Хьекъале аларш

Стеган сий хьалаойъург а, цуьнан цӀе йожориг а иза ша ву.

– Шегара куралла дӀаяьккхинарг Далла а, нахана а везар ву.

– Сутараллина тӀехь толам баьккхинарг ирсе хир ву.

– Шегара оьгӀазалла сацийнарг самукъане хир ву.

– Бакъдерг, цкъа мацца даьлла а, гучудер ду, ткъа харцо доь доцуш дӀаер ю.

– Стаг хазвийриг – хьекъал ду, хьекъал хаздийриг – собар, собар хаздийриг – доьналла.

– Токхечу дахаран хьостанаш – машар а, къинхьегам а бу.

– Бахьана а доцуш, стага дов даккхар – иза сонта хиларан билгало ю.

– Дикачу гӀуллакхаша вай ирсе до, амма нийсо йоцчохь ирс хуьлийла дац. Цундела верриге а нийсо ларъеш хила веза.

ДIаяздинарг – М.АРСАНУКАЕВ

 

№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: