Шен дахарехь грипп кхетаза стаг наггахь а хир вац. Уггаре а яьржинчу инфекционни цамгарех цхьаъ ю иза. ХIора а шарахь дукха адамаш «лоцу» гриппо. Къаьсттина гурахь а, б1аьста а яьржа иза. Цундела цу цамгарца доьзна дерриге а хаар дика ду: стенна кхераме ю, муха ларвала веза, хIун дарба лело деза.
Гриппан вирус чIогIа хийцалуш ю. ХIора а шарахь цу вирусан керл-керла кепаш гучуйовлу. Уьш вайн дог1анашна евзаш ца хуьлу, цундела хала хуьлу царна цу цамгарна дуьхьало ян.
Цамгаран истори
Дуккха а бIешераш хьалха дуьйна евзаш ю адамашна грипп. Дуьххьара кехат тIехь дIаязйина йолу гриппан ун (эпидеми) 1580-чу шарахь хилла. Бакъду, хIетахь цу цамгаран башхаллаш а, ц1е а евзаш яцара.
Инфекционни цамгар берриге а махкахь, наггахь масийтта махкахь а цхьаьна яржарх «эпидеми» олу. Цхьа а шеко йоцуш, 1918–1920-чуй шерашкахь дерриге а дуьненахь яьржина йолу, наха «испанка» аьлла цIе тиллина цамгар гриппан эпидеми хилла. Дукха адамаш делира хIетахь цу цамгарх.
Баккъал а гриппан вирус евзира Ингалсехь 1933-чу шарахь. Смита, Эндрюса, Лейдлоус са доь1учу органашна Iаткъам беш йолу шатайпа вирус билгалъяьккхира. Иза «А» гриппан вирус хиллера. 1940-чу шарахь Френдсиса а, Мэджила а гучуяьккхира «В» гриппан вирус, ткъа 1947-чу шарахь Тейлорна кхин цхьаъ керла кеп карийра – «С» гриппан вирус.
Грипп хIун ю?
Грипп – иза лакхара а, лахара а садоьIу «некъаш» дIалоцуш йолу вирусийн цамгар ю. Дахарна кхераме тIаьхьалонаш хила тарло цунах.
Стенах схьайолу цамгар?
Инфекци йохьуш верг цомгаш волу стаг ву. Вирус схьайолу багара довлучу туйнех а, легашкара схьайоккхучу шетах а, хьорчам я йовхар тоьхча мера чуьра арайолучу т1уьналлех а. Цомгашчу стагана уллехь Iийча, хIаваэхула стеган мера чу, бIаьрга, садоь1учу лакхарчу органашка кхача там бу вирус. Иштта, вирусаш цхьанхьа охьайийша там бу. Цул тIаьхьа цомгаш хиллачо лелийна хIума лелийча, цо куьйгаш Iиттинчу куьг кхетча а цамгар тIейолу стагана.
Кхид1а вирус пехашка кхочу, яржа йолало. Масех сохьтехь садоь1у ерриге а органаш дIалоцу гриппо. Ма-дарра хууш дац вирус яржар хIун бахьанехь соцуш ду. Дукхахьолахь, 2–5 де даьлча, вирус яьржачуьра соцу, стаг кхерамах хьалхаволу.
Гриппан билгалонаш
Грипп кхетаран хан йоца ю. Вирус схьа а кхетта, цамгаран дуьххьарлера билгалонаш гучуйовлале 24–48 сахьт хан йолу. Стагана хаа а луш, схьакхета иза. ЧIаг1алле хьаьжжина, грипп кхаа кепе йоькъу: атта а, юккъера а, хала а. Муьлххачу кепехь а мелла а «интоксикаци» йоцуш ца хуьлу. Интоксикаци – иза стеган чорхах «арахьара» схьакхеттачу дIаьвшечу хIуманаша могашаллина беш болу тIеIаткъам бу. Грипп йолчу хенахь интоксикацин масех билгало хила тарло стагаца. Цу юкъахь ду дагар хьаладалар, цамгаран бараме хьаьжжина, 38-нна тIера 40 градусе кхаччалц хила тарло дагар, корта лазар, къаьсттина хье а, бIаьргаш а долчохь, бIаьргаш дIаса хьежочу хенахь лазор, дегIан меженаш, хуттургаш лазар, дегI доьхна хилар, юучу хIуманах чам балар. И билгалонаш 5 дийне кхаччалц яхъяла там бу. Ткъа жIаьлин ун, легаш лазар, йовхарш, аз дIадалар 7–10 дийнахь лаьтта.
Кест-кестта хьанна кхета грипп?
Дукхахьолахь иммунитет лахара йолчу нахана кхеташ цамгар ю грипп. Царна юкъахь ду 2 шо кхачаза долу бераш, (церан иммунитет чIаг1ъелла ялаза ю) дуьнен чу бевлчахьана дуьйна иммунодефициташ йолу я ВИЧ-лазар долу нах а, баккхий нах а.
Гриппан профилактика
Цу цамгарх ларваларехь уггаре а коьртаниг ду бIаьргийн, меран, бетан мазин пардошна тIе вирус цакхачийтар. Цундела цомгашчу стагах лардала деза. Цул сов дицдан мегар дац лазархочо лелийначу хIуманашца а, иза чохь хиллачу хIусамехь а вирусаш йисина тарлуш хилар. Ишттачу хьолехь, куьйгаш кест-кеста дила деза, цIена доцу куьйгаш юьхьа тIе кхийдо мегар дац.
Иммунитет дика хилийтархьама
Дика а, нийса а яахIума яа еза (къаьсттина стоьмаш, хасстоьмаш). Буучу кхачанца кхоччуш белокаш, углеводаш, хьоналла, витаминаш а хила еза. Физкультурица гергарло лело деза, цIеначу хIаваэ вийла веза кест-кеста. СадаIар а, наб яр а шен-шен рожехь нисдан деза. Цигаьрка оза мегар дац, цо вуно чIогIа охьайоккху иммунитет.
Дарба
Цамгаран йозалле хьаьжжина дан деза дарба. Нагахь санна чIогIа цомгаш хиллехь, лоьре молханаш яздайтина, лоьрийн дарба лело деза. Цамгар гена ялаза елахь, вирус схьа ма кхетта, масех де меттахь даьккхича дика хир ду, ара а ца дуьйлуш. Дуккха а чай мийла деза, лимонаца а, цIечу комарийн вареница а. Дика хир ю кхехкийна йовхха шура а, чу хьелийн даьтта а тесна. Къаьсттина дика ю газанан шура. Вирусна дуьхьало еш долчу молханаша дика гIоле йо. Лоьро яздина ца хилча а, мала мегарш а ду царна юкъахь.
Стеган дахарехь уггаре а коьртаниг могашалла ю. «Могашалла – дерриге-м дац, амма могашалла ца хилча, дерригенах дан хIума а дац», – олуш цхьа кица ду. Муьлххачу а цамгарх Дала лардойла вай, могашалла а ма эшайойла цкъа а. Ткъа вайн декхар – ма хуьллу цу цамгарх лардалар.
А.МУСАЕВА