Муха хIоттадо пенси?

Тахана пенсех, гражданашна пенсешца кхачоярх, аьлча а, цуьнан хинболчу барамах дерг дерриге а хаа лууш бу пенсионераш хилла ца Iаш, ткъа иштта белхаш беш болу гражданаш а. Къайле йолуш хIума дац шайн хиндолчу пенсех лаьцна шаьш хIиттош долчу оцу, я вукху хаттарна луш долчу жоьпашна уьш реза цахилар. Дукха хьолахь кхета хала хуьлу царах. Гражданийн резабацарш къаьсттина алсамдевлла хиларна тоьшалла ду тIаьхьарчу хенахь редакце кхочуш болу хаамаш а. ХIокху кепара долчу хаттаршна жоьпаш лоьху цара: Муха ю пенси хIотторан къепе? Цунна хIун документаш оьшу? Мичахь дийца деза пенси хIотторан гIуллакх? Стенах боьзна бу пенсин барам? Стенна тIедало тарло страховани яран такхар буьззинчу барамехь, я буьззина боцчу барамехь дина цахиларо?image145536402

Оцу а, кхечу а хаттаршна жоьпаш далар дийхира оха Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин юридически отделан хьаькаман заместителе, Нохчийн Республикин хьакъволчу юристе I.ХАСАНОВГА.

   – Къамел доло луур дара суна алссам синтем бойъуш долчу страховани яран такхар деш волчо буьззинчу барамехь я буьззина боцчу барамехь иза ца дича стенна тIедало тарло бохучу хаттарна тIера, – билгалдаькхира I.Хасановс. – Иштта, «Страховани йинчу пенсийн хьокъехь» аьлла долчу 2013-чу шеран 28-чу декабрехьлерчу Федеральни закона тIехь тидам тIебахийтина хьалха къинхьегаман пенсеш хIитточу хенахь а санна, страховани йина пенсеш хIитторна Россин Федерацехь бинчу белхан, кхечу гIуллакхийн страховани стаж юкъайохуьйтуш хиларна. Оццу хенахь хьесапе оьцу, «Россин Федерацехь пенсешна страховани яр тIехь хиларан хьокъехь» долчу Федеральни законца нийса а догIуш, пенсешна яр тIехь долчу страховани яран системехь цара страховани йина хилар, билгалбаьхначу муьрашкахь страховани яран такхарш дар.

И лехам чIагIбина Россин Федерацин Конституционни суьдо 2016-чу шеран 19-чу январехь тIеэцначу сацамца. Цу тIехь аьлла ду: «Пачхьалкхан бюджетан йоцчу фондийн бюджетан пайданийн дакъа кхолларца йоьзна йолчу долаллин юкъаметтигашна Iаткъам бина ца Iаш, страховани яран такхар буьззинчу барамехь я буьззина боцчу барамехь даро иштта Iаткъам бо страховани йинчунна страховани яран такхарш кхидIа йолчу хенахь дарна а, хIунда аьлча иза страховани яран такхарийн барамах а, хенах а доьзна хиларна».

Федеральни законо ПФР-на бакъо елла (тIемалойн пенсеш юкъа ца догIуш страховани йинарш а санна, пачхьалкхан пенсешца кхачояран Iалашонца хIиттийнарш а) пенсеш хIитто, церан барамаш хийца, пенсионер вехачу меттехь иза дIадала (цу юкъахь иза дIакхачорна тIехь таллам латтон а). Цуьнца цхьаьна РФ-н законодательствос билгалдо страховани йина пенсеш хIитторан некъ, церан барам хийца, цхьана кепана тIера вукху кепана тIедаккха гражданинан бакъо хилар.

Тидам тIебохуьйтуш ду РФ-н пенсийн законодательствос пенсеш хIитторан хьокъехь дехар даран хенашна доза тухуш цахилар. Иза дан бакъо хиллачул тIаьхьа муьлххачу хенахь а дан йиш ю пенси хIотторан хьокъехь долу дехар.  Цунна тоьаш ду ша, я шен векалехула билггалчу хормин заявлени а, пенси хIотторна оьшуш долу документаш а чудалар.

ПФР-хь иза тIеэцначул тIаьхьа итт дийнал тIаьхьа доцуш къастийна хила декхар ду заявлени. Пенсионни фондан заявлени тIеэцначу меттигерчу органо хIоттадо пенси, билгалбо цуьнан барам, я и заявлени жоп доцуш дуьту.

Лакхахь билгалдаьккхинчу законодательствоца нийса а догIуш, пенси хIоттадо иза даларан хьокъехь дехар динчу дийнахь дуьйна, амма иза эца бакъо хиллачул тIаьхьа. Оццу хенахь дехар дина де лору, шеца оьшуш долу дерриге а документаш а долуш, меттигерчу органо и заявлени тIеэцна де. Нагахь иза ша Iаш волчу меттера почтехула дIадахьийтар хиллехь, цигарчу зIенан мухIар тIехь гайтина де лору документаш чуделларг.

Страховани йина пенси хIоттийна хила тарло иза эца хан тIекхачале ишттачу меттехь дехар динехь: къанваларца доьзна балхара дIаваьккхинчу шолгIачу дийнахь, нагахь балхара дIаваьккхина 30 дийнал тIаьхьа доцуш дехар динехь; заьIап хиларна – заьIап хилар чIагIдинчу дийнахь дуьйна – оцу дийнахь дуьйна 12 баттал тIаьхьа доцуш; доьзалан да дIаваларца доьзна – иза кхелхинчу дийнахь дуьйна – 12 баттал тIаьхьа доцуш дехар динехь. Страховани йина пенси хIотторна оьшуш долу документаш пенси хIоттор доьхуш волчуьнга деха ПФР-н меттигерчу органийн бакъо яц, пачхьалкхан органашкахь, меттигерчу шаьш урхалла даран органашкахь (ОМС), я пачхьалкхан органашна чуйогIучу, меттигерчу шаьш урхалла даран органийн учрежденешкахь, организацешкахь, предприятешкахь уьш ца хилчий бен. Кхидолу документаш пенси хIоттош йолчу органо доьху пачхьалкхан кхечу органашкара, ОМС-ра, я церан куьйгаллина кIел йолчу организацешкара.

Билгалдаьхна документаш дехар деш волчо шен лаамца чудала йиш а ю.

Хьалха хIитто деза хIара документаш:

– заявлени;

– дехар деш верг вовзуьйтуш долу документ (паспорт);

– пенси хIотторан тайпане хьаьжжина кхидолу документаш.

Россин дозанал арахьа даима вехаш волчу гражданина чудала деза иза дозанал арахьа билггалчу меттехь хаддаза вехаш хилар (регистраци) чIагIдеш долу документ. Кхечу мехкан гражданина, я гражданство йоцчо хьалха хIотто деза РФ-хь хаддаза вехаш хиларан хьокъехь долу документ. Кхиазхочо, я шен дегIана дола дан хьуьнаре воцчо да-нана (верас) дехачу меттехь дIало пенси хIотторна оьшуш долу документаш, я иза вехаш волчу меттехь. Тидам тIебохуьйтуш ду заьIап хиларна, я доьзалан да дIаваларца доьзна шена пенси хIотторан хьокъехь дехар дан 14 шо кхаьчначун шен бакъо хилар.

 

Зорбане кечйинарг – Л.Магомаев

№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: