Къоначу журналистийн корматалла тIекхиорна лерина, «Возрождение Чечни» цIе йолу дешаран пачхьалкхан бюджетни учреждени 2003-чу шеран 23-чу апрелехь кхоьллина ю Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин лаамца. Хала а, чолхе а хан яра иза. Боккха пачхьалкхаллин мохь бара хIетахь вайн къоман тхьамдано шена тIелаьцнарг. Дийнахь, буса а къахьегча а кхачалур дуй-те аьлла, дукха гIуллакхаш дара кхочушдан дезаш. Амма хIетте а цунна хан карийра меттигерчу журналистикин терго ян.
«Журналисташ стиглара охьаоьгуш а бац, я хесахь бовлуш а бац. Уьш, вайн кегийрхойн чкъура юкъара схьа а къастош, кхио безаш бу, – элира цо шен цхьана къамелехь.
ХIетахь дуьйна итт шо даьлла. Ткъа хьалха «Юнкорийн школа» олуш хилла йолчу дешаран заведенино Нохч-ГIалгIайн республика юхаметтахIоттийчхьана дуьйна схьабеана некъ лерича, шовзткъе пхийтта шаре кхочу цо бина болх.
Вай гена статистике ца гIиртича а, шен шолгIачу кхолламехь цу школо хIокху итт шарахь бина болх а бу тIе тидам бохуьйтуш. Оцу хенан йохалла, кхузахь шарахь 1ама а беш, арахецна 500 сов къона корреспондент. Шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь зорбанан а, электронни а гIирсийн структурашкахь штатни белхан меттигашка нисбала церан массеран а аьтто ца хиллехь а, жимма а цу декъехула похIма долчийн аьзнаш а ца дайна эрна.
Цхьайолу корматаллаш стаг дуьнен чу воллушехь, цунна Дала елла хуьлу. Журналистика шатайпа корматалла ю. И ша-шаха кхоллалуш яц, и дуккха а хаарийн а, культурин а, дешан говзаллин а буха тIехь кхиош ю.
Бакъволу журналист хила атта дац. И Iалашо шена хьалха хIоттийначо шен хьекъалца чухуда дезаш дукха хIуманаш ду: шен Даймехкан а, дуьненан кхечу мехкийн а истори йовзар, дика-вуон мах хадо хаар, мотт хаза бийцар, синан оьздангалла лекха хилар, иштта дIа кхин.
Суна дагахь лаьтта журналистикехь дуьххьара ког баккха Iемаш сайна хьалхахIиттина халонаш. Дешаран заведени яьккхина а хилча, эскарехь кхо шо даьккхина а хилча, жимма болх бина а хилча, суна моьттура корреспондентан болх бан хала хир дац сайна. И аьттехьа а ца хиллера. Цу хенахь со балха хIоьттира Шелан районан газетан редакце.
Дуьххьарлерчу командировке а вахана, кечйина йолу материал аса хьалхе дуьйна болх беш волчу редакторе еша дIаелира. Цо, редактура а йина, соьга юхаеллачу цу статья тIехь сан цIей, фамилий бен хIумма а ца йисинера. ЧIогIа цецваьллера со, ткъа ешна дIахьаьжча, вуно хаза нисбина карийра суна сайн болх.
Цкъа духхьара и тайпа ког тасабалар алсамо хуьлура, амма хан мел ели а гIалаташ лахдала дуьйладелира. Сан белхийн чулацам а кIаргбелира, йозанан дош шарделира. Иштта жим-жимма схьайиллира суна журналистико шен къайленаш.
Уггаре а хьалха журналисто шена хьалхахIотто деза кхоллараллин цхьа доза. Къасто еза ша лоьхуш йолу Iалашо. Цул тIаьхьа ша зорбане боккху болчу белхан тематикица доьзна мел дерг талла а, Iамо а деза. И дерриге а дина ваьлла аьлла хетча, газетехь я журналехь хьан болх боьшур болчунна кхета атта а, аьхначу а маттаца, пайдечу масалшца, васташца къагош, д1аязбан беза.
Тахана массо а аг1ор вайна тIебогIуш болчу хаамийн хIорд йист йоцуш бу. Оцу хIорда юкъахь ша ца вайта журналистана тахана хьалхалерачул иттазза сов хьекъал а деза, говзалла а еза. И хьекъал а, говзалла а журналиста шегахь ша кхио декхар ду. Цунна тIе хьажабо школин директора Майрбеков Мусас а, оха, хьехархоша а къоначу журналистийн тидам а, терго а.
ХIокху дешаран заведенин 5 шо кхачарна лерина хьалхо язйинчу шен статья тIехь цхьана хьехархочо билгалдоккху, школа яздан Iамош йолу журналистан корматаллин пхьалгIа ю бохуш. Язда-м муьлххачу школехь а Iамадо. Кхузахь Iамош дерг кхин ду: дуьненан хиламашка болу стеган хьежам, вайна гуонаха хуьлуш дерг, Далла гIуллакх дарца а, къинхьегамца а доьзна долу хIуманаш йозанан дийцарехь нийса гайта хаар.
Ялхийтта шо долуш хаьржинчу корматаллехь ца соцуш, къинхьегаман кхин некъ лохуш а нисло цхьаболчара. Ткъа кхечарна корматаллел а дукха оцу корматаллехь шаьш дукха беза. Ишттачарах цкъа а ца хуьлу говзанчаш.
Хууш ду, хIора шарахь деша схьаоьцуш болчу 40–50 кегийрхойх, уггаре а дукха бисича а, журналистан корматаллехь къахьоьгуш, пхеангара иттанга кхаччалц бен ца вуьсу. Амма оцу белхан жоьпалле а, цуьнан оьшуш хиларе а диллича, и терахь жима дац.
Къоначу журналистийн школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа ара мел хецнарг оцу профилерчу институташка деша ца нислахь, кхузахь Iамийнарг а, корматаллин бух а кхечу белхашкахь а ца оьшуш буьсур бац. Шаьш болх бечу меттера хьал, цигахь деш дерг, къинхьегаман кхиамаш а махкахошна бовзийта йиш хир ю церан газеташкахула а, шуьйрачу хаамийн кхечу гIирсашкахула а, цхьаьнгга а дехарш а ца деш. Вайн махкахь дуккха а журналисташ бу, редакцийн штаташкахь а боцуш, амма публицистикехь шайн билгал цIе а йолуш, ешархойн сий-ларам а болуш.
Школо арахоьцучу къоначу говзанчаша бо вайн хаамийн декъана гIеххьа болу тIетохам. Цул сов, церан журналистикин факультете деша баха аьтто а бу.
Къоначу йозанчашна луш долу хаарш хIумма а лахара дац вузашкахь лучул. И кхеташ а ду, хIунда аьлча школерчу хьехархойн корпусехь тоьлла говзанчаш бу: Майрбеков Муса, Барзанукаева Айза, Ибриев Сайд-Эмин, Хатуев Ислам, Губзаев Мовлид, Нашхоев Мурад, кхиберш. Цара хьехаран декъехь дечун мах хадо цхьа масал а тоьар дара. Тахана телевиденехь, радиохь, газеташкахь, журналашкахь къахьоьгуш болчу журналисташна юкъахь алсам бу школо арахецна говзанчаш, институташкара баьхкинчарал.
Джабиров Ибрах1им,
Нохчийн Республикин хьакъволу журналист