Дог нахана дIадиллинарг дахарх дог диллина хир вац цкъа а

(Дадашев Райкоман психологически сурт)

                Дуьненаш адамашна кхоьллинчу Дала,

Хьо адамийн хьашташна кхоллац ма ала.

Адамашца лачвалий Делах ма вала,

Адамашна гуш вацахь Далла гац хьуна.

М-С.ГадаевDSC030943

   Дукха ешна ас нохчийн а, оьрсийн а, ингалсан а меттанашкахь исбаьхьаллин а, Iилманан а литература. Дуккха евза суна дуьненан культураш, халкъийн амалш, цара дахаран хьесапан хIитто суьрташ. Дахаран хьесапан хIотточу суьртаца къастало адамийн а, халкъийн а башхаллаш. Мотт цхьаъ бийца а тарло адамаша, амма дахаран хьесапан сурт хIораннан а шен-шен ду. Адамаша шайна хIитто и хьесапаш цхьанненна а дийца ца оьшу. Букъ ма тоьхна, дийцаре дохку уьш наха. «Стаг вовза цхьаьний дукха туьха даа деза» олуш ду нохчийн кица. Иза нийса а ду. Амма, стага доггах аьллачу дашо, синан дIо кIоргера Iора а даьккхина, нахана дIадиллинчу даго сиха довзуьйту адам. Дог нахана дIадиллинарг дахарх дог диллина хир вац цкъа а. Мел халачу хьоле и кхачарх, нахе болу тешам а, дахаре болу безам а ца бов цуьнан. Ткъа иза дуьненахь шел чIогIаниг кхин хила йиш йоцу чIагIалла ю, чов хилла дегI гIатта а дина, тIебеанчу балина къонахчун амалца чекхвала ницкъ луш йолу.

Дахар кIоргера мел девзи, накъостийн гергарло дика девза. Шерачу цIенкъи тIехь даьккхина тача санна, гучуйовлу оцу гергарлонийн сакхталлаш а. И дерриге а шена гушшехь, даг чохь кхоллало оьгIазло тола ца еш, хьелашка, даржашка болу хьегам а, ницкъах болу кхерам а адаман инстинкт юйла а хиъна, оцу адамна букъ ца тоха мел кIоргера оьздангалла, дикалла, доьналла оьшу бохучух кхетар вац шен синан барамца шен куйнал лакха ца волу стаг. Ткъа мила ву дуьне, дахар ца дезаш? Дуьненан а, дахаран а исбаьхьаллин чам тIингарца ца бустуш, Iилманца церан хилам а теллина, шен кхетамца Дала кхоьллинчу Iаламан кIоргене кхаьчначунна мел лакхара, мел гена го Дуьненан исбаьхьалла, дахаран хьийзачу некъашкахь мел дика къаьста нийса некъ. И кхетам бу и, хийла зенаш а, зераш а тIехIиттича а оцу новкъара нацкъара ца волуьйту ницкъ. Воккха а хилла, хьан дегIан чарх  эшаме хилча богIу кхетам бац иза. Жима воллуш, ахь хьайн дахаран къилба а дина, билгалбаьккхина, оьздангаллин некъаца веача бен, хьо тIекхиа йиш йоцу кхетам бу иза.

Ткъа хIун ю сила а ницкъ болу и кхетам Iехо, хьекъале корта тилийна, эцна дIабахьа хьал шегахь дерг? Хазалла! Хазалла, хуьлийла иза Iаламан, иллин, мехкарийн. Бакъйолчу хазаллийца цкъа а цхьана могIане хIуттур яц моттаргIа. Мел дукха гIертарх а мезан чоме кхачалур дац шекар.

Стаг толош дерг цуьнан хьекъал дац. КIорггерчу хьекъална дуьрста таса хьал долу кхетам бу стаг къонахчун бараме кхачош берг. КIорггерчу хьекъало дийр доцуш, цуьнга далур доцуш, и кхачалур доцуш цхьа а лакхе а яц, нагахь оцу хьекъална дуьрста таса къонахчуьнгахь кхетам бацахь. Кхетам, цундела, Делан къинхетам ларалуш бу, хIунда аьлча, муьлхха а неI шен хьекъалца шега еллалур йоллушехь, цуьнан кхетам тоьа оцу неIаре ца хIотта.

Хьаналчу къинхьегамца кхиаме гIертачу жимхина дика масал ду цуьнан дахар. Хохкучу машенан йозаллица а, чохь дIавуьжучу гIишлонан локхаллица а бусту кхиам бац иза. И машен а, и гIишло а кхана шена йисинчу дена бен уьш селхана хьенан хилла дага а догIур дац.

Ткъа къонахчо яьккхинарг, дерриге а халкъана юкъахь бIешерашкахь масаллин барам а хIоьттина, ехар йолу цIе ю.

ЦIаро дагадо дегнаш.

Халкъ деза ала йиш яц ша цхьа адам  ца гучу стага. Цхьа адам ду и деза дезарг, лара дезарг, кхио дезарг. Массо а халкъан цIарах мохь а ца бетташ, цхьана адаман пусар дийриг, цуьнан хьоле а, дарже а ца хьоьжуш, иза лорург ву-кх халкъан хьакъволу кIант. Бала бу цуьнан халкъ кхиарехь лач даьллачу муьлххачу а гIуллакхца. Баккъал, халкъ кхиорехь, халкъана пайден болу некъ билгалбаккхарехь, цуьнан инзаре кхетам а, кIорггера хьекъал а тIаьхьа ца кхиа цхьа а агIо яц дахаран. Цундела цо гойту некъ, массо агIор дика литтина, билгалбаьккхина буйла хаа деза жимма а ойла еш волчу стагана.

Iилма, Iилманча. Оцу дешнийн чулацам мел боккха бу хаахьара, да-висарг. Бакъволчу Iилманчина Дала Ша дIайоьллу Iаламан къайле, хIунда, цуьнан даг чохь мокхазал а чIагIбелла сацам хиларна оцу некъа тIехь, хьала а ца таьIаш, къахьега. Хаарийн хазна мел исбаьхьа ю а, цуьнан мохь мел беза бу а хуур дац Iилманан хIордан  кIоргене ша ца кхаьчначунна. Муьлхха а Iилманан новкъаваьлларг кхачалун кIорге яц иза. БIеннашна, эзарнашнаюкъахь цхьаъ волу оцу хIордан кIоргене кхача шен интеллектан хьал долу стаг. Хьал а доцуш, кIоргене кхийдарг, шен долчу иэсах а талхавой, аракхуссу, моттаргIанийн новкъаваьлларг, мох баьл-баьллачу агIор идаво.

Буьйсанна набарха а вуьйлуш, хазачу йоIе безам бахча, карзахдолу дог санна, Iаламан къайленаша эзарнашкахь хIитточу цхьана хаттарна жоп карийча, тохаделла са мел мукъа, мел аьхна паргIате долу хааделла дац цхьана хаьржинчу нахана бен. ТIаккха, дерриге а дуьненна а и дIадовзийта. Дуьне кхолладелчахьана дуьйна тахханалц Iаламо массо а адамах шен къайле а йина хьулдина латтийнарг, ахь схьадилли-кх.

Адаман дахарехь цул боккха кхиам хила йиш юй?

Дера ю.

Оццул боккхачу кхиаме а кхаьчна, хьерадаьлла хьекъал куралле ца долуьйтуш, сацадалар. Цул  боккха тамаш бац-кх, сан хьесапехь, Дуьненахь цхьа а. Кхетам белла-кх Дала, адамашна тIехула ца хьежа. Цаьрца бен ма дац дахаран самукъа.

Дикалла дахаран маьIна ду. Дикалла а, къинхетам а къонахчун амалш ю.

АЛЬБЕКОВ Нурвади

№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: