Кху деношкахь Ессентукехь Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъектийн инвестицийн проекташ йовзуьйтуш цхьаьнакхетар хилира. Цигахь билгалъехира федеральни тIегIанехь гIо дан хьакъ йолу проекташ.
Пачхьалкхан гIо-накъосталла дан билгалъяьккхинчу 21 проектана юкъахь ю ГIебартойн-Балкхаройчохь, Кхарачойн-Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь, Дагестанехь, ГIалгIайчохь, Ставрополан крайхь, иштта Нохчийн Республикехь кхочушъеш (я кхочушъян лерина) йолу тайп-тайпана проекташ.
Масала, Нохчийн Республикехь кхочушйийр йолчарех ю лаккхарчу технологешца йогIуш йолу, хьаьжкIех гIуллакхаш даран завод. 24 сохьтехь 150 тонна хьаьжкIех гIуллакх дан таро хир ю цуьнан.
Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствон ораматаш лелоран а, уьш лардаран а, царна химизаци яран а департаментан директора Матуев Хан-Пашас дийцарехь, билгалъяьккхина завод вайн республикехь яр бахьана долуш, промышленностан тайп-тайпанчу дакъошкахь пайда эца йиш йолу сурсаташ дийр ду цигахь кечъечу хьаьжкIех. Цу юкъахь ду крахмал, клейковина, глютен, спирт, глюкоза, фруктоза, иштта кхидерш.
«Россехь иза мелла а керла хIума ду ала мегар ду. ХьаьжкIех гIуллакх дар юкъадалийна дукха хан яцахь а, сиха кхуьуш ду. Кху шарахь 10 эзар гергга гектар лаьтта тIехь хьаьжкIаш дIаен лерина вайн республикехь», – элира Х-П.Матуевс.
Лакхахь билгалъяьхна йолу ерриге проекташ кхочушъярна 20 миллиард сов ахча эша тарло. Пачхьалкхо и предприятеш ярехь дийр долу гIо 10 миллиард соьмал кIезиг хир дац.
Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу федеральни министра Кузнецов Лева билгалдаьккхира жима а, юккъера а бизнес ерриге а округан экономикин бух хилар. «Къилбаседа Кавказан федеральни округан предприятех дукхахъерш жимачу а, юккъерчу а бизнесна юкъайогIуш ю, регионан экономикехь лелачу дерриге а ахчанах 73 процент хуьлу иза. Дустархьама, Россехь и гайтам 30 процент гергга бен бац. Цундела, карарчу хенахь долчу экономикин хьелашкахь жимачу а, юккъерчу а предпринимательствоша дика болх бар, дукха хьолахь, пачхьалкхан гIо-накъосталлех доьзна ду», – элира цо.
Билгалдаккха деза федеральни тIегIанехь гIо дийр долу проекташ, уьш кхочушъечу регионийн истори а, карара хьал а, округ кхиоран комплексни стратеги а тидаме оьцуш, къастийна хилар.
А.СУЛИМАНОВА
№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо