Б.Хамзаевн кхоалгIа меттиг

Дуьненаюкъарчу классан спортан мастеран Павлюков Наколайн сийнна Анапа гIалахь дIаяьхьна кегийрхошна юкъахь боксехула дуьненаюкъара турнирBronza_Beslana_KHamzaeva

Къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара кхойтта пачхьалкхера (Россера, Кубера, Австрера, Эрмалойчуьра, Гуьржийчуьра, Ирландера, и.дI.кх.) 17–18 шераш долу 140 боксер.

Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь дегIан йозалла 60 кг йолчу категорехь яхь къовсуш вара вайн махкахо – Хамзаев Беслан.

Хьалхарчу латарехь Эрмалойчуьрчу Антонян Арманна тIехь а, ¼ финалехь Бадалян Артурана тIехь а толамаш бехира нохчийн боксера. Халахеташ делахь а, ахфиналехь Хамзаевца леташ хиллачу Булатов Артема эшийра вайн махкахо. Иштта, 3-гIа меттиг яьккхира нохчийн боксера.

Доцца довзуьйту Б.Хамзаевн спортан дахарх: 2013-чу шарахь Анапа гIалахь дIаяьхьначу Европехь хьалхеяккхаран чемпионатехь кегийрхошна юкъахь (15–16 шераш) 3-гIа меттиг яьккхина. 2014-чу шарахь Владикавказехь кегийрхошна юкъахь дIадаьхьначу Россехь хьалхеяккхаран боксан къийсадаларшкахь – 1-ра меттиг.

2014-чу шарахь Москвахь дIадаьхьначу 2-зза олимпийски чемпион волчу Лагутин Борисан совгIаташ дахаран Ерригроссин XIV-гIа боксан латаршкахь 2-гIа меттиг яьккхина. 2015-чу шарахь Курган гIалахь кегийрхошлахь Россехь хьалхеяккхаран турнирехь 1-ра меттиг яьккхина.

 

М.БАЙБАТЫРОВА

№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: