Кхойтта шо хьалха Россин Президента Путин Владимира къобалдира Нохчийн Республикехь дерриге а халкъан референдум дIаяхьар.
***
Референдум дIахьош кхаьжнаш тесира харжамийн 416 куьпахь. Цигахь кхерамазалла ларъеш бара нохчийн милцой.
***
Оцу дийнахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIахьедира, харжамийн каппашкахь долу хьал а, харжамхойн жигаралла а гича: «ХIинца дуьйна вай хIора шарахь 23-чу мартехь даздийр ду Нохчийн Республикин Конституцин де».
***
Референдумехь дакъалаьцначу харжамхойх 96,5 процент болчара кхаж тесира Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарехьа.
***
Харжамхойх 95,08 процент болчара кхаж тесира «Нохчийн Республикин Президент харжаран хьокъехь» долу Нохчийн Республикин закон тIеэцарехьа.
***
«Нохчийн Республикин Парламент харжаран хьокъехь» долу Нохчийн Республикин закон тIеэцарехьа кхаж тесира 95,87 процент харжамхоша.
***
Референдум дIахьош шайгара йоккха жигаралла гайтира Гуьмсан, Курчалойн, Веданан, Шелан, Итон-Кхаьллан, цхьамогIа кхечу кIоштийн бахархоша.
***
Референдум дIаяхьарна тIехь терго латтош бара Россин тайп-тайпанчу политически боламийн, дозанал арахьарчу иттаннаш пачхьалкхийн тергамхой.
***
Мисаран арахьарчу гIуллакхийн министра, Мисаран СССР-хь хилла волчу посола Мурад Галеба къобалдира референдуман жамIаш.
***
Референдум чекхъяьлла буьйса, массо а цецвуьйлуш, цхьа а герз ца кхуссуш, зен-зулам ца деш чекхъелира.
***
Харжамаш хилла кхо де даьлча дерриге а дуьненна дIадовзийтира цуьнан жамIаш. Цул тIаьхьа дIадолийра Нохчийчоьнан президент харжарна кечамаш бар.
***
Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хIетахь аьлла ма-хиллара, халкъан хиндолчунна болатан бух боьттира 2003-чу шеран 23-чу мартехь дIаяьхьначу референдумо.
№33, еара, бекарг (март) беттан 24-гIа де, 2016 шо