(25-гIа март – Россин культурин белхахочун де)
Дукха хан яра Адаев Султанан кхоллараллех лаьцна яздан болчу лаамо сан садуу. Цкъа-шозза къамел хиллера тхойшиннан цу хьокъехь. Цо цкъа а «ХIан-хIа» олий дог а ца дохадора. Делахь а, парггIат къамел дан аьтто хинболу де билгал а ца доккхура. Цхьана хIуманах ийзалуш санна, даима массаьрца бехк лоьцуш вара иза. ЧIогIа гIиллакхе вара жимачуьнца а, воккхачуьнца а. Балхана Iаламат тIера а вара. Даима, хаддаза репетицешкахь хуьлура. Вайн республикехь кест-кеста дIахьочу мероприятешкахь дакъалацаро а дукха хан дIайоккхура цуьнан. ТIаьхьо со кхийтира – Адаев Султанна бегIийла ца хетара шех лаьцна дийца. Муьлххачу къамелехь цо ша куьйгалла деш йолу оркестр юьйцура, оркестран декъашхой а буьйцура. Уьш-м бийца хьакъдолуш кIентий бара. Царах дукхахберш вайн халкъан культура кхиорна юкъа шайн хазна йиллина бара. Царах ву: Межидов Сахьаб, Багацаев Рамзан, Сааев Ваха, иштта дуккха а кхиберш. Кхин кIезиг къахьегна Адаев Султан а вацара. Амма шех цхьаннах долчу къамелах даима къехкаш вар-кха иза. ТIаьххьара тхан хиллачу къамелехь цо бехкала а вахана элира: – «ХIинца мелла а дIататта дезар ду вайшиннан къамел. Дуьйцуш хаза дацахь а, хIусамнана могаш йоцуш хилла сан. Иза эцна Москва воьдуш ву со. Тамехь ца хета суна, чохь дархо волуш сайх лаьцна хабарш дийца а, интервью яла а». Иштта адамаллех юьззина яра цуьнан амал. Цу оьздачу адамаллех ца туьлуш дерриге а дахарехула чекхвелира. Адаев Султан Нохчийн Республикин халкъан артист вара. Нохчийн халкъан музыкийн гIирсийн оркестран дирижер а, исбаьхьаллин куьйгалхо а вара. Цо дукха къахьегнера и оркестр вовшахтухуш. Онда бала хьегнера цкъа оркестрана дIатаръяла хIусам йоцуш, тIаккха вайн халкъан музыкийн гIирсаш боцуш, уьш эца ахча доцуш. Амма бераллехь дуьйна мукъамийн исбаьхьчу дуьнено йийсаре лаьцна говзанча къар ца велира халонашна. Нохчийн халкъан мукъамаш мел дезарш вайн махкара орцахбаьхна шен хьуьнарца, говзаллица халкъан музыкин гIирсийн оркестран болх корматаллин лаккхарчу тIегIане хьалабаьккхинера цо. Султанан похIмин доккха дакъа дара и оркестр кхиамца болх беш хилар. Нохчийчохь евзина Iаш яцара и кхоллараллин тоба. Ерриге а Кавказехь говзанчаша а, ладогIархоша а лаккхара мах хадош бара оркестран болх. Цунах Iаламат воккхавера куьйгалхо.
1957-чу шеран 20-чу июлехь Казахстанерчу Кызыл-Ордахь дуьнен чу ваьлла Адаев Султан. Нохчийн боккхачу доьзалехь хьалакхиъна ву кIант. Цуьнан ден-ненан ворхI доьзалхо вара, Султан воккхахверг волуш. Султанан да Ама дечиг-пхьар вара. Халкъан мукъамаш безаш а, чIогIа хаза хелхаволуш а хилла иза. Цигара схьахила там бу Султанан кхолларалле болу безам. Бакъду, юьхьанца кIант ца хIуттура шен лаам дена бовзийта. Халкъан гIиллакхаш а, Iадаташ а лерина лардеш дара АдаевгIеран доьзалехь. Ткъа кIентан мукъамашка болу безам къобал бан резаверг наггахь ца волура, цу хенахь-м муххале а. Кызыл-Ордахь чекхъяьккхина Адаев Султана юккъера школа. Мукъамашка безам а школехь доьшуш волуш кхоллабелира цуьнан. Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна кIант школин хора юкъахь вара. Бераллехь дуьйна Султанан доттагIалла тасаделла цхьа оьрсийн кIант вара, кхеран лулахь Iаш. Володя яра цуьнан цIе. Султан санна мукъамаш дагадоьхна вара иза а. Хетарехь, шина кIентан доттагIалла чIагIдинарг а мукъамашка болу безам бара. Лакхарчу классашкахь доьшуш волуш, цIерачарна ца хоуьйтуш, суьйранна парке воьдура ши кIант. Цигахь хIора суьйранна болх беш «Нийсархо» цIе йолу вокально-инструментальни ансамбль яра. Наггахь музыканташа, шаьш гIелбелча кхаьрга гитара локхуьйтура. Кхиъна вогIучу Султанан дуьйцийла йоцуш самукъадолура цунах. Юккъера школа чекхъяьккхина ваьлча, иза курсашка вахара кхачам боллуш гитара Iамо дагахь. Бакъду, цхьана шарахь гитара Iамийна ваьлча, шолгIачу шарахь а курсашкахь саца лиира цунна. ХIинца жимачу стеган Iалашо яра шедаг лакха Iамор. ТIаьхьо «Нийсархо» ансамбле балха дIаийцира кIант. 1976-чу шарахь Нохчийчу цIаверззалц цу ансамблехь болх бира Адаев Султана.
Нохчийчу цIавоьрзуш белхан зеделларг делахь а, ткъа шо кхачаза жима стаг вара Адаев Султан. Амма караерзийначу говзаллех тоам бина ца Iаш, Соьлжа-ГIаларчу музыкальни училище деша вахара. Шедаг лакхаран говзалла кхин а шаръян болчу лаамо валийра иза цига. Никитина Ольга Михайловна яра цуьнан хьехархо. Цо дика Iамийра мукъамийн къайленаш йовза хьаьгна волу нохчийн кIант. Дийца даьккхинчуьра билгалдаккха луур дара, нохчийн халкъан музыкин гIирс шедаг белахь а, вайнахах Адаев Султан бен вац тахана а Iилманан буха тIехь и говзалла караерзийна. Бакъдерг дийцича цо-м Соьлжа-ГIалара музыкальни училище чекхъяккхарх тоам ца беш, Ленинградехь консерватори чекхъяьккхина. Цундела шортта дара цуьнгахь шен корматаллина оьшу хаарш. Советийн заманахь Нохч-ГIалгIайн Республикехь кхиамца болх беш яра Кавказехь а евзаш йолу симфонически оркестр. Нохчех Адаев Султан воцург кхин стаг-м вацара цу юкъахь болх беш. Ишта-м цо кхечу кхоллараллин тобанашца а бина болх. Уггаре а хьалха цу декъехь билгалъяккха йогIу нохчийн къоман дозалла хилла схьайогIу дуьненна евза «Вайнах» ансамбль. Дукха некъаш гездина Адаев Султана оцу ансамблаца. Цкъа мацах, тIом балале дуккха а хьалха Нохч-ГIалгIайн халкъан артиста Чергизбиев Зайндис вовшахтоьхна халкъан музыкин гIирсийн оркестр яра Соьлжа-ГIалахь болх беш. Цу оркестрехь кхиамца болх бина Адаев Султана а. Вайна хууш ду Россин Федерацин хьакъйолу артистка Айдамирова Аймани мел говза, похIме кхоллараллин адам ду. Айманис ша а бо говзаллин лаккхарчу тIегIанехь болх. Ша куьйгалла дечу тобане а гулдо цо даима иштта хьуьнаре адамаш. «ЖовхIар» цIе йолу мехкарийн вокальни тоба ша вовшахтухуш, фольклоран буха тIехь болх бан дагахь хиларе терра, Айманис уггаре а хьалха Адаев Султане кхайкхира цу тобане. Дика евзаш яра Нохчийн Республикин халкъан артиста Тахаев Мохьмада куьйгалла деш хилла «Ловзар» цIе йолу хелхаран кегийрхойн ансамбль. ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь буьрсачу тIеман цIе вайн махкахь летча «Ловзар» ансамбль кхечу пачхьалкхашкахула гастролашка оьхура къоман культура дозанал арахьарчу халкъашка гойтуш. «Ловзарца» гастролашкахь а хилла Адаев Султан. Иза хийлазза дуьненаюкъарчу шедаглакхархойн (флейта) конкурсийн лауреат хилла. 1998-чу шарахь дара Хонкарахь дIаяьхьначу Дуьненаюкъарчу «Бурса–98» конкурсан лауреат иза хилча. Цигахь баьккхинчу толамо дог ир-кара хIоттийна вахара иза 1999-чу шарахь Итали. Цигахь яра «Палермо–99» цIе йолу Дуьненаюкъара шедаглакхархойн конкурс. Цигахь а толам баьккхира вайн махкахочо. Эххар а Россехь йира и тайпа конкурс. 2009-чу шарахь Сочехь вовшахтоьхна яра Ерригроссин «Сочи–2009» цIе йолу конкурс. Цигара а, толам баьккхина, лауреатан диплом, мидал йохьуш цIавирзира похIме артист. Амма мел боккха толам баккхарх, кхиамийн лакхенаш караерзорх цкъа а царах дозалла деш, я уьш кхайкхош Iедал дацара цуьнан, цхьа рогIера гIуллакх долуш санна, тесна дуьтура, хьеха ца деш. Иза цуьнан оьздангалