Машаре сатийсарца…

Зуламийн тулгIенаш алсам йохуш дIайолаеллачу «нохчийн революцин» шовкъо дукха хьалхе беара цуьнан хIусаме ирча бохам. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан ректор Виктор Абрамович Кан-Калик вадош новкъарло ян гIоьртина къона Iилманча, похIме физик Бислиев Iабдул-Хьамид, герз тоьхна вожийра къоман мостагIаша. Дела воцург накъост воцуш, кхаа бераца ша цхьаъ йисира Iабдул-Хьамидан хIусамнана Асмаъ. Дагахь доцуш хиллачу эшамо маьлхан дуьне боданах тардинера цунна. Кханенан ойла ян ницкъ ца кхочура. Сингаттамаша синкхетам хьаьшнера. Лаккхара дешар дешна, тоьлла говзалла караерзийна, Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан бахамехь цхьа дакъа схьалаьцна дуккха а шерашкахь белхаш бина Асмаъ, хIинца куьйгаш хаьдча санна йисинера. Цунна Iаламат хала дара хиллачух кхета.123

Мел ойла ярх даге тIе ца лацалора нохчаша герз тоьхна маьрша стаг вийна бохург. Цул а ирча дара дарж я ахча бахьанехь стаг вадийна бохург. Кхечу къомах велахь а адам ма дара иза. Дуккха а шерашкахь вайна юкъахь хьанал къахьегна, кегийрхошна хьехна, Iилма Iамийна, халкъана, махкана оьшу говзанчаш кечбина. Кхин а чIогIа Iеткъара Асмаана Кан-Калик вадо тIекхевдинчу зуламхошка шен хIусамдас Бислиев Iабдул-Хьамида аьлларг: «ДIадовла кIентий, ма леладе хьашт доцург, вайгахь товш ма дац и тайпа осала хIуманаш». «Вайгахь товш ма дац осала хIуманаш!» Мел лакхара мах хадош хилла къоначу Iилманчас ша схьаваьллачу къоман дахаран тIаьххьарчу мIаьргонехь и дешнаш аьлла хилча. Шен оьздачу сица, цIийца, тIамарца нохчалла долчу стеган дешнаш ду уьш. Цара метта ялийра Асмаъ, цул тIаьхьа  къомехь товш доцург а, осалдерг а халкъана дуккха гуш киртигаш тIехIиттинехь а. Бохамо холчу хIоттийна зуда, мелла а хан яьлча, кхийтира шен гIаддайна хилар а, хIусамдас къобалдина тIеоьцург цахиларх а. Хилларг хилла даьллера. Виснарг Iен-ваха везара. Цул совнаха, бераш кхаба а,цаьрга дешийта а дезара. Дезаш, дуьненан меха хеташ кхиош кхо бер дара Iабдул-Хьамидан а, Асмаан а: ши кIант, цхьа йоI. Асмаан дакъазъяларо дегнаш эшадора церан а. Вайн турпалхочун бакъо яцара шен берийн хаддаза дог доьхна латто. Цундела шена мел хала хиллехь а, Асмаъ дагца чIагIъелира. Балха араелира, кхиамца белхан декхарш кхочушдеш, церга балда лаьцна дIа а йолаелира. Дуьнен чохь яккха йисинчу хенахь  берийн дуьхьа дахаран ворда текхо. Дуьххьарлера бохам цуьнан хIусаме кхочуш Соьлжа-ГIаларчу Кондитерски фабрикехь директоран даржехь болх беш яра Бислиева Асмаъ. Москвахь кхиамца институт чекхъяьккхина, лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолуш, хьуьнаре куьйгалхо яра иза. Балха тIехь зеделларг а дара. Безаш хаьржинчу балхо мелла а шен сатедийр ду моьттуш  яра цIеххьана беанчу бохамо холчу, хIоттийна зуда. Амма чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 90-гIа шераш кегаделла деара Нохчийчу. Адамийн ойланаш, амалш, синкхетамаш хуьйцуш еана зама яра иза. РоггIана болх бечуьра совцуш яра заводаш, фабрикаш. Белхалошна луш алапа дацара. Де-дийне мел долу а стамлуш бара  халкъ гIайгIане дожийначу сингаттамийн уьйриг. Эххар а болх бечуьра сецира Бислиева Асмаа куьйгалла ден кондитерски фабрика. Делахь а, фабрика болх бечуьра сецнера аьлла Асмаан мукъа Iойла-м ца хилира. Нохчийн Республикин юкъараллин дахаро юкъаозийра иза. Юьхьанца уьш вайнехан зударийн цхьанакхетараллаш яра. Соьлжа-ГIалин урамашкахь эвхьаза даьккхинчу герзана резабацара вайнехан зударий. Уьш кхоьрура хила тарлучу зуламех а, герга гIертачу тIамах а. ТIехь Iу воцу бажа санна, масситта тобане, декъаделла дара нохчийн къам. ХIоранна а  ша дуьйцучуьнга ладогIа лаьара. Кхечуьнга ладогIа лууш цхьа а вацара.

1994-чу шеран шийлачу гурахь тIом Нохчийчу схьакхечира. Шен хIусаме беана бохам бицбира Асмаана къоме деанчо. Соьлжа-ГIалахь авиатохарш дар лахделча юкъараллин болх карлабаьккхира цо. Цхьа де а цIахь даккха йиш йоцуш, хаддаза цхьанакхетаршкахь яра иза. Салтийн наношца,федеральни эскаран векалшца, керла деанчу Iедалан векалшца. КIорггера оьрсийн мотт хууш йолчу цо шера, говза, цхьаннах ийза ца луш къамел дора бехк боцуш тIеман Iазапе лаьцначу нохчийн къомах, тIепаза бовш лаьттачу нохчийн кIентех, цхьаболчу инарлаша лелочу ямартлонех. 1995-чу шеран январь баттахь Шела – базара бомбанаш тоьхча федеральни эскаран векалшца къамел дан яханчу зударийн тобанна хьалха яьлларг  а Бислиева Асмаъ яра. Массеран цIарах къамел дира цо, маьрша адамаш бехке цахиларх а, нохчийн къомана оьшуш вайн махка тIом кхаьчна цахиларх а. 1999-чу шарахь шолгIа тIом болалуш а Соьлжа-ГIалахь яра Асмаъ. Мел буьрса тIом кхехкарх иза шен ков-керт дIатесна махках ца елира. ТIеман луьра кхийсарш лахъелча сихха балха арайолура иза. Бакъду, хIокхо болх бина Кондитерски фабрика хьалхарчу тIамехь  лаьттаца дIашарйинера. Фабрика юхаметтахIотторан ойла цкъа а дIатесна яцахь а, 2001-чу шарахь  Нохчийн Республикин ЖКХ-н министерстве балха араелира иза. Деккъа цIена шен белхан декхарш кхочушдарх цкъа а сатуьйш-м яцара и хьуьнаре зуда. Баккъал а жигара белира Бислиева Асмаан юкъараллин болх Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа республикин куьйгалле хIоттийча. Нохчийчоьнан Куьйгалхочо вовшахтоьхначу консультативни кхеташонан декъашхо яра иза. ЦIархазмана доцуш,  къомах дог лозуш, махкара хьал дIанисдала лууш хьанал къахьоьгучу адамех цхьаъ яра иза. Нохчийн Республикин зударийн цхьанакхетараллин декъашхо а яра Бислиева Асмаъ. Муьлххачу хенахь а, хьанна а гIо-накъосталла оьшучохь орцанца гIатта кийча яра. Мел лакхарчу дарже ша кхачарх цкъа а куралла даг чу йоьссина яц цунна. Цкъа а мискачу адамашна петохар хIун ду хиъна яц. Шена тIедиллина гIуллакх катоьхна дина юьстах даьккхина ю. Цкъа а цхьанна а ца хааделла Бислиева Асмаан дош шалха даьлла. Хьанна а масаллина хIотто а мегар долуш вайнехан гIиллакх-оьздангалла  йолуш, нохчаллех къилба дина ехаш зуда Асмаъ елахь а, цхьана а кепара шеко йоцуш, цунах къонах ала мегар ду. Халкъана, махкана эрчонца Iаьткъина даьхкинчу буьрсачу деношкахь къоман тешаме йоI хилла доьналлица чекхъяьлла иза. Цул сов, Iаламат яхь йолуш адам ду Бислиева Асмаъ. Къоман яхь ю цуьнан синан бIов хилла лаьтташ. КIорггера хаарш, комаьршалла, къинхетам шеца алссам болчу цунна дуьненан меха хетта муьлххачу нохчичо а толам баккхар: спортехь, Iилманехь, литературехь. Вайн махкахь гIарабевлла бевзачу нахаца, дукхахболчаьрца уллора,  мерза гергарлонаш  леладо Асмаа. Уггаре а  халачу хенахь шен куьйга хингал, чIепалг дина доттагIий чугулбеш  самукъадолура цуьнан. Цкъа а шен дерг доттагIашна кхоийна яц иза. Цундела массарна дукхаеза. Доггах цуьнца доттагIалла лелон а лаьа. Шен корматаллица технолог елахь а, цунна кIорггера евза нохчийн литература, истори. Иштта говза, хаза буьйцу ненан мотт а.

2002-чу шеран гуьйранна дара референдумах долу хабарш дуьххьара вайн махкахь дуьйладелча. КIезиг бацара шеконаш йолу нах. Амма   Бислиева Асмаа цхьана мIаьргонна а шена аьттехьа ца йитира и шеконаш. ДIадолоран тобанна юкъахь а яра иза. Хьекъал, доьналла, ира синкхетам болуш алсам адамаш дара цу тобанна юкъахь: Джамалдаев Шаид, Исраилов ИбраьхIим, Ханчукаев Овхьад, Махтамерзаев Лом-Iела, Умхаев Хьамзат, Вагапов Муса, иштта дуккха а кхиберш. Масех зуда а яра юкъахь ю аьлла дIаязйина, юкъ-кара йогIуш, гучуйолуш. Амма Бислиева Асмаа санна, референдум вайн махкахь дIаяхьар шен дахаран коьрта декхар хеташ арабевлла зударий дукха бацара. Царна бехк буьллийла дац. Зама луьра, кхераме яра. Делахь а, къоман кханенна сагатдар даима сов хилла йолу Асмаъ чохь ца Iалора. Цунна сихха дIаайбала лаьара халкъана  тIебазбелла бала. Ткъа иза дIаайбалийта хIораммо а шен ницкъ кхочург дан дезийла хаьара.

Дукха болх бира 2002-чу шеран гурахь дIадолоран тобано. Цуьнан декъашхой хIора дийнахь цхьанакхетаршкахь хуьлура. Цара хаддаза  къамелаш дора. Бух боцчу бохамийн Iинан йистте кхаьчначу къомах дог лазарца олура массо а дош. Хетарехь, цу гурахь Нохчийчуьра цхьа а кIошт ца йисина Бислиева Асмаъ шен накъосташца кхачаза. Къаьсттина зударша кхетамца тIелоцура цо деш долу къамел. Цул сов, цIеначу даггара цуьнан къамел хилар массарна гуш дара. Ткъа иштта къамел ладогIархойн дегнашка дIакхочу. Цо даима беркате стом а ло. Нохчийчоьнан массо а гIалахула, юртахула, студентийн аудиторешкахула уьш чекхбевлича, ерриге а 2002-чу шеран 11-чу декабрехь Гуьмсехь къоман гулам хилира. Цигахь яртийн а, политически тобанийн а векалшка хаьттира референдумах дерг. Цара массара а тIечIагIдира шаьш референдум дIаяхьа реза хилар. И йина  хилла яьлча санна самукъадаьлла яра Бислиева Асмаъ цу дийнахь. Кхаа баттахь шелонехь, гIелонехь цо хьегна къа эрна цахилар гуш дара, гуламе гулбеллачеран серлаевлла яххьаш тергалечарна. Делахь а, хазахетар дукха хьалхе доьссина хиллера маьршачу дахарх хьаьгначу адамашка. 2002-чу шеран 27-чу декабрехь ондда зулам дира вайн къоман мостагIаша. Нохчийн Республикин правительствон кертахь инзаре ирча талор дира зуламхоша, бIе гергга бехк боцу стаг а вуьйш. Референдум ца яйта а, цу муьрехь жигара йийцаре яьккхина Конституци тIе ца эцийта  Iалашо йолуш дара дина и зулам. Амма (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин собар, хьекъал, доьналла бахьанехь юьхьарлаьцначу референдумна кечамаш бар дIадаьхьира. Цхьа а кхера ца велира, цхьа а юха ца велира. Бислиева Асмаа-м кхин а  жигарабаьккхира ша беш болу болх. Цо цхьаннах а шен юьхь ца лечкъайора, радиохь а, телевиденехь а ийза ца луш хецна къамел дора. Иза дика кхетара беркатечу новкъа даларо бен нохчийн халкъ балех хьалха доккхург ца хиларх. Ткъа и беркатечу некъан юьхь цунна, дукхах болчу шен накъосташна санна, референдумехь гора. ТIаьхьо журналисташца шен хиллачу къамелехь цо эр ду: «Сан дахарехь уггаре а ирсе де  дара 2003-чу шеран 23-гIа март. Цу дийнахь со тийшира тIом кестта дIабоьрзург хиларх. Нохчийн къоман хьекъале харжам бара иза, кханенан кIорггера ойла йина чекхбаьккхина!»

Россин Президента В.Путина Сийлаллин грамота луш билгалдаьккхира Бислиева Асмаан нохчийн къоман дуьхьа цIеначу даггара къахьегар. Иштта-м вайн республикин Iедало а ца йитира иза терго йоцуш. Цунна елла «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал. Конституци тIеоьцуш, 2003-чу шеран 23-чу мартехь референдум чекхъяларх Асмаъ паргIатяьлла охьа ца хиира. Цо масех шарахь къахьийгира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь а. Ша схьаяьллачу къомах дог лазаро ницкъ лора цунна, де-буьйса ца лоьруш, къахьега. Цо цкъа а шен кхерчана, доьзална, хIусамна оьшург хьалха ца доккхура. Халкъан лазамашца ехаш яра иза даима. Халкъан дуьхьа къахьоьгуш яра. Нохчийчоьнан яхь йолчу зударех цхьаъ ю Бислиева Асмаъ. ХIинца а Соьлжа-ГIалахь Iаш ю иза. Деэшна шен неIаре веанчунна гIо-накъосталлина араэккха кийча ю. 13 шо кхаьчна Нохчийн Республикин халкъо шен харжам бина. Цу харжамах даьллачу беркато дебийна мехкан зовкх. Цундела халкъо даима хазхетарца даздо и сийлахь де. Бислиева Асмаан хьаналчу къинхьегаман доккха дакъа ду Нохчийн Республикин керлачу исторехь уггаре а коьртаниг хилла дIахIоьттинчу цу дийнехь. Ма дика ду иштта хьуьнаре зударий вайн махкахь болуш. 

А.ГАЗИЕВА

№33, еара, бекарг (март) беттан 24-гIа де, 2016 шо           

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: