Нохчийн Республикин Конституци тIеэцна 13 шо кхочучу деношкахь вайн регионан Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира республикин МВД-н хьаькамашца а, белхахошца а. Цигахь дакъалоцуш вара Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Нохчийчоьнан МВД-н министр Алханов Руслан, республикин кхерамазаллин Советан секретарь Усмаев Вахит, кхиберш.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира нохчийн халкъан кхане маьрша а, ирсе а, токхе а хилийтаран дуьхьа бакъонаш ларъяран органийн эзарнаш белхахоша шайн синош дIаделла хилар. Нохчийчоьнан МВД-н, УФСБ-н, кхечу нуьцкъаллин структурийн белхахойн хьуьнар, доьналла бахьанехь тахана республикехь маршо а, синтем а бу, 51 пачхьалкхера кхуза баьхкина хилла дуьненаюкъарчу терроризман декъашхой берриге а хIаллакбина. Референдум дIаяхьа аьтто хилира бакъонаш ларъяран органийн белхахоша шаьш-шайн ца кхоош, халкъана харжам бан хьелаш кхоьллина хиларна.
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа лууш вара шен хиндолчун харжам халкъо ша бойла. «Хьал тIех чолхе хиларна дукхах болчу политикаша а, юкъараллин гIуллакххоша а Конституци тIеэцарехула референдум дIаяхьа дукха хьалхе ду боххушехь, цо сацам бира иза дIаяхьа. Ахьмад-Хьаьжа кийча вара референдуман муьлхха а жамIаш тIеэца. ХIунда аьлча, цунна массо хIуманал а деза дара халкъан хьашташ, халкъан лаам кхочушбар. Цул сов, иза машар безаш стаг вара. Цкъа а тIом баре ца кхайкхина цо. Сийлахьчу Къуръанца а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), суннатца а догIуш доцург цхьа а хIума дийр долуш вацара Ахьмад-Хьаьжа. Цундела цо хаьржинарг беккъа цхьаъ бен боцу нийса некъ бара».
Дерриге а дуьнено къобалдира референдуман жамIаш. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешна вара терроризмана тIехь кхоччуш толам меттигера бахархойх болчу МВД-н белхахошка бен баккхалург цахиларх. ХIунда аьлча царна хьал ма-дарра девза, халкъах дог лозу, республика майрра ларъян кийча а бу. Референдумо а, цул тIаьхьа хиллачу хиламаша а гайтира иза нийса хилар», – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзана аьлла ма-хиллара, референдумехь тIеэцна Нохчийн Республикин Конституци регионехь машар баран, экономика, социальни дакъа, культура кхиоран бух хилла дIахIоьттира. Оцу буха тIехь кхуьуш йолу республика тахана Россин субъекташна юкъахь уггаре а синтемечух а, аьтто болчух а цхьаъ хилла дIахIоьттина. «Цундела 2003-чу шеран 23-гIа март истори юккъе гIур ду нохчийн халкъо дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал дIабаьхьначу къийсамехь толам баьккхина де санна», – чIагIдира Кадыров Рамзана.
Шен къамел дерзош цо цхьаьнакхетарехь дакъалоцучеран тидам тIебахийтира Нохчийн Республикин Конституцин де вайн республикерчу бахархоша даима а чIогIа даздеш хиларна, оцу дийнахь урамашкахь, майданашкахь Iаламат дукха адамаш хуьлуш хиларна. Делахь-хIета, оцу даздаршкахь само еш хила беза МВД-н белхахой. Бахархойн самукъа дохон долу хIума далийта ца деза. Министра Р.Алхановс дIахаийтира бакъонаш ларъяран органийн белхахой шайн декхарш лаккхарчу тIегIанехь кхочушдарна кийча хилар.
Д.АНАДЕВ
№33, еара, бекарг (март) беттан 24-гIа де, 2016 шо