Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь Нохчийн Республикин Конституцин 13 шо кхачарна лерина халкъан гулам дIабаьхьира. Цигахь дакъалоцуш бара республикин хIора юьртара а, хIора учрежденера а векалш. Республикин дезачу денна леринчу гуламехь дакъалаца баьхкинчара Путинан а, Кадыровн а проспекташ, Шериповн а, Лорсановн а урамаш хьаладуьзнера.
Иштта цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, республикин Парламентан спикер Даудов Мохьмад, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин председатель Межиев Салахь-Хьаьжа, Нохчийн Республикин а, Къилбаседа Кавказан а Iеламнехан кхеташонан председатель Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа, кхиберш.
Гулам дIахьош вара республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат. Къаьсттина билгалдаккха догIу Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжин а, Межиев Салахь-Хьаьжин а къамел. Цушимма бусалбанийн динца а дустуш, республикин Конституци тIеэцарехула 2003-чу шеран 23-чу мартехь дIаяьхьначу референдумехь халкъо дакъалацар – нохчийн цхьа барт хилар дара элира.
Россин Федерацин Президента Путин Владимира Нохчийн Республикин Конституцин 13 шо кхачарца нохчийн халкъ декъалдеш яийтина йолу телеграмма дIайийшира республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада.
Цул тIаьхьа сцени тIехь вистхиллачу республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин халкъ декъалдира республикин коьрта закон тIеэцна 13 шо кхачарца. Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, вайн махкарчу къаьмнаша а, нохчийн халкъо а шаьш цхьаъ хилар а, шаьш шайн мехкан дай хилар а дIагайтина де дара 13 шо хьалхалера 23-гIа март.
Иштта, бистхилира Европерчу мехкашкахь бехачу нохчийн векалш а, махкахь машар баран некъа тIехь кхелхинчу кIентийн наной а, кхиберш а.
Гуламан дакъалацархошна лерина концертан программа дIаяьхьира.
И.ХАСАХАНОВ
Суьрта тIехь: гуламан дакъалацархой
№33, еара, бекарг (март) беттан 24-гIа де, 2016 шо