Магомадов Iабдулла: «А-Хь.Кадыровс бух биллира нохчийн пачхьалкхаллин»

Нохчийн халкъан кхоллам, цуьнан хиндерг къастош хиллачу 2003-чу шеран мартан хиламашкахь жигара дакъалаьцначарех цхьаъ ву Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель – экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министр Магомадов Iабдулла. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин куьйгаллица, иза юкъахь а волуш вовшахтоьхна хиллачу йоккхачу тобано кечйира дерригхалкъан референдум. Шен исторехь керла агIо схьа а йоьллуш, халкъо тIеийцира Конституци, билгалбаьккхира тIейогIучу ханна болу некъ.

Оцу къастамаллин хиламах, 2003-чу шеран 23-чу мартехь тIеэцначу Нохчийн Республикин Конституцис лелийначу маьIнех лаьцна газето динчу хаттаршна жоьпаш ло тахана I.МАГОМАДОВС.magomadov__r11sx1j

   – Кхойтта шо кхечи Вайн республикехь дерригхалкъан референдум дIаяьхьна а, Конституци тIеэцна а. Регионан халкъийн исторехь оцу хиламо лелош долу маьIна мел доккха ду аьлла хета хьуна?

– Тахана гIуллакх деш йолу вайн Конституци нохчийн халкъан исторехь дерригхалкъан референдумехь тIеэцна долу дуьххьарлера Коьрта закон ду. Конституци а, Нохчийн Республикин Президент а, Парламент а харжаран хьокъехь долу законаш а тIеэцаро бух биллира хIаллакаллин дозане кхачийна йолчу Нохчийчохь дахар орамашкара хийцарна тIебоьду некъ юьхьарлацарна, схьайиллира адамийн тешамна тIетийжаш долу Iедал харжа йолу халкъан таронаш, республика юхаерзийра демократин гурашка, пачхьалкхан бакъонан дозанашка.

Массара а жигара дакъалоцуш дIаяьхьначу референдумо, цецвоккхуш долчу цуьнан башхачу жамIаша коьрта маьIна лелийра халкъан исторехь. Цо таро хилийтира тIом сацо, Iаламат йоккхачу кризисна юкъара схьа а яьккхина, республика кхоллараллин хорша ерзо. Боккха бала токхуш долчу шен халкъан кхолламах долу жоьпалла шена тIе а лаьцна, цуьнан хьашташ кIад ца луш лардарца доьзна Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIабаьхьначу Iаламат боккхачу белхан жамIаш дара уьш. Замано гайтира хаьржина некъ нийса хилла хилар: чекх ца делира тешаш боцучарна, даррехь болчу мостагIашна хетарг.

   – Мел чолхечу хьелашкахь дIадахара Конституцин текста тIехь болх бар? Муха яра хIетахь республикин куьйгаллина хьалха хIуьттуш хилла халонаш?

– Дуьйцийла яц, хала зама яра иза. Чалхаш хилла лаьтташ яра республика, тIамах бевдда баханчарна леринчу лагершкахь дара иттаннаш эзарнаш адамаш, Iаламат йоккха яра белхазалла, яцара экономикин а, социальни а инфраструктура, хаддаза лаьтташ бара теракташ ян, герзаш детта, ямарт  гIуллакхаш лело тарлуш хиларан кхерам. Оцу хьелашкахь референдум дIаяхьар хьалхе ду аьлла хетара дукхахболчарна. Тамашийна хьал кхолладеллера – референдум дIаяхьа хьелаш дац, хIунда аьлча, тIеман гIуллакхаш дIахьош хиларна, ткъа и тIеман гIуллакхаш ца совцадо уьш совцо хьуьнаре йолу тешам белла пачхьалкхан органаш кхоьллина цахиларна. Республикин Администрацин Куьйгалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешна вара иштта кхъолладеллачу хьолах довла дезаш хиларх. Тешаш боцурш алссам боллушехь, экстремисташа санна, ткъа иштта тIеман федеральни структурийн цхьаболчу векалша Iаламат йоккха дуьхьало ешшехь, цуьнан ницкъ кхечира хьал хийца.

2002-чу шеран май беттан юьххьехь Ахьмад-Хьаьжас кхолладелла хьал дийцаре дира динан векалшца дIаяьхьначу кхеташонехь. Ткъа оццу шеран ноябрехь Кремлехь Россин Президентаца хиллачу цхьаьнакхетарехь иза  тешо ницкъ кхечира Нохчийчохь халкъан схьайиллина плебисцит дIаяхьар оьшуш хиларх. 11-чу декабрехь Гуьмсехь нохчийн халкъан съездо гIолецира оцу дIадолоран. 2002-чу шеран 12-чу декабрехь В.В.Путина дIакхайкхийра Нохчийчохь референдум дIахьон йолу де. И шо чекхдолуш 27-чу декабрехь правительствон комплексехь, дуккха а адамаш а кхелхаш, Iаламат йоккха теракт йира. Амма туьйсуш болчу баккхийчу кхерамаша, хаддаза деш долчу зуламаша референдум дIаяхьа кечам барна тIехьажийна дIаболийна болх ца сацийра.

   – Тхуна хууш, Нохчийн Республикин Конституцин текстан масех кеп яра кечйина. Муха дIадахара Конституцин текст кечъяр а, иза референдуме яккхар а?

– Керлачу Конституцин проект кечъян йолийнера 2001–2002-чуй шерашкахь. Цунна тIехь болх беш бара политикин, экономикин, социальни декъан, Iаламат мехалчу гIуллакхашкахула республикин куьйгаллина предложенеш кечъярна лерина республикин Администрацин Куьйгалхо волчохь 2001-чу шеран июнехь вовшахтоьхначу Консультативни советан декъашхой. Референдум дIаяхьа кечам бечу муьрехь бахархошна юкъахь агитацин-кхеторан болх дIахьош леррина тоба яра.  Цуьнан декъашхой хIора дийнахь бохург санна хуьлура ярташкахь, организацешкахь, учрежденешкахь, дIахьора «горга стоьлаш», дискуссеш, семинараш, адамашна шуьйра йовзуьйтура Конституци, Президент, Парламент харжаран хьокъехь долчу законийн проекташ. Тобанан декъашхоша адамашна дуьйцура референдум дуьххьалдIа хIинца хIунда дIаяхьа еза. Оццу хенахь республикин Администрацин Куьйгалхочун указца вовшахтуьйхира конституционни комисси. Цунна юкъабахара Iилманан интеллигенцин векалш, правоведаш, пачхьалкхан а, юкъараллин а деятельш. Дуккха а барамехь хиллачу шен кхеташонашкахь комиссис йийцаре йира республикин коьртачу законан пхеаннал сов проект, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хьалха хIоттийнарг бухе а юьллуш, цхьааллин проект кеч а йира.

Пачхьалкхан тайп-тайпанчу тIегIанашкахь массо а агIор экспертиза еш и документ чекхдаьллачул тIаьхьа шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорбатуьйхира иза юкъаралле йийцаре яйта, цуьнга шена хетарг алийта. Дийнна баттахь йоккхачу жигараллица шуьйра йийцаре йира керлачу Конституцин проект, иза чIагIъечу хенахь хьесапе ийцира оцу хенахь юкъаралло ялийна предложенеш.

   – Масех дош алахь референдум дIахьочу дийнахь хиллачу хьолах лаьцна.

– Оцу дийнахь Нохчийчоьнан гIаланашкахь а, ярташкахь а Iуьйранна 8 сахьт даьлча схьайиллира шайн неIарш харжамийн 416 участко. Суьйранна 8 сахьт даллалц дIадаьхьира кхажтасар.

Референдумехь иштта дакъалецира Россин кхечу регионашкахь ханна бехаш хиллачу нохчаша а. Цунна лерина, масала, ГIалгIайчохь хиллачу четарийн   лагершкахь схьайиллира кхаж тасарна лерина йолу ши участок. Ткъа Ставропольски крайхь бехачу нохчашна лерина автобусийн леррина йолу маршруташ схьайиллира. Референдумехь дакъалаца луурш кхачабора Нохчийчохь йолчу кхажтасаран герггарчу пункташка. Харжамийн участкашкахь кхерамазаллина кхачо йира, оцу дийнахь, нохчийн вейтта эзар гергга волчу милицин белхахочо.

Референдум дIаяхьарна тIехь терго латтош бара ОБСЕ-н, Iаьрбийн пачхьалкхийн Лигин, Азин а, Африкин а халкъийн цхьабарт хиларан Организацин, Исламан конференцин организацин, СНГ-н исполкоман векалш, ткъа иштта Малайзин, Индонезин, Японин, Йеменан, дуьненан кхечу мехкийн правительствон йоцчу организацешкара тергамхой. Нохчийчу хьажийнера кхечу мехкашкара масех бIе журналист.

Нохчийн Республикехь тIеман гIуллакхаш дIадолийчахьана дуьххьара вовшахтоьхнера телевиденин меттигашкахь долуш долу хьал ма-дарра гойтуш йолу эфир. Кхажтасар муха дIадоьду гойтура меттигерчу телеканалехь а. Цуьнан суьрташа гайтина ма-хиллара, дукхах йолчу участкашкахь дезачу дийнан хьал кхолладеллера, кхаж таса раьгIнаш кхоллалора. Хьесапе эцна хиллачу 540 эзар  харжамхочух кхаж тасарехь дакъалецира 510 эзар стага, я республикин бахархойх 80 процент гергга болчара. Царах 95 процентал сов болчара кхаж тесира керла Конституци, Нохчийн Республикин Президент, Парламент харжаран хьокъехь долу законаш тIеэцарехьа.

Терго латтош болчара билгалдоккхура кхаж тасарехь дакъалоцуш алссам адамаш хилар, оцу дийнахь синтеме хьал хилла хилар. Юкъараллин кхерамазаллина тешам бала Iедалан таро йоцуш кхолладелла хиллачу юкъараллин-политикин оцу чолхечу хьелашкахь 80 процент гергга болчара кхаж тасарехь дакъалаьцна бохург боккха толам бара. Цо тоьшалла дора Iаламат мехалчу гIуллакхана боккха кечам бина хилла хиларна, дийнна халкъ шена тIаьхьа хIотто хьуьнаре волчу къоман баьччас билгалйина машаран а, кхоллараллин а идейш тIеэца юкъаралла кечйина хиларна.

   – Конституци тIеэцаро а, халкъо тешам белла Iедалан органаш кхолларо а Нохчийн Республикина керланиг хIун деара?

– 2003-чу шеран 23-чу мартехь дIаяьхьначу референдумо Нохчийчохь схьайиллира машаран керла процессаш. Республикин кхоллам къастош долу гIуллакхаш демократин буха тIехь дийцаре даро цхьаьнатуьйхира юкъаралла, кхане синтеме хирг хиларан ойла кхоьллира адамашкахь. Цундела 2003-чу шеран 5-чу октябрехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Президент харжар Нохчийчохь машаран дахар дIахIотторна тIебоьдучу новкъахь рогIера гIулч хилира.

Цуьнан дуьххьалдIа хьалхарчу гIуллакхаша гIо дан долийра республикехь граждански Iедал чIагIдарна, тIеман зуламаш дар лахдаларна, шайна хаддаза кхерам хаалуш хиллачу адамийн дегнашкахь синтеман зIийдигаш тийса йолорна. Ахьмад-Хьаьжа, мехкан политически куьйгаллин гIоьнна тIе а тийжаш, тешаме турсло хилла дIахIоьттира адамашна Конституцис елла бакъонаш ларъярехь, республика машаран новкъа  яккхарехь. Дала шена еллачу дахаран оцу йоццачу хенахь лерина ца валлал дукха дара, вайн халкъ бохамах кIелхьарадаккхархьама цо динарг. Iожалла тIеийцира Ахьмад-Хьаьжас республика машаран а, кхоллараллин а новкъа яккхаран дуьхьа. Иза дарца шен цIе гуттаренна историна юкъа а яхийтина.

Конституци тIеэцаро республикехь таро хилийтира законодательни Iедал вовшахтоха. 2005-чу шеран 27-чу ноябрехь Нохчийн Республикин Парламенте харжамаш хилира. Цуьнца цхьаьна кхоллаелира суьдан система а, цул тIаьхьа харжамийн муниципальни Iедалан система а. Кхузахь билгалъяккха еза Нохчийн Республикин Правительствон Председатель волчу хенахь а, Президентан даржехь волуш а Кадыров Рамзана конституционни процесс кхиамца чекхъяккхарна юкъайиллина къаьсттина йоккха хазна. ДуьххьалдIа цуьнан даккхий хьуьнарш бахьанехь, уггаре а чолхечу хьелашкахь, уггаре а чолхе гIуллакхаш къастийна цхьалхадаха цунна хааро таро хилийтира, йоццачу хенахь, чалхашкахь лаьттина республика денъян, мехкан цхьанаэшшара кхуьуш йолчу регионех цхьаъ йина иза дIахIотто.

Цундела билгалдаккха догIу референдумо биллина хилла бух онда хилла хилар а, иза бахьанехь баккхийчу гайтамашка кхача таро хилла хилар а.

   – Реза вуй хьо республика меттахIотторан а, кхиоран а бакъонан бух 2003-чу шеран 23-чу мартехь биллина бохучуьнца?

– Дера ву, хIунда аьлча, меттахIоттор а, кхиар а дIадололе хьалха кхуллуш берг бакъонан бух ма-бу, берриге а баххийн бух. Иза боцуш дIахIотталур дац маьрша дахар! Россин юьззина бакъонаш йолу субъект хилла дIахIоттархьама чIогIа чолхе некъ бина Нохчийн Республико. Вайна хууш ма-хиллара, 2000-гIа шераш дIадуьйлалуш Нохчийчоь чалхашкахь Iуьллуш яра, машаран процесс дIайоло пачхьалкхан Iедалан цхьа а орган яцара. Уггаре а хьалха вайн республика Россин бакъонийн гурашка юхаерза езара. Цунна оьшуш яра Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолорца дIаяьхьна йолу референдум. Лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, алссамчу барамехь оцу гIуллакхах цатешарш, даррехь мостагIий, эладитанаш даржошберш хиллашехь Нохчийчохь сацам боллуш дIаболийра референдум дIаяхьарна кечамбаран а, Конституци кечъяран а болх. Уггаре а хьалхарчу рогIан декхар дара иза, хIунда аьлча, и гIуллакх къастийна цхьалхадаккхаро бен таро хуьлуьйтур яцара Нохчийн Республика политикин субъект санна меттахIотто, цул тIаьхьа, Iедалан дерриге а тIегIанаш кхолла. Цундела дуьсур ду 2003-чу шеран 23-гIа март Нохчийн Республикин исторехь цуьнан кхоллам хийцина де санна.

   – Хьуна хетарехь, стенах йоллу Нохчийн Республикин таханлерчу Конституцин мехалла?

– Кхойтта шо хьалха тIеэцначу Конституцис дIакхайкхийра «стаг, цуьнан бакъонаш, паргIатонаш уггаре а лакхара мехаллаш хиларан хьокъехь. ХIора стагана хьакъ доллучу дахарна, паргIат кхиарна, юкъараллехь барт хиларна, халкъийн, церан къоман башхаллин  историн а, культурин а тIаьхьенаш Iалашъярна, ларъярна кхачоеш долу хьелаш кхоллар ю Нохчийн Республикин уггаре а лакхара Iалашо». Цунах теша хала дара 2000-чу шарахь а, цул хьалхарчу шерашкахь а.

Ас хIинцале а аьлла ма-хиллара, Нохчийчоьно кегарийн, бакъонаш цахиларан, законаш цахиларан беха некъ бина, дуьненан иттаннаш мехкашкара кхуза гулбеллачу бандиташа вовшахтоьхначу тобанаша олалла а деш. ХьакхлагIаш хилла лаьттара гIаланаш, ярташ, ур-аттал республикин пачхье кхечу метте яккхаран хьокъехь долу гIуллакх а гIаттийра, хIунда аьлча, Соьлжа-ГIала Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахьлерчу Сталинградах таръелла хиларна. Йоцуш яра Iедалан органаш, бакъонаш ларъяран система.

Ткъа тахана, Конституци тIеэцна кхойтта шо даьллачул тIаьхьа хIун го вайна? Шен орамашкара дуьйна хийцаелла Нохчийн Республика, мехкан уггаре а сиха кхуьуш йолчу субъектех цхьаъ хилла дIахIоьттина иза. Цул совнаха, инвестицеш юкъаяхкарна а, туризм кхиорна а бегIийла регион хилла дIа а хIоьттина. Республикехь кхочуш а йина, кхочушъеш а ю яккхий проекташ. И дерриге а хилла Нохчийн Республика юкъараллин-политикин а, социально-экономикин а кхиаран бух хилла кхойтта шо хьалха тIеэцна Конституци дIахIоьттина хиларна.

– Дерригхалкъан референдум дIаяхьарехь а, Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарехь а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас лелийначу маьIнех лаьцна дийцахьа…

– Халкъ а, республика а хIаллакьхиларх кIелхьарадаккхархьама, Iаламат чолхечу 2000-чу шарахь, вуно доккха жоьпалла шена тIелецира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. ХIетахь шен гIолоцуш берш кIезиг хиллашехь, гуобаьккхина мостагIий а, эладитанчаш а болуш, шен хьекъалца, динан декъехь кIорггерчу хааршца, политикехь хиндерг хьалххе гуш хиларца, даггара долчу дешнашца тешийра цо халкъ референдум дIаяхьа езаш хиларх. ТIемаша дакъазадаьккхина хилла халкъ тийшира Кадыров Ахьмад-Хьаьжех. Цунна тоьшалла хилира харжаман участкашка ихна алссамчу барамехь долу адамаш.

Керла Нохчийн Республика денъяларан а, цул тIаьхьа хиллачу Iаламат баккхийчу хийцамийн а юьххьехь, лаьтташ вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Дала еллера цунна адамаш шех тешо хааран, дайн хьекъалан, къонахаллин, юхавер воцуш хиларан дикаллаш. Динан тхьамдас далург а, ца далург а дерриге а дира шен халкъ а, шен республика а бохамах кIелхьараяккхархьама, цуьнан дуьхьа Iожалла тIе а ийцира. Цкъа адамашна хьалха ша къамел деш Ахьмад-Хьаьжас элира: «Со кхалхийта, амма суо хIинцале а толамхо лору ас!». Иштта дан а ду! Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьанехь Нохчийн Республикехь толам баьккхира законо, машаро, синтемечу дахаро. Уггаре а коьртаниг Нохчийн Республикин кхузаманахьлерчу пачхьалкхаллин бух биллархо хилла дIахIоьттина иза.

ХIокху башхачу дийнахь, референдум дIаяьхьна 13 шо кхачарца доьзна декъалван лаьа Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а, Нохчийн Республикин Конституци кечъярехь, референдум вовшахтохарехь дакъалоцуш хилла Консультативни советан декъашхой а, регионан бахархой а. Массеран а могашалла дика хуьлийла, деш долчу гIуллакхашкахь кхиам хуьлийла, массо а могаш-маьрша вехийла лаьа суна! Дала даима а законе толам боккхуьйтийла вайн республикехь!

Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а

Министерствон пресс-службо гIо а деш, интервью кечйинарг – Л.МАГОМАЕВ

 №33, еара, бекарг (март) беттан 24-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: