Халкъо бина сацам

Нохчийн Республикин Конституци тIеэцна 13 шо кхачарца доьзна, Нохчийн Республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат цхьаьнакхийтира республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахошца.

   Уггаре а хьалха дийцира 2003-чу шеран 23-чу мартехь мехкан Конституци тIеэцарна лерина дIаяьхьначу референдумах лаьцна.

– Вай дерриге а кхеташ ду мехкан Конституци тIеэцарна лерина референдум дIаяхьар чолхечу хьолехь нисделла хиларх. Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) бакъо яра цхьа а референдум ца еш, шен декхарш кхочушдан. Иштта, Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран а яра, махкара хьал чолхе ду, цкъачунна собар де аьлла, референдумна дуьхьало ян бакъо, – элира Умаров Джамбулата.

Цунна хетарехь, халкъана Конституци тIеэцарна лерина референдум дIаяхьа лаарна дуьхьало ца яро воккху А-Хь.Кадыров а, В.Путин а мехкан керлачу историн лаккхарчу тIегIане.

– Нохчийчоь терроризман йийсарехь ю а мотталур долуш хьал дара кхузахь дерг. Политикаша вайн мехкан ирсе кхане хир яц бохуш, кхайкхамаш бора. Ткъа цхьаболчарна и чолхе хьал хийцадала агIонаш а ца гора. Амма Дала Шех тешнарг цкъа а тесна ца вуьту! Нохчийн халкъо, болх Далла тIе а биллина, шен  машарехьа къийса сацам бира… ЦIеххьана бина сацам бацара иза. Дуккха а талламаш бина,     цхьаболчу нехан Iалашонаш бахьанехь, нохчийн халкъ хIунда ду гуттар а жоьпаллехь    бохучу хаттарна делла жоп дара иза. Цу муьрехь гучувелира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Декъаделла долу вайн халкъ цхьаьнатуьйхира цо, цундела халкъ цунна тIаьхьа а хIоьттира. Вай вешан мехкан Конституци тIеэцарна лерина референдум дIаяхьа лаьа халкъо аьлча, цо иза къобалдира. Ша къобалдина ца Iаш, Россин Федерацин Президенте а кхачийра и гIуллакх. В.Путинна гуш дара нохчийн халкъ Ахьмад-Хьаьжех тешар а, Ахьмад-Хьаьжа шен махкана Конституци оьшуш  хиларх тешар а. Иштта нисделира вайн мехкан а, Россин а историн керлачу муьрехь уггаре а коьртачу гIуллакхна (Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарна) В.Путин резахилар а, – дийцира Д.Умаровс.950410493

Нохчийн Республикин Конституцис Россин дахарехь лоцучу меттигех лаьцна дуьйцуш, Умаров Джамбулата билгалдаьккхира, Россех кхоччуш Федераци яран тIаьххьарлера гIулч иза хилар. Иштта, Умаровс билгалдаккхарехь, шега хаьттича, цо Россин хIора а субъектехь даздойтур дара Нохчийн Республикин Конституци тIеэцна де.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь дийцаре дира махкара таханлера хьал.

– Вайх хIора а кхета везаш ву, таханлерчу машарх вай дIабеллачу механ барамах. Тахана вай маьрша ду. Халкъо бина сацам бу иза. Цу маршоне  сатуьйсуш, шайн синош а ца кхоош, эзарнашкахь кхелхина вайн вежарий а, йижарий а. «Даха хьовсий вай?» бохуш, вайн мехкан хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а кхелхина (Дала гIазот къобалдойла церан массеран а). ТIаккха хьовсий вай даха?, – аларца дIадерзийра Умаровс шен къамел а, цхьаьнакхетар а. 

И.ХАСАХАНОВ

Суьрта тIехь: Умаров Джамбулат

№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо     

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: