ю аьлла хета, 1962-чу шарахь «Азербайджанфильм» киностудехь режиссера Тагизаде Тофика яьккхина «Я буду танцевать» цIе йолу фильм. Коьртачу ролехь–Ишхоев Махьмудан васт кхуллуш – ша Эсамбаев Махьмуд вара. Цуьнан ден роль ловзош хIирийн гIараваьлла актер Тхапсаев Владимир вара. Ткъа Махьмудан тIехьийзачу йоьIан Дагмарин роль ловзош гуьржийн евзаш йолу актриса Абашидзе Лейла яра. «Я буду танцевать» фильмехь хелхарш хIиттийнарг хореограф Абдуллаев Алибаба вара. Мел доккха совгIат хилира вайнахана оцу фильмах. Суна хетарехь, цуьнга хьажаза вайн махкахойх цхьа а висина хир вац. 13 шо хийрачу махкахь а даьккхина, цIадирзинчу къомана мерза кхаъ хилла дIахIоьттира и фильм. Вайнаха дозалла дора шайн махкахочух, исбаьхьчу хелхарчех Эсамбаев Махьмудах. Къаьсттина мехала хетара, мел къизачу бохамийн дорце ша нисваларх, цо коьртара ца боккху холхазан куй. Нохчийн халкъера дуьнене салам-маршалла дIакховдо ницкъ кхочу машаран байракх хетара царна Махьмуда, сий дарца, лелош болу куй. Нохчийн къоман сийлахь воккхачу артистан дахарх а, цуьнан кхоллараллехь кхиарх а яра и фильм. Ерриге а Союзехь хьовсархоша езаш тIеэцначарех цхьаъ а яра. Эсамбаев Махьмудан актеран таронаш махкахой боцучарна а тайначух тера дара. «Я буду танцевать» исбахьаллин фильм экранаш тIе яьлчахьана алсамделира тайп-тайпанчу режиссераша цуьнга фильмашкахь дакъалаца кхайкхар. Делахь а массанхьа кхиа ца вора. Балха тIехь ца ларош меттигаш йогIура, кхечу пачхьалкхашкахь дIаяхьа цIе тоьхна, хан билгаляьккхина гастролаш юкъахйита аьтто боцуш меттигаш хуьлура. Амма 1968-чу шарахь «Ленфильм» киностудехь йоккхучу «Лебединое озеро» цIе йолчу исбаьхьаллин фильмехь дакъалаца кхайкхича, дог реза дина жоп делира артиста. Музыкальни кинофильм яра «Лебединое озеро». Эсамбаев Махьмуд Ротбарт цIе йолчу ямартчу дажалан васт кхуллуш вара. Режиссераша шена тIедехкинчу декхаршца дика лара а вира иза. ХIинца «Культура» цIе йолчу федеральни телеканало гойтуш ю и фильм. Говзанчаша лаккхара мах хадош а ю. Советийн кинематографан боккха кхиам ларалуш яра режиссера Нахапетов Родиона 1972-чу шарахь Р.Бредберин повеста тIехь, ша сценарий язйина, «Вино из одуванчиков» цIе йолуш яьккхина исбаьхьаллин фильм. Дукха тайна артисташ бара фильмехь дакъалоцуш: Мария Дурасова, Владимир Зельдин, Инна Петровская, иштта дуккха кхиберш а. Говзаллица, корматаллица киноартистех цуьрриг а оьшуш вацара вайн махкахо. 1973-чу шарахь араелира «Земля Санникова» цIе йолу фильм. Оьрсийн яздархочо Обручев Владимира язйинчу Iилманан-фантастикин романа тIехь режиссераша Попов Леонида, Мкртчян Альберта яьккхина яра иза. Дерриге а дуьненна бевза актераш бара фильмехь дакъалоцуш: Владислав Дворжецкий, Георгий Вицин, Олег Даль, Николай Гриценко, Юрий Назаров, иштта дуккха а кхиберш. Эсамбаев Махьмуд шаманан васт кхуллуш вара оцу фильмехь. Халахеташ делахь а, вайн махкахь цхьа тамашийна, дукхахболчарна ю-яц ца хууш, тIехтилира и фильм. Амма Москвахь а, Ленинградехь а говзанчаша лаккхара мах хадийна а, хьовсархоша езаш тIеэцна а яра иза. Дукхах болчу рецензенташа довхачу дешнашца билгалйоккхура Эсамбаев Махьмуда ловзийна шаманан роль а. Баккъал а, Iаламат шовкъе, говза кхоьллина васт а дара иза. Артистана Iаламат беркате хилла «Земля Санникова» фильм. Цул тIаьхьа кест-кеста гора Эсамбаев Махьмуд исбаьхьаллин фильмашкахь дакъалоцуш. Царах цхьаъ ю 1975-чу шарахь араяьлла «На край света» цIе йолу фильм. ГIараваьлла вевзачу оьрсийн драматурга Розов Виктора язйинчу «В дороге» пьеси тIехь режиссера Нахапетов Родиона яьккхина фильм яра. Коьртачу ролехь Вера Глаголева яра. Кхечу ролашкахь, иштта гIарабевла бевза артисташ бара: Вадим Михеенко, Владимир Зельдин, Эльза Леждей, Пётр Глебов. Эсамбаев Махьмуд командировке ваха новкъаваьллачу стеган роль ловзош вара. Жима роль яра кхунна фильмехь кхаьчнарг. Амма васт кхолла, шен турпалхочун амал яста ларийра артист, масех минотехь гойтучу эпизодехь. Хьуьнаре стаг муьлххачу хьолехь а хьуьнаре