ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексана хьалхарчу майданахь билгалдаьккхира ГIирмехь референдум дIаяьхьна а, иза Россих юха схьакхетта а 2 шо кхачар.
Цхьаьнакхетаре 10 эзар стаг веанера: хьехархой, студенташ, лоьраш, церан бераш, дешархой, иштта бахархой а. Цара шайца Нохчийн Республикин а, Россин Федерацин а байракхаш, «Цхьааллехь бу вайн ницкъ!», «Росси! ГIирма! Вай цхьаьна ду!», «Суна еза ГIирма!», иштта кхин а йозанаш тIехь долу транспоранташ а, Россин Федерацин Президентан В.Путинан а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн а суьрташ деанера.
Нах дукха гулбалар бахьана долуш, къепе Iалашъян хьовсийна болу бакъонаш ларъяран органийн белхахой болх а боцуш лаьттира. 4 сахьт даьлча доладелла цхьаьнакхетар 6 сахьт долуш бен чекх ца даьллехь а, цхьа а ца гIоьртира я къепе а, я низам а дохо.
Цо гойту, нах шайн лаам а болуш, ГIирма цIайирзина хилар кхаъ а хеташ, арабевлла хилар.
Кхузахь ала догIу, ГIирма Россих юха схьакхетаран 2 шо кхачар билгалдоккхуш, иштта цхьаьнакхетарш Россин бIеннашкахь гIаланашкахь а дIадаьхьна хилар.
Соьлжа-ГIалахь цхьаьнакхетар дIадаьхьнарг яра «Диалог» юкъаралла. Дакъалацархошна лерина, концертан программа а вовшахтуьйхира цо.
Х.Исламов
Суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой
№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо