ЦIеяйъархой – дешархой болчохь

Хууш ма-хиллара, 2016-гIа шо «Россин МЧС-н цIеяларх ларбаран белхахойн» шо аьлла дIакхайкхийна ду. И бахьана долуш Нохчийн Республикин МЧС-н белхахоша тайп-тайпанчу районашкарчу дешархошца а, берийн бошмашкарчу берашца а дIахьош дуккха а цхьаьнакхетарш ду.МЧС

     Иштта, дукха хан йоццуш, Нохчийн Республикин Невран районан цIарах кIелхьарабахаран №14 йолчу декъехь Нохчийн Республикин Наурски станицерчу дешархошца цхьаьнакхетар хилира МЧС-н белхахойн. Иза дIахьош дара «Кхерамазалла йолу Кавказ» проектан гурашкахь.

Дешархошна дуккха а керланиг девзира. МЧС-н белхахоша №14 йолчу цIарах кIелхьарабахаран декъехь берашца экскурси йира. Царна гайтира белхан кабинеташ, Iаморан классаш. Иштта, дешархойн аьтто хилира МЧС-н белхахой сигнализаци хезначул тIаьхьа цIе яьллачу бохаме баха муха кечло хьажа а, цул тIаьхьа,  цIарах кIелхьарабахархошна леррина долу духарш дуьйхина, цIе дIаяйъаран сурт хIотто а.

Нохчийн Республикин Невран районан цIарах кIелхьарабахаран №14 йолчу декъан инспектора Махмутханов Мохьмада элира:

– Белхахойн каде хилар а, «орца» даьккхича, уьш сиха вовшахкхетар а коьрта ду. Цундела оха тхайн белхахошца физически кечамаш бо, иштта цIе яьллачу хьалхарчу миноташкахь дан дезарг а карладоккху. ЦIеяйъархошна леринчу духаршца уьдуьйту белхахой, хIунда аьлча цIе дIайойъучохь кхин а хала хуьлу, физически хало хилла ца Iаш, коьртаца а болх бан беза цигахь.

Цхьаьнакхетар дерзош, инспектора билгалдаьккхира цIеялар, дукха хьолахь, цIеяларх ларваларан бакъенаш цайовзар бахьана долуш хуьлуш хилар. Дешархошна уьш кхин цкъа а карлаехира цо.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: МЧС-н белхахойн дешархошца цхьаьнакхетар

№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: