Даудов Мохьмад: «Нохчийн Республикин Конституци – халкъ зовкхе дигаран некъ»

ХIора халкъан оьмарехь а ду деза, дагалецаме денош. Дукха хьолахь уьш доьзна хуьлу халкъан кхолламехь доккха маьIна лелийначу хиламашца, деношца. Вайн халкъана ишттачарах де ду референдум дIаяьхьнарг. Шен интервьюхь Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада дийцира нохчийн таханлерчу юкъараллехь Нохчийн Республикин Конституцин дийно лелош долчу маьIнех лаьцна, дагалецира дерриге а  халкъан референдум дIахьочу хенахь хилла хьал, билгалдаьккхира республикин кхоллам къасторехь цо дIалаьцначу меттигах лаьцна.парламент

   Хож-Ахьмадан Мохьмад, вайна массарна а дагадогIуш ма-хиллара, хIетахь хьал, дайн аьлча, чолхе дара. Ма-дарра аьлча, дIабоьдуш тIом бара, хIаллакьхуьлуш адамаш дара. Дийцахьа, 23-гIа март тIекхочуш республикехь хиллачу хьолах лаций.

   – Баккъал а хала хан яра иза. Вайн гIаланаш а, ярташ а саьлнашкахь Iохкуш яра. Ткъа машарна дуьхьал болчара шайн ницкъ кхочург дерриге а дора тIеман къийсам мелла а бахбан гIерташ. Оцу хенахь тхоьгахьчул алсам дара цаьргахь ахча, герзаш а дара тхайнчул тоьлаш, адамаш а дукха дара церан. Амма, церан ондда барт бацара, цхьаалла яцара, ондда лаам бацара. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин команда къаьсташ яра барт чIогIа хиларца, йохалур йоцу цхьаалла хиларца, къарлур боцуш хиларца, ондда лаам, сачIогIа хиларца. Оцу бохамечу муьрехь цунна юххе дIа мел хIоьттинарг толаме кхаччалц юха ца вала, хьалхахьа ваха чIагIо йина, нийят дина вара. Тхо тешаш дара тхайн тхьамданах. Цхьа тамашийна ницкъ боллура цуьнгахь, адамаш цунна улло гIертара, диканна схьадиллина дара цуьнан дог. Кадыров Ахьмад-Хьаьжина къеггина гуш дара къам кхиоран некъ дерриге а халкъо кхаж тасарца билгалбаккха безаш хилар.

   Амма цу хенахь цхьа нах ма бара референдум дIаяхьа хьалхе ду бохуш…

   – ХIаъ. Бара дера, политически бIаьрзе нах. Уьш кхеттане а кхеташ бацара къизаллаш лелочу, Iазап латточу, адамаш сийсаздечу, аьшнаш дечу, цхьа а закон доцчу республикехь Iойла цахиларх. И берриге а кегари дIабаккхархьама, кIуркIамани сацорхьама маьршачу дахарна бух билла безара. Ткъа маьрша дахар экономикин а, социальни а аьттонаш кхолларан лард яра. Сурт хIоттадейша: паспорт доцуш ву стаг. Иза ша хIокху мехкан вахархо ву бохуш чIагIонаш еш, цунах тешо гIерташ ву шен цIе а, ден цIе а, фамили а ю боху цо. Амма и тIечIагIдан цхьа а хIума дац цуьнан. Иштта, оцу хьолехь дар-кха нохчийн халкъ. Россин Федерацин бакъонийн хьаьрмахь дацара вай. Цхьаболчу политикаша Кадыров Ахьмад-Хьаьжига бохура референдум контртеррористически операци чекхъяьллачул тIаьхьа дIаяхьа еза. Царна хетарехь, республика, халкъ кийча дацара политикин и гIулч яккха.

Ахьмад-Хьаьжас цаьрга олура: «Нагахь санна аш бохург ас дича, Iедало хIоттийначу чиновнико санна республикина урхалла дан дезар ду сан, суна суо сайн халкъо хоржийла лаьа». АллахIан лаамца 2003-чу шеран 23-чу мартехь референдум хилира. Иза халкъо, ша дечух дика кхета а кхеташ, бина сацам бара, Россин политико-бакъонийн, экономикин, культурин хьаьрма юккъе даха бина сацам бара. Россица цхьаьна бертахь, маьрша даха кхоллам хилла вайн.

   Оцу дийнахь республикера бахархой шайн доьзалшца цхьаьна богIура харжамийн каппашка. Цо кхачо йира харжамашкахь дакъалаьцначеран барам лаккхара хилийтарна. Хьуна хетарехь, стенца доьзна дара жигаралла оццул лакхара хилар?

   – ТIеман Iазапаша хIиттийна, дуккха а шерашкахь шайн бераш, гергарнаш бахьанехь кхоьруш Iийна адамаш муьлхачу хьолехь дара аьлла хета шуна. Шайн оьмарехь дуьххьара церан аьтто баьллера шайн лаам дIагайта. Оцу аьттонах халкъо пайда а ийцира. Оцу дийнахь харжамашка веара 500 эзар сов стаг. Ткъа иза, шеко йоццуш, толам бара. Халкъо дIахьедира шена сийлахь-йоккхачу Россина юкъахь маьршачу, демократин юкъараллехь Iан лууш хилар.

   Конституцин масех проект яра ма боху. Уьш цхьана а хIуманна тIехь вовшашца галморзахалла йолуш ярий? ХIинцалерчу Конституци тIехь ойла муха сецира?

   – Конституцин масех проект яра. Оцу хIора проектана тIехьа хIиттина, иза чекхъяккха лууш цхьа адамаш дара. Делахь а, Делан лаамца, къобалйинарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжас кечйина проект яра. Цу тIехь цо ма-дарра а, доцца а довзийтинера халкъан хьашташ, сатийсамаш. Цул сов, и проект шен чулацамца а, коьртачу хьежамашца а дикка герга яра Россин Федерацин Конституцина. Цундела оцу хьоло коьрта маьIна лелийра иза Нохчийн Республикин Коьрта закон санна тIеэцарехь.

   Конституци тIеэцна 13 шо кхочуш хIетахьлерчух, коьртачу декъана, хIун ду хьуна тахана дагахь лаьтташ?

   – Уггаре а хьалха, Конституци тIеэцарца нохчийн халкъ шен бакъонашца мехкан дерриге а халкъашца цхьатерра дIанисдира. Иза 2003-чу шеран 23-чу мартехь хиллачу референдуман уггаре а коьрта, уггаре а боккха кхиам бара.   Конституци тIеэцарца Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, тIом а сацийна, халкъехь кханалерчу дийне тешам кхоьллира. И дара коьртаниг. И ду даима иэсахь даха дисинарг.

Дукха хан ялале Ахьмад-Хьаьжа дIавелира. Амма иза кхалхаро нохчийн халкъ, нохчийн юкъаралла кхин а чIогIа цхьаьнатуьйхира, цуьнан барт кхин а чIагIбира. Ахьмад-Хьаьжин карара байракх, охьа ца йожуьйтуш, ондда схьалецира Кадыров Рамзана. Иза кхин а лакха хьалаайбира цо. Ойланца оцу хене юхавахча, юхахьаьжча вай кхета: ма шен хеннахь яьккхина хилла-кх машарехьа хьалхара гIулч, мел нийса бина хилла-кх и сацам, ма нийса хилла-кх цIиндаларехьа, когахIиттарехьа дина дуьххьарлера гIуллакхаш. Цул тIаьхьа республикехь хилларг бакъ ца далуш берш хир бу. Нохчийчохь дийнахь а, буса а хIайттараллин боларшца гIишлош ян йолийра. Туьйранахь санна, йоццачу хенахь хазлуш, цIинлуш, кхуьуш яра Нохчийчоь. Иза дерриге а дIахьош хьалхаваьлла вара вайн къоман баьчча, Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан. Цо шен семачу тидамехь латтадора регионехь мел деш дерг. Тахана социально-экономикин, политикин кхиоран дукхах долчу дакъошкахь Россин къилбехь йолчу регионашкахь тоьлла гайтамаш бу Нохчийчоьнан, цигахь хилла а ца Iа. Оцу кхиамашка кхача аьтто хилла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас боьттина ондда бух бахьанехь, цо юьхьарлаьцначу некъа тIера дIаса ца хьаьвзаш хьалхахьа дахар бахьанехь.

Тахана вайн халкъан баьччас, дерриге а халкъо даггара гIо а лоцуш, кхочушъеш ю регион кхиоран вуно яккхий планаш. Дан дагалаьцнарг ца тешшал инзаре ду. Со тешна ву, цуьнца цхьаьна, и хьалха а волуш, вай вайн республикин зовкхан дуьхьа кхин а баккхий толамаш бохург хиларх. Дала аьтто бойла вайн!

Дела реза хуьлда хьуна, Мохьмад чулацаме интервью яларна. Дала аьтто бойла хьан!

Интервью дIаяьхьнарг – Баширов Сайд-Мохьмад 

№33, еара, бекарг (март) беттан 24-гIа де, 2016 шо           

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: