Дукха хан йоццуш, Хьалха-Мартан районерчу Iалхан-Юьртарчу 16 шо долчу жимачу стага Гаплаев Iалима хе хьочура кIелхьараваьккхина 2 шо кхаьчна волу Исраилов Iалихан.
Юьрта йисттехь Марта хина уллохь, шен дегI меттахдоккхуш, уьдуш хиллачу Iалимна гина берда йистехула схьадогIу бер хи чу дужуш. Сихха, Делан къинхетамца, Iалим кIантана орцахваьлла.
КIанта дийцарехь, ши метр лакхара хи чувоьжна хилла Iалихан. Сихха хи чу иккхина, бер хьаладаьккхина цо.
Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин куьйгалла Гаплаев Iалимна баркалла а олуш, совгIат дан дагахь ю. Иштта иза юкъавахийтина «Доьналлин седарчий – 2016» цIе йолчу фестивалан «Бераш-турпалхой» номинацина.
М.БАЙБАТЫРОВА
Суьрта тIехь: Гаплаев Iалим
№33, еара, бекарг (март) беттан 24-гIа де, 2016 шо