хуьлу. Эсамбаев Махьмудан кинобелхаш цунна къеггина тоьшалла ду. Оццу 1975-чу шарахь кхин цхьана фильмехь дакъалаца лараво вевза хелхарча. «Честное волшебное» яра фильман цIе. Берашна лерина туьйра дара иза. Режиссер Юрий Победоносцев вара фильм яьккхинарг. Шен комаьршачу деган серло а, Дала ца кхоош делла похIма орцахдаьккхина, хьовсархошна еххачу хенахь дицлур доцу васт дара Эсамбаев Махьмуда цу фильмехь кхоьллинарг. Къаьсттина лерина, кIад ца луш болх бора дуьненна вевзачу артиста берашна йохучу фильмашкахь. Цундела цо кхоьллина васташ дезаш тIеоьцура къоначу хьовсархоша. 1976-чу шарахь Советийн Союзан экранаш тIехь гойтуш яра «Пока бьют часы» цIе йолу исбаьхьаллин фильм. Берийн яздархочо София Прокофьевас яздинчу туьйранашна тIехь, режиссера Геннадий Васильевс яьккхина фильм яра иза, коьртачу ролехь Михаил Кононов а волуш. Паччахьан чIондаргхо Иги Наги Тугин васт кхуллуш вара вайн махкахо а оцу фильмехь. Эсамбаев Махьмуд массарна вевзара, иза массарна дукха а везара. Режиссерийн самукъадолура цуьнца болх беш. СССР-н халкъан артист ву ша бохуш кураллаш ца еш, схьаккховдийна роль мел жима елахь а, хьанал къахьоьгура вайн махкахочо. Балхана Iаламат тIера вара иза. Цуьнан хьуьнар девзачу режиссераша, кест-кеста, керлачу фильмашкахь дакъалаца кхойкхура. 1983-чу шарахь Эсамбаев Махьмуд дакъалоцуш волуш Советийн экранаш тIе елира «Приключения маленького Мука» цIе йолу исбаьхьаллин фильм. 1984-чу шарахь араяьллачу «Из бездны» цIе йолчу исбаьхьаллин фильмехь а дакъалоцуш вара вайн махкахо. ХIора фильмехь къеггина васт кхуллуш, шен турпалхочуьнга хьовсархойн безам бахийта ницкъ кхочура артистан. Иштта хилира 1988-чу шарахь араяьллачу «Дорога в ад» цIе йолчу фильмехь а. Халкъана, махкана бевза дукха киноартисташ бара режиссера Николай Засеев-Руденкос яьккхинчу «Дорога в ад» фильмехь дакъалоцуш: Людмила Гурченко, Игорь Старыгин, Виталий Коняев, Владимир Коренев, Марис-Рудольф-Лиепа, иштта дуккха а кхиберш. Криминальни драма яра иза, наркотикашка марзбеллачу кегийрхойн дахар довзуьйтуш.
Советийн кинематографо арахоьцучу исбаьхьаллин фильмашкахь Эсамбаев Махьмуда жигара дакъалацар данне дац, шен дахаран коьрта къилба – хелхар, цо дIатеснера бохург. Мелхо а оьрсийн кинематограф кхиорна шен хьаналчу къинхьегаман доккха дакъа юкъадиллина дуьненна вевзачу хелхарчас. Ишта-м цо фильм-балеташкахь, дакъалаьцна. Царах цхьаъ яра лакхахь вай хьахийначу режиссераша Дудко Аполлинарийс, Константин Сергеевс «Ленфильм» киностудехь яьккхина «Лебединое озеро» фильм-балет. Цу могIарера ю, Эсамбаев Махьмуда, дакъалоцуш режиссера Михаил Безчастновс 1994-чу шарахь яьккхина «Увертюра» цIе йолу фильм-балет а. Коьртачарех цхьа васт кхоллар тIедиллинера вайн махкахочунна. Даима санна, шатайпанчу башхаллица хьовсархойн даг чохь дуьсу васт кхолла ницкъ а, хьуьнар а тоьара СССР-н халкъан артистана Эсамбаев Махьмудана. 1994-чу шарахь Узбекистанерачу «Меросфильм» киностудехь режиссера Шермухамедов Гияса яьккхина «Зов предков» цIе йолу фильм артистан тIаьххьара киноболх бара. Бакъду, и фильм шина декъах лаьтташ, Iаламат боккха чулацам болуш яра. «Зов предков» исторически драмин кепехь яьккхина дилоги яра. 6-чу бIешарахь хилларш дара, фильмехь гайта Iалашо йолуш, схьалаьцнарг. Фильман сценари а режиссера Шермухамедов Гияса язйина ю, яздархочо Дмитрий Василиус гIо-накъосталла деш. Хьалхара фильм «Великий Туран» яра. ШолгIа фильм «Согдиана» цIе йолуш яра. Оцу шина а фильмехь дакъалецира, Эсамбаев Махьмуда, Бильге-Оолан васт дара вайн махкахочо кхоьллинарг. Цуьнан кинофильмашкахь бина болх цуьрриг а оьшуш бац шовкъечу хелхаршца Махьмуда хIиттийначу моноспектаклел. Цундела цхьана а кепара шеко хуьлийла доцуш, вайн тIечIагIдан бакъо ю Советийн Союзан Къинхьегаман Турпалхо а, Советийн Союзан халкъан артист а хиллачу Эсамбаев Махьмуда Советийн кинематограф кхиорехь Iаламат доккха, дакъалаьцна хилар.
А.ГАЗИЕВА
№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо