Нохчийн Республикин Конституцин денна лерина «Грозный» телерадиокомпанин йоккхачу павильона чохь кху деношкахь дIаязйира «Точки опоры» олуш йолу ток-шоу. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ваша Кадыров Мохьмад, республикин бусалбанийн динан урхаллин председатель Межиев Салахь-Хьаьжа, республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров ШахIрудди, республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, Парламентан депутаташ, спортан а, культурин а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а, лаккхарчу дешаран учрежденийн а векалш.
Республикин бусалбанийн динан урхаллин председатела Межиев Салахьа доIа дарца дIайолаелира ток-шоу. Цул тIаьхьа вистхилира Iилманийн Академин президент Ш.Гапуров. Шен къамелехь цо дийцира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) а, республикин Конституци тIеэцарна леринчу референдумо а вайн исторехь а, Iер-дахарехь а йитинчу ларех лаьцна. Ш.Гапуровна хетарехь, нохчийн халкъан историн керла агIо кхолларехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIалаьцначу меттигех лаьцна книгашна а, жайнашна а тIехь яздина дацахьара а, цкъа а иза халкъо дицдийр дацара. Цо дийцарехь, халкъан барта кхолларалла санна, дай-наноша берашка а дуьйцуш, бераша тIекхуьучу чкъуре а дуьйцуш, дехар дара Ахьмад-Хьаьжин гIуллакх а, цуьнан лар а.
Кадыров Мохьмада довзийтира Конституци тIеэцарна лерина йолу референдум дIакхайкхоран муьрехь шайн доьзалехь хилла долу хьал.
– Муьлххачу а нохчийн доьзална санна, тхан доьзална а бара цу муьрехь кхерам. Амма тхан цхьа а векал хIара мохк а битина, дIавахана вац. Ахьмад-Хьаьжас мацах элир-кха, «Цкъа мукъана а нах санна даха хьовсий вай!» аьлла. Ткъа цул хьалха а, коьрта а дара халкъо шен дахаран некъ харжар. Иза дара Ахьмад-Хьаьжина лууш дерг а… Халкъо шен дахаран некъ харжар, – элира цо.
Цул тIаьха къамелаш динчу депутаташа довзийтира Конституци тIеэцарна лерина референдум дIакхайкхийначул тIаьхьа вайн юкъараллехь хилла долу хьал. Цхьаболчу депутаташа тайп-тайпанчу районашкахь а, ярташкахь а хиллачу хьолах лаьцна дийцира. Амма референдум дIаяхьарна жоьпаллин тобанан дакъалацархо хилла волчу Таймасханов Хьасайна билгалдаккхарехь, цу муьрехь муьлхха район а, юрт а схьаэцарх, цигарчу бахархошкара хьал цхьатерра дара.
– Бахархой тешаш бацара, баккъал а шайн дахаран кхидIа хир болу некъ шайга хоржуьйтур бу бохучух. Амма иза бакъхилар шайна гича, цара цу муьрехь хиллачу некъех уггаре а нийса некъ а-м хаьржира, – дийцира Хь.Таймасхановс.
Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата къамел дира Конституцин денна лерина хир долчу цхьаьнакхетарех лаьцна.
Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин гимн (Шатлакхан илли) а олуш, дIаерзийра ток-шоу.
И.ЧЕЧАНХО
Суьрта тIехь: «Точки опоры» ток-шоун дакъалацархой
№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо