«Ас библиотекина книга ло»

ХIокху деношкахь Курчалойн кIоштарчу Нохч-ГIалгIайн  Республикин халкъан артистан С.Магомедовн цIарахчу культурин ЦIенна хьалха дIаяьхьира «Ас библиотекина книга ло» цIе йолу республикин гIоьналлин акци. Иза  вовшахтоьхнарг яра Нохчийчоьнан Культурин министерство а, халкъан яздархочун А.Айдамировн цIарах йолу Къоман библиотека а. Оцу акцин Iалашо яра кегийрхошна книгаш  ешар марздар а, йовзийтар а, библиотекашна  шайн литературин фондаш тIеюзарехь  гIо-накъосталла дар а. Цигахь дакъалоцуш вара культурин министран  хьалхара  заместитель  Р.Милькиев а, министран гIоьнча  Л.Яндиева а, Курчалойн муниципальни кIоштан администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель О.Салманиев а, оцу кIоштан  юьртдай а, Курчалой-Эвлара яздархой Ш.Окунчаев а, И.Мидаев а, дуккха а хьеший а, кIоштан бахархой а.2345

   Шен къамелехь Р.Милькиевс  билгалдаьккхира кIоштан библиотека тIеюзарехь и акци мехала хилар. Цо баркалла элира нохчийн поэтийн а, яздархойн а 200 экземпляр книга оцу библиотекина еллачу  Курчалойн муниципальни кIоштан администрацин куьйгалхочунна И.Черхиговна.

Шайн книгаш билиотекина совгIатна елира  Ш.Окунчаевс а, И.Мидаевс а.

И акци бахьанехь ерриге а  гулйинарг тайп-тайпанчу литературин 2 400 экземпляр ю.

Акци оцу кIоштан культурин ЦIийнан белхахоша кечйинчу концертни программица дIаерзийра: эшарцций, иллешций, хелхаршций.

Р.РИЗВАНОВ

 

№33, еара, бекарг (март) беттан 24-гIа де, 2016 шо           

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: