Мускеева Марет 2003-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствохь болх беш ю. Министерствон къоман политикин департаментан цхьана отделан куьйгаллехь ю иза. Бакъду цхьана отделан балхаца чекхйолуш яц цуьнан жигаралла. Иза вайн мехкан Куьйгалхочун лаамца вовшахтоьхначу культурин кхеташонан декъашхо ю. Иштта вайн махкарчу Кинематографистийн союзан жоьпаллин секретарь ю. Иза ларамаза дац. Масех киноролик ю цуьнан дIадолорца вайн махкахь яьккхина. Хьовсархоша а, говзанчаша а лаккхара мах хадош тIеэцна уьш. Иштта-м Мускеева Марета журналистикехь зийна шен хьуьнарш. ХIора шарахь вайн махкахь кхиамца дIахьочу журналистийн дуьненаюкъарчу «Дашо пелаг» цIе йолчу конкурсан 2006-чу шеран толамхо а ю иза. Дуккха а ду цунах долу диканаш дийца. Делахь а шен дахарехь уггаре а мехала гIулч хета цунна 2003-чу шарахь Нохчийн Республикехь дIаяьхьначу референдумехь дакъалацар. Бакъду, Марет референдумехь могIарера дакъалацархо хилла Iаш яц. Цо Iаламат жигара болх бина халкъо а, махко а референдумна кечамаш бечу муьрехь а. 1988-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан историн факультет чекхъяьккхина, ша схьаяьллачу Iалхан-Юьртахь хьехархочун болх беш яра къона хьехархо вайн махкахь шолгIа а тIеман цIе яьлча. Дерриге а къомо санна, хало а, шело а, мацалла а лайра. Амма яхь дIа-м ца елира. Референдумна кечамаш дIаболабелчахьана дуьйна дIадолоран тобанца болх беш яра иза. Дикане, машаре сатийсарца шен са а, дегI а ца кхоош, жигара къахьегна, хьуьнаре адам ду Марет. Цунах тешийна долу муьлхха а гIуллакх дина чекхдолий карош ду. КIадъялар хIун ду ца хууш, массо а метте лара а йо иза. Адамаллах, къихетамах юьззина ю цуьнан амал. ГIо-накъосталла оьшучохь хьанна а, де-буьйса ца лоьруш, орцахъяла кийча ю. Белхан накъосташа даима ларамца йоккху цуьнан цIе. Нохчийн къоман кханенах сирла дегайовхо кхобуш йолу хьуьнаре вайн заманхо ю Мускеева Марет. Цуьнан дикачу гIуллакхаша кхиайо мехкан хазалла, дебадо беркат. Цунна къегина тоьшалла ду, Мускеева Марета жигара дакъалоцуш 2003-чу шеран 23-чу мартехь кхиамца дIаяьхьна референдум а, тIеэцна Нохчийн Республикин Конституци а.
А.ДАЧАЕВА
№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо