Шемин Iедалан эскарша а, халкъан ополченис а дIахьош ду Пальмира шахьар «Иблисан пачхьалкхан» гIеранех цIанъяр. ХIокху деношкахь йохийна цигара церан командни пункт.
***
«Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша ши де хьалха тIелатар дира Мисарарчу Синай гIайренерчу полицин цхьана декъана. Цигахь 17 полицейски кхелхина, чевнаш хилларш а бу.
***
Испанерчу Таррагона гIалахь боккха некъан бохам хилла, автобус яйчу машенашна тIе а кхеташ. Оцу бохамехь 14 стаг кхелхина, 40 стаг гергга лазийна.
***
Стамбулехь (Хонкара) 20 сов стаг кхалха а кхелхаш, 40 сов стагана чевнаш а хуьлуш йинчу терактана мехкан куьйгалло бехке бина «Иблисан пачхьалкхан» террористаш.
***
Брюсселан (Бельги) бакъонаш ларъяран органаша схьалаьцна Парижехь теракт яран гIуллакх вовшахтохарна бехкевеш волу Абдессалам. Иза Брюгге гIаларчу набахтехь ву.
***
Индонезехь тIеман вертолет доьхна. Цу тIехь хилла 10 стаг кхелхина. Бохам хиларан бахьана къастош ю талламан органаш.
***
Африкера а, Герггарчу Малхбалера а бевдда баьхкинчеран гIолацаран митинг хилира Лондонехь. Урамашка бевллачеран дар-дацар а хилира, тасадалар а хилира полицин белхахошца.
***
США-н Президент Барак Обама селхана Кубе вахана. Цуьнан цхьаьнакхетар хилла оцу мехкан президентаца Рауль Кастроца. 90 шо дара Iамаркан куьйгалхой Кубе бахаза.
***
Европе кхочуш болу мигранташ 20-чу мартехь дуьйна Хонкара юхахьовсо болийна. И гIуллакх чIогIа резабоцуш тIеэцна мигранташа.
***
Ростоверчу аэропорте охьадуссучу хенахь доьхна «Боинг –737–800» пассажирийн кема. Цу тIехь хилла 62 стаг кхелхина. Царах 10 стаг кхечу пачхьалкхашкара ву.
***
Свердловски областехь чIогIа мехаш хилар бахьанехь 26 юрт а, гIала а электросерло йоцуш йисинера. Iаламан бохаман тIаьхьалонаш дIайохуш ю.
№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо