Наггахь яппарш йо вайх цхьаболчара нуьцкъаллин структурашкахь болх бечарна реза боцуш. «КIоршаме вистхилира», « тIечевхира», «гIиллакхах а, нохчаллех а вуьйхира» олуш а хеза. Делан къинхетамца царах вац Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллаккхийн министерствона юкъайогIучу ГИБДД-н лерринчу батальонан инспектор Алгуев Iийса. Луьра хан яра 2000-чу шарахь иза ГАИ балха хIоьттича. КIентан ткъа шо бен дацара. Цунна Iаламат дукха безара болх. Вайна ма-хаъара, тIом дIаберзаза бара, цу хенахь. Бакъдерг дийцича нана реза яцара кIанта и говзалла харжарна. Амма Алгуев Iийсас юьхьарлаьцна некъ дIа ца тесира. Правобережное юьртахь юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина ваьлла жима стаг юьхьанца балха хIуттуш могIарера милцо вара. Делахь а дукха хан ялале цо, балхана юкъара ца волуш, техникум а, цул тIаьхьа институт а чекхъяьккхира. И дерриге а шена тIедехкинчу белхан декхаршца дика ларорца дира кIанта. Тахана полицин лейтенант ву Алгуев Iийса. Соьлжа-ГIалин урамашкахь низам а, маьршачу бахархойн синтем а ларбечарех цхьаъ ву иза. Уггаре а коьртаниг даима адамашца гIиллакхе, оьзда, собаре ву иза. Тайп-тайпана нисло Нохчийн Республикин коьртачу шахьарийн некъашкахь машенашкахь дIасалела нах. ХIораннан а шен-шен амал ю. Делахь а Iийсана муьлххачуьнца бийца мотт карабо. Иза цкъа а некъахошца девне ца волу. Дукха хьолахь кхетош-кхиоран къамелаш до инспектора. Бехк боккхуш меттиг йогIу. ТIаккха цара а бехк лоцу. Аьллачунна дегабаам ца бо. И данне дац некъан боламан бакъенаш кIоршаме талхош берш цо, хьостий, дIабохуьйту бохург. Цаьрца шатайпа до инспектора къамел. Хьакъ доллучу жоьпе а озабо цо уьш. ТаIзар деш меттиг а йогIу.
Масане нисло некъа тIехь воккханиг а, заьIапхо а, воне-дикане воьдург а. Ларамаза кега-мерса гIалат ца долуш наггахь верг а ца вуьсу. Цаьрца собаре а, гIиллакхе а ву ДПС-н инспектор I.Алгуев. Цундела дика цIе йоккху цуьнан, цкъа иза вовзар нисделлачара. Ма дика ду иштта яхь йолуш, дика кIентий вайн синтем ларбеш Соьлжа-ГIалин урамашкахь лаьтташ болу. Миччанхьа велахь а билгал хуьлу, дагца къобалбина, безаш хаьржина болх беш волу стаг. Цуьнан хьуьнаро а, лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматалло а уллерчу адамийн дог-ойла ир-кара хIоттайо, къоман сирлачу кханенах дегайовхо чIагIйо.
А. АРАПХАНОВА
№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо