УФСБ-н керла хьаькам вовзийтира

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна вовзийтира Россин ФСБ-н Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин керла хьаькам инарла Хвостиков Игорь. Оцу цхьаьнакхетарехь иштта дакъалоцуш вара   Россин ФСБ-н инарла-полковник Татько Александр.

   «Тахана шен белхан декхарш кхочушдар дIадолийна Россин Федерацин ФСБ-н Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин керлачу хьаькама. Россин Федерацин Президентан Указца оцу дарже хIоттийна инарла Хвостиков Игорь. Суна иза вовзийтира Россин ФСБ-н инарла-полковника Татько Александра. Россин ФСБ-н Нохчийн Республикин урхаллин хьаькам лаьттина инарла Сережников Андрей Россин ФСБ-н Хабаровски крайхь йолчу урхаллин хьаькам хIоттийна. Россин Федерацин Президента Путина Владимира царна белларг боккха тешам бу. Цуьнга терра доккха жоьпалла а ду царна тIедужуш дерг», – яздина Кадыров Рамзана инстаграмехь йолчу шен агIонехь.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо цуьнца цхьаьна билгалдаьккхира терроризман гучудийларшна дуьхьал цхьаьна дIахьош болчу къийсамна юкъа Сережников Андрейс шен къинхьегаман йоккха хазна йиллина хилар. «Цуьнан ницкъ кхечира бакъонаш ларъяран кхечу органашца юххера зIенаш латто а, цхьаьна гIуллакхаш дан а», – яздина республикин Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана дийцарехь, Россин ФСБ-н инарла-полковника Татько Александра а тидам тIебахийтира бандподпольеца цхьаьна къийсам дIабахьарехь Нохчийчоьнан куьйгалло а, Россин ФСБ-н Нохчийн Республикехь йолчу урхалло а доккха зеделларг IаIийна хиларна. «Иштта, цо кхиаме бу элира Шемара юхабоьрзуш болчаьрца дIахьош болу оперативни а, профилактикин а болх. Шен балхахь Андрей Артуровичан а, Игорь Владимировичан а кхиамаш хуьлийла сайна лууш хилар дIа а хаийтира ас. Воккхавевеш ду Нохчийчохь болх бина УФСБ-н хьаькамаш даима а даржехь лакха бохуш, кхечанхьа болх бан хьовсош хилар», – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Билгалдаккха деза Россин ФСБ-н Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин хьаькам Хвостиков Игорь хIотторан хьокъехь долчу Указна Россин Президента В.Путина куьг хIокху деношкахь яздина хилар. Кхул хьалха И.Хвостиковс болх бина Пензенски областехь.

С.ХАМЗАТОВ

 

  

№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: