Iуналла деш доцчу дийнаташна – леррина меттиг

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца хIокху шеран 12-чу мартехь Соьлжа-ГIалахь дIадолийна эрна арахь лелачу дийнаташна лерина гIишло яр.

«Надежда на жизнь» волонтерийн боламан официальни агIонехь яздо: «Вайн Ларамечу Куьйгалхочо Р.Кадыровс тхуна гIо оьший хиъначул тIаьхьа, телефон тоьхна, дерриге а дан дезарш дийцаре дира тхоьца. Дела реза хуьлда Р.Кадыровна хIара гIуллакх тидаме эцарна, тхуна гIо-накъосталла дарна».

Оцу боламан дакъалацархоша цомгашчу дийнаташна дарбанаш леладо, цул тIаьхьа уьш нахана дIасадала хьовсу. Цхьаболу нах, хIорш массо а тайпа дийнаташ схьагулдеш болуш санна, кхеран неIаре цицигаш я жIалеш  охьа а кхуьйсий, дIабоьлху (цундела шаьш чохь болу меттиг ца йовзуьйту цара хIинца).

Нохчийн Республикехь «Надежда на жизнь» боламан дакъалацархой 2015-чу шеран 1-чу мартехь дуьйна болх бан буьйлабелла, коьртехь Даниш Алена, Зумаева Элита йолуш. Таханлерчу дийнахь боламна юкъахь 30 волонтер ву. Цхьана шарахь 280 дийнат нахе дIасаделла цара. ХIинца а дуккха а дийнаташ ду цаьргахь (60 цициг, 24 жIаьла). 

Хь.УМАРОВА

№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: