Универсиада дIахьош ю

Кишин Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин исламан университетехь 14-чу мартехь дуьйна дIахьош ю ВУЗ-хь хьалхеяккхаран универсиада. Спортан 11 кепехула вовшашца яхь къовсуш бу университетера кегийрхой. Къийсадаларш дIахьош ду баскетболехула, футболехула, стоьла тIехь теннисах ловзарехула, волейболехула, шахматашкахула, жIаккешкахула, паргIат кепара охьатохархлатарехула, дзюдохула, мини футболехула, гийранаш айбарехула, и.дI.кх.

   Универсиадин коьрта Iалашо спорте безам кхоллар, догIмаш чIагIдар, кегийрхойн хьуьнарш кхиор ю.

Таханлерчу денна чекхдевлла теннисах ловзаран къийсадаларш. Финале ваьлла хиллачу 10 стагах хьалхара меттиг яьккхина Саиев Ахьмада. ШолгIа меттиг яьккхина Элипханов Мансура. КхоалгIачу меттигах тоамбан дезна Хажбахмадов Шомстин.

Къийсадаларш дIахьош ду. Универсиада чекхъер ю 25-чу мартехь.

Д.САЙДАЕВ

№33, еара, бекарг (март) беттан 24-гIа де, 2016 шо           

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: