ХIора а къоман, хIора а юкъараллин дахарехь массарна цхьабосса лераме долуш де хуьлу. Нохчийн Республикехь дехаш долчу халкъийн дахарехь а ду иштта дезде – 2003-чу шеран 23-гIа март. Дерригхалкъан референдумехь Нохчийн Республикин Конституци а, Республикин Президентан, Парламентан харжамаш дIабахьаран хьокъехь законаш а тIеэцна де ду иза.
Муха дIаяьхьира референдум? ХIун сатийсамаш болуш бахара Нохчийчоьнан бахархой оцу харжамашка? Цунах лаьцна тхуна доцца дийцира хIетахьлерчу хиламийн теш а, дакъалацархо а хиллачу Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан ректора, профессора Таймасханов Хьасана.
«ХIора шо мел долу вай кхин а чIогIа кхета дерригхалкъан референдумо а, цуьнан жамIашца тIеэцна йолчу Нохчийн Республикин Конституцис а вайн дахарехь лелочу къаьсттинчу маьIнех. Вай хIинца кхоччуш кхета республикехь хиллачу юкъараллин-политикин а, соцаильно-экономикин а халачу хьелашка а, тIеман дуьхьалоне а хьаьжна доцуш, референдум дIаяхьарца нохчийн къоман хиндерг харжа Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас бинчу сацамах. Аьлча а, республикин бахархошка шайга харжийтира цо шайн хиндерг. Иштта паргIатчу кепехь референдум дIаяхьар бахьана долуш къаьстира Нохчийчохь Iаш долчу къаьмнашна машар безаш а, кхидIа даха, кхиа лууш а хилар. Референдуман 90 процент сов дакъалацархоша цхьабосса дIахьедира: «Тхуна тIемаш а, бохамаш а ца оьшу, тхуна оьшург машар бу!» ХIетахь тIеэцна йолчу Нохчийн Республикин Конституцих оцу машаран бух хилира. Иза бахьанехь кхиа болабелира нохчийн мохк. Нохчийчоьнан кхузамананлерчу дахарехь оцу дийно лелош долу маьIна дийцина вер а вац, я цуьнан мах хадалур а бац. Иза вуно боккха кхиам бу, ницкъ ма-ббу вайн Конституци ларъян а, цуьнан сийдан а декхарийлахь ду вай», – дийцира Хь.Таймасхановс.
Таханлерчу кегийрхошна дагабогIуш хир бац хIетахьлера хиламаш. Республикин гIалийн, яртийн урамашкахь хилла эрчонаш-м иэсехь йисина хир ю дукхахболчеран, амма политикин-экономикин хьал довззал кхетам хилла хир бац. Цундела оьшуш ду шо-шаре мел долу референдуман дакъалацархоша хIетахьлера хиламаш карлабахар, царах лаьцна къоначаьрга дийцар.
Махкахь уггаре а сиха кхуьучу регионех цхьаъ йолуш, бIаьрг тоха туристаш а оьхуш, шен хазаллица дог хьоьстуш йолчу вайн республикехь дукха хан йоццуш, дийна цхьа гIишло а ца хилла бохучун сурт хIоттон а хала ду. ГIалийн, яртийн урамаш саьлнашкахь дара, массанхьа эскархой бара лаьтташ, «Iуналла деш». Республикин дукхах болу бахархой четарийн лагершкахь Iаш а, луларчу регионашкахула дIасабахна а бара. Ерриге предприятеш йохор бахьанехь республикехь бан болх бацара, тIедогIуш ахча дацара. Дуьйцуш санна доцуш, чолхе хьал дара хIетахь республикехь хилларг. И дерриге а хийца Iедал оьшура. ХIетахьлера санна а доцуш, халкъах дог лозуш, цуьнан хиндолчунна сагатдеш долу Iедал… Халкъан а, республикин а хиндолчун ойла а йина, хьалхаваьлларг Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вара. Цо юьхьарлаьцначу некъо кхачийра вай машаре, и некъ бахьанехь кхиа болабелира вайн мохк а.
А.ХАКИМОВА
№33, еара, бекарг (март) беттан 24-гIа де, 2016 шо