Хьекъале кIорггера Iилма долуш стаг вара (Дала гIазот къобал дойла цуьнан), Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Мехкан куьйгалле хIоьттинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна Нохчийн Республикин ерриге а кIошташка кхочуш, мискачу адамашца маслаIате къамел дора цо. Нохчашца дина Iаш вацара иза къамел.
Вайн махкахь Iаш-дехаш алсам кхечу къаьмнех долу адамаш хиларе терра, уьш юьстах ца дуьтура мехкан баьччано. НогIий, туркой, оьрсий, гIалагIазкхий, жIайхой гIезалой, гIумкий болчу кхочура Ахьмад-Хьаьжа. Церан хьашташка ладугIура, йолчу таронца гIо-накъосталла дора. Дукхах долчу къаьмнашна шайна дина диканаш диц ца делла. Иштта сирла дагалецамаш бисина цунах а, цуьнан беркатца вайн махкахь кхиамца чекхъяьллачу референдумах а Нохчийчохь бехачу гIезалойн. Цунах лаьцна тхоьца къамел хилира гIезалойн къоман культурин туьшан куьйгалхочун Бектимирова Альбинин.
Шелковски кIоштахь ю Гребенски станица. Масех къомах адамаш ду цигахь дехаш. XVIII-чу бIешарахь дуьйна гIезалой бу цигахь бехаш. Цкъа а цаьргара ямартло ца хааелла вайнахана. Бакъду, Нохчийн Республикехь бехачу гIезалойн къоман культурин туьшан куьйгаллехь йолчу Бектимирова Альбинас дийцарехь, хIинца йолу паргIатонаш цкъа а хилла яц гIезалошкахь. Шена дика дага догIу, боху Альбинас, 2002-чу шеран гурахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Шелковски кIошта веана. Цу хенахь Шелковски кIоштан администрацин БТИ-хь болх беш хилла Бектимирова Альбина. Цу кIоштахь дехачу дерриге а къаьмнийн векалш хилла Администрацин актови зала чу гулбина. «Референдумна кечамаш дIабуьйлабелла хан яра иза, – дуьйцу Альбинас, – Кадыров Ахьмад-Хьаьжас тхоьга юьстах ма латта элира. Вайн дай а Iийна нохчийн лаьтта тIехь бертахь, хIинца вай цхьаьна къахьега деза Нохчийчоьнна цкъачунна пе тоьхна, гена баьлла машар юхаберзо. Нохчийн къоман йоллу бакъо хила еза хIокху махкахь дехачу кхечу къаьмнийн а Iер-дахарехь а, балха тIехь а. Вай дерриге йоккхачу пачхьалкхан – Россин – гражданаш ду. Цхьабарт болуш дIадуьйлалахь – вай онда ницкъ бу. Вайга муьлхха а тIом сацалур бу. Кху декъазчу лаьтта тIехь, мискачу адамаша сатуьйсу машар хиларе . Маьршачу новкъахь хьалхара гIулч – референдум хила еза. Нохчийн Республикехь дехачу дерриге а къаьмнийн бакъонаш тIечIагIъеш Конституци тIеэца еза»,– элира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас къамел дерзош. «Суна цу дийнахь дуьххьара гуш вара иза, – дагаоьхуьйту Бектимирова Альбинас, – делахь а со чIогIа тийшира цунах. Маситта шарахь хорам хилла лаьттина дог дастаделира. Къаьсттина хазахетарца тIелецира гулбеллачара Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, хIора халкъо а шен къоман гIиллакхаш карладохуш, культурин кхерчаш схьаделла деза бохург. ХIинццалц цхьанна а Iедало тхоьга аьлла дацара и санна дерг» – боху гIезалойн къоман культурин туьшан куьйгалхочо Бектимирова Альбинас.
Нохчийн Республикин массо маьIIехь санна, Шелковски кIоштахь а дIаболийра референдумна кечамаш бан. Бектимирова Альбинас жигара дакъалецира цу кечамашкахь. Цхьана куьпахь харжамийн комиссин декъашхо а яра иза. Яцара цIархазмана-м. ХIора хIусамехула чекхъелира референдумна кхайкхамаш беш. Дера массарна санна Альбинина а кхерамаш ма-тийсира, харжамийн комисси дIатаръелла цIа оьккхуьйтур ду а ма-бехира. Делахь а, Альбинина гуш дара мискачу адамаша машаре сатийсар. Церан дуьхьа муьлхха а халонаш лан реза яра иза. Делан къинхетамца, зен-зулам доцуш дIабирзира Шелковски кIоштахь а, кхечанхьа а санна харжамаш. Машарехьа кхажтесира гIезалоша. Шен дахарехь уггаре а ирсе де хета зудчунна 2003-чу шеран 23-гIа март. Машарехьа яьккхина хьалхара гIулч лоьру иза гIезалоша. Ткъа Бектимирова Альбина цул тIаьхьа дукха хан ялале БТИ-ра балхара дIа а яьлла гIезалойн къоман культурин туш вовшахтоха йолаелира. Тахана и туш боккхачу кхиамца болх беш хилар референдумах схьадаьлла беркат хета цунна.
А. ДАЧАЕВА
№33, еара, бекарг (март) беттан 24-гIа де, 2016 шо