Чекхдаьлла 2015-гIа шо Россехь «Литературин шо» аьлла дIакхайкхийна дара. Ткъа оццу шеран чаккхенехь вайн республикехь шуьйра билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан 85 шо кхачар. Иштта, март бутт болалуш билгалдаьккхира Яздархойн дуьненаюкъара де а. Литературин а, кхидолу а цхьаьнакхетарш, викторинаш дIаяхьарехь шуьйра болх бо республикин Айдамиров Абузаран цIарахчу къоман библиотекин коллективо. Республикин культурин хьакъйолчу белхахочо Исраилова Сацитас куьйгалла дечу библиотекарийн бертахьчу коллективо хаарца, мало йоцуш вовшахтуху кхузахь тайп-тайпана мероприятеш. Чекхдаьллачу шарахь а дIадаьхьира нохчийн яздархойн юбилейш билгалъяхарна лерина цхьаьнакхетарш. Оцу мехалчу гIуллакха тIехь шайгара дика масал гайтира къоман литературин а, мохкбовзаран а отделаша. Стохка кхузахь дIаяьхьира яздархошна Хамидов Iабдул-Хьамидна, Дадашев Iабдуллина, Айдамиров Абузарна, Бадуев СаIидна, Мамакаев Мохьмадна, Мамакаев Iаьрбина, Ибрагимов Кантина, кхиболчу нохчийн яздархошна лерина дагалецамийн суьйренаш. Цигахь дакъалецира яздархойн гергарчара, студенташа, дешархоша, дехьа-сехьара кхайкхина баьхкинчу хьешаша. Ша къаьсттина хастаме дешнаш ала хьакъ ю къоман литературин а, мохкбовзаран а отделан коллектив. Уьш даима а лехамехь бу. Хьакъ долччу тIегIанехь дIахIоттийна отдело книгашна пропаганда ярехула болу болх. Дика кхочушдо шайн белхан декхарш лакхарчу библиотекарша Таймасханова Падама а, Духаева Яхийтас а, библиотекарша Янгулбаева Седас а, Дадаева Хьавас а. Доггаха бо цара шайн болх. Отделан фондехь 10 эзар сов книга ю, ткъа ешархой 2 эзар сов ву. Библиотекехь дIахьош акци ю «Библиотекина книгица совгIат де» аьлла цIе йолуш. Ешархойн барам кхузахь де-дийна даларца тIеттIа алсамболуш бу. Иза библиотекарша хаддаза дIахьочу мехалчу гIуллакхийн дика тIаьхье ю.
ХIокху шарна лерина а дуккха а мероприятеш ю. Литературин шо чекхдаьлла аьлла малбелла сапаргIат Iаш бац библиотекарш. Хьалха лаьтта керла белхан декхарш, дицлун доцу цхьаьнакхетарш.
Х.ЖАПАРОВ
Россин Федерацин журналистийн союзан декъашхо
№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо