Джабиров ИбрахIиман похIмин йовзаза агIо

евзира хIокху деношкахь цуьнан суьртийн гайтамехь хиллачу хьовсархошна

Яздархочунна керла книга, артистана шен (сольни) концерт, режиссерана керла спектакль хIоттор санна ду суьрташдахкархочунна шен суьртийн гайтам вовшахтохар. И.Джабировн керла книга йовзийтаре кхайкхича-м цхьа а цец ца волура, амма И.Джабировн суьртийн гайтаме кхойкху аьлча, наггахь берш цецбовлура. ХIинццалц ИбрахIим вевзара говза тележурналист, похIме яздархо санна, март беттан 22-чу дийнахь А.-Хь.Кадыровн цIарахчу пачхьалкхан галерейхь вовшахтоьхначу цуьнан суьртийн гайтамо иза вовзийтира художник санна.P1010943я

  Джабиров ИбрахIим вина 1946-чу шеран февраль беттан 18-чу дийнахь Малхбале-Казахстанан областан Лениногорск гIалахь. 1957-чу шарахь Даймахка цIабоьрзу кхеран доьзал. Сиржа-Эвлахь, шен дай баьхначу юьртахь, чекхйоккху юккъера школа. Цул тIаьхьа доьшу Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан техникумехь. Бакъду, цигахь караерзийначу говзаллехь доцуш, тележурналистикехь а, литературехь а карадо цунна шен даго лоьхург. Корреспондент, отделан редактор, юкъараллин-политикин редакцин лакхара редактор, телевиденин коьрта редактор, директор волуш, белхаш бо цо Нохч-ГIалгIайн телевиденехь. Карарчу хенахь «Вестник судебной власти» журналан коьрта редактор ву.

Ешархоша дика тIеэцна И.Джабировн стихийн гуларш, «За стеной Кавказа», «Генерал Эрисхан Алиев» книгаш. Хьалхарниг Михаил Лермонтовн дахаран а, кхоллараллин а некъах лаьцна дуьйцуш ю, шолгIачо паччахьан эскаран инарлин Э.Алиевн бIаьхаллин некъ бовзуьйту. Тахана цуьнан белхан стоьла тIехь Iохку Орцин Тапина леринчу книгин куьйгайозанаш.

Дахаран новкъахь шена тIедехкинчу я ша тIелаьцначу декхаршца иза муха лараво гойту юкъаралло а, Iедало а цуьнан белхан лаккхара мах хадоро. «Россин Федерацин культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист», Соьлжа-ГIалин сийлаллин гражданин» сийлаллин цIерш елла а, ткъа иштта Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан «Дато бухIа» совгIатан лауреат а ву ИбрахIим.P1010944я

Шен суьртийн гайтам схьабелларца И.Джабиров декъал а веш, чулацаме къамелаш дира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан коьртачу редактора Ирисханов Iимрана, поэта Ахмадов Iумара, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президента Дадашев Райкома, Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдан председателан заместитела Сусуркаев Iадлана, художника Тарамов Мусас, Россин Федерацин Лакхарчу суьдан департаментан Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин куьйгалхочун заместитела Джабраилов Асламбека, Нохчийн Республикин халкъан художника Асуханов Амандис, историн Iилманийн доктора Гарсаев Вахас, Нохчийн Республикин халкъан артиста Ясаев Мохьмада, цхьамогIа кхечара а. Журналистикехь а, литературехь а И.Джабировс бинчу белхан лаккхара мах а хадош, къамелаш динчара билгалдаьккхира цуьнан кхоллараллин керла агIо йовзарх шайна билггал кхаъ хилла хилар.

Гайтам хIинцца бен схьабиллина а бац, цига хIиттийначу суьрташка хьовса а, церан мах хадо а таро хир ю Соьлжа-ГIалин бахархойн а, говзанчийн а. Тайп-тайпана хир ду цара И.Джабировн суртдилларан говзаллин мах хадор а, амма шеко йоцуш дерг цхьаъ ду: къоман дIадаханчуьнга а, Нохчийчоьнан Iаламе а, цуьнан адамашка а боккхачу безамца, изза ойла хьовсархойн дегнашкахь а кхуллуш, даггара бина болх бу ИбрахIима бинарг. Дала тIаьхье беркате йойла!

Хь.ДОВКАЕВ

№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: