Атта дац хIора а шен-шен амал йолуш долчу берашна хьеха, делахь а, бераллехь дуьйна дагчу боьссина болу ненан мотт хьехаран лаам шен дахарехь коьрта лору Дамаева Иймана.
Нохчийн меттан хьехархочун болх шен ойланашкахь школехь доьшуш йолуш дуьйна къастийнера Иймана. Матте а, берашка а болчу безамо байтира цуьнга и харжам. 1979-чу шарахь Веданан районерчу ЦIе-Веданарчу юккъерчу школехь 8 класс чекх а яьккхина, Гуьмсерчу хьехархойн училище деша яхара Ийман. 1983-чу шарахь ша хьехархочун говзалла Iамийна яьлча, цо ша къастийначу новкъахь хьалхара гIулчаш яхар дIадаьхьира Грозненски районерчу Чурт-ТогIерчу школехь. Юьхьанцарчу а, ткъа иштта лакхарчу а классашкахь тахана нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш ю иза цигахь. Юьхьанца атта дацара къоначу хьехархочунна, делахь а ша хьоьхург шена сов беза хета шен ненан мотт хиларо ницкъ лора халонаш эшо, дешархойн дегнашка боьду некъ каро. ХIинца 30 шо сов хан ю Иймана шайн школин хьехархойн коллективана а, дешархошна а дика накъост а йолуш болх бен. Оцу хенахь цо Iамийна болу дуккха а дешархой кхидIа а нохчийн мотт Iамош, хьоьхуш дIабахана. Цул сов, ЧИПКРО-н нохчийн меттан кафедрин хьехархо а ю Ийман.
Цуьнан дешархоша жигара дакъалоцу нохчийн меттан, литературин школехь вовшахдеттачу классал арахьарчу гIуллакхашкахь, сих-сиха нохчийн яздархойн поэтийн кхоллараллина лерина суьйренаш а кечйо цо.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