Африкин йиллинчу турнирехь нохчийн дзюдоиста Яшуев Ислама дато мидал яьккхина
Рейтингови къийсадаларшкахь дакъалецира 59 пачхьалкхерчу 310 спортсмена. Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь дакъалоцуш вара вайн махкахо И.Яшуев.
Шина дийнахь дIадаьхьначу къийсадаларшкахь ворхI йозаллин категорехь яхь къевсира спортсменаша.
ДегIан йозалла 60 кийла йолчу категорехь леташ вара И.Яшуев. Хьалхарчу латарехь Чинин спортсменна Ю Кин Тингана тIехь Ислама хенал хьалха толам баьккхира. Иштта, Сикарди Янца хилла долу шолгIа латар толамца дерзийра нохчийн дзюдоиста. Ахфиналехь Ислам летира партугалца, кхо минот тоьира цунна иза эшо. Амма финалехь вайн махкахо эшийра Швейцарерчу Чамартин Людовига. Нохчийн дзюдоиста дато мидал яьккхира.
Доцца довзуьйту Яшуев Исламан дахарх, толамех: иза дуьненчу ваьлла 1993-чу шарахь Шелан районерчу Мескер-Эвлахь. Дуьххьарлера толам баьккхира 2009-чу шарахь Къилба федеральни округехь хьалхеяккхаран 1993–1995-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь дIадаьхьначу къийсадаларшкахь. Йозаллин категорехь (46 кг.) вайн махкахочо хьалхара меттиг яьккхира. Оццу шарахь июнь баттахь дIаяьхьначу самбон латарехь Россехь хьалхеяккхаран турнирехь а, 2011-чу шеран ноябрь баттахь кегийрхошлахь самбо латарехь Ригехь дIадаьхьначу дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь а, 2012-чу шеран март баттахь дзюдо латарехула 20 шо кхаччалц хенаш йолчу кегийрхошлахь дIадаьхьначу Россехь хьалхеяккхаран турнирехь а Ислама дашо мидалш яьхна. Оццу шеран май баттахь Санкт-Петербургехь дзюдо латарехула Европин Кубок яккхарехь 3-гIа меттиг яьккхина. 2014-чу шеран апрель баттахь 23 шаре кхаччалц хенаш йолчу кегийрхошлахь дIадаьхьначу дзюдо латарехь Россехь хьалхеяккхаран турнирехь Ислама (60 кг.) хьалхара меттиг яьккхина. Оццу шеран сертябрь баттахь дзюдо латарехь Ханты-Мансийскехь дIаяьхьначу Россин чемпионатехь а тоьлла вайн махкахо.
2015-чу шеран март баттахь марокански Касабланкехь Африкин йиллинчу Кубкан къийсадаларшкахь нохчийн дзюдоиста кхоалгIа меттиг яьккхира.
Л.ДАУТОВА
№33, еара, бекарг (март) беттан 24-гIа де, 2016 шо