13 шо кхечи 2003-чу шеран 23-чу мартехь дерриге а халкъан референдумехь Нохчийн Республикин Коьрта закон тIеэцна.
Референдум дIаяхьа езаш хиларан гIуллакх юкъадаьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Иза чIогIа тешна вара Россин бакъонийн хьаьрме республика юха ца ерзийча вежарша вовшийн байъар, талораш дар, терроризм сацо ницкъ кхочург цахиларх.
Дукхах болчу политикашна референдум дIаяхьа хьалхе ду аьлла хетара. Конституци тIеэцаран гIуллакхаш масех шарна юхататта деза бохура цара. Делахь а, Ахьмад-Хьаьжа тешна вара референдум дIаяьхьчий бен Нохчийн Республикин бахархошна хIун лаьа хаа аьтто цахиларх. Вайна дика дагадогIу цо аьлла дешнаш: «Халкъах дагадовла вай! Халкъана хIун лаьа хьовса вай!». Иза тешаш вара халкъах, цуьнан хьикматах. Цу тIехь и гал а ца велира! Республикин дукхах болчу бахархоша кхаж тесира Россина юкъахь дахарехьа. Иза даггара бина, кхета а кхеташ бина харжам бара.
Конституци тIеэцар бух хилла дIахIоьттира юкъараллехь цхьаалла а, барт а хиларна. Цо билгалбаьккхира республика политикин а, социальни а, экономикин а кхиоран некъ. Цул тIаьхьа вовшахтуьйхира Iедалан органаш, МВД, бакъонаш ларъяран кхийолу структураш, дIадолийра вовшашна юкъахь йолчу галморзахалаша декъна халкъ цхьаьнатохар, йохийна гIаланаш, ярташ меттахIиттор, республикин хьалха хилла болу сий-ларам меттахIоттор.
ХIара де билгалдоккхуш, нохчийн халкъо баркаллица дагалоьцу Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, цуьнан бIеннаш бIанакъостий, дийна берш а, кхелхинарш а, оцу Iаламат халачу хьелашкахь, дахарна болчу кхераме хьаьжна ца Iаш референдум дIаяхьарна кечам бинарш а, дIаяьхьнарш а – берриге а.
Нохчийн Республикин Коьрта закон тIеэцначул тIаьхьа дIаяьллачу хенахь регионехь вуно бакхий хийцамаш хилла. Мехкан тоьллачу субъектийн могIаре хIоьттина вайн республика. Инвесторшна шайн харжаш юкъаяхка уггаре а бегIийла а, тешаме а хета Нохчийчоь. Мехкан уггаре а тоьллачу курортийн цIерш лелочарна юкъах хила лууш ю республика. Вай тешам боллуш токхонехьа а, регионе зазадаккхийтарехьа а доьлхуш ду. Кхиарехьа боьдучу оцу некъана, шеко йоццуш кхачо йо Коьртачу законо. Цуьнца ехаш ю Нохчийчоь.
Дезачу денца хьомсара махкахой! Нохчийн Республикин Конституцин денца!
№33, еара, бекарг (март) беттан 24-гIа де, 2016 шо
