Иштта цIе а йолуш хIокху деношкахь халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран цIарахчу Къоман библиотекин белхахойн ешаран зала чохь Iалхан-Юьртан №1 йолчу школан 11-чу классийн дешархошца хилира къамел а, «Коррупцина-Яц» книгийн гайтаман литературе бIаьргтохар а.
Дешархоша дийцира коррупцех а, цуьнан кепех а, бахьанех а.
Оцу библиотекин белхахочо Д.Мизаевас дешархошна бовзийтира коррупцина дуьхьал Iедало дIахьош болу къийсам а, оцу тIехь гражданашкара гIо ца хилча кхиамаш хила йиш ца хилар а дийцира.
– ХIора гражданин – россихо декхарийлахь ву законо ма-бохху ваха а, болх бан а. Коррупцех ларвалархьама кхачам боллуш шен бакъонаш йовза а еза, уьш ларъян хаа а деза, шен ондда дуьнене хьежам хила а беза, – элира цо.
ЖамI деш, билгалдаьккхира коррупцина дуьхьал беш болу болх хIорамма а шена тIера дIаболо безаш, кхечаьргара и зулам ца далийтархьама шега далург дан дезаш хилар а.
Дешархошка коррупцех лаьцна викторинина кечдина хаттарш дира, иштта дIадаьхьира «Коррупцина а, кхаъ эцарна а дуьхьал къийсам муха латто беза» аьлла долу ролашкара ловзар.
Ловзаран дакъалацархоша оцу проблемех лаьцна шайна хетарг а элира, коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьарехь шайна хеташ долу некъаш а довзийтира.
Коррупцица къовсам латторехь дешархоша билгалъяьхна йолу уггаре а эвсаре кепаш хIорш яра: алапа лакхадаккхар; цкъа кхаъ эцнарш юха балха ца эцар; кхаъ эцархошна таIзар дарна лерина долу законаш кхин а чIагIдар, и.дI.кх.
ХIара хаам кечбеш пайдаэцна НР-н культурин министерствон пресс-службин сайтах
Ибрагимов Ризван
№33, еара, бекарг (март) беттан 24-гIа де, 2016 шо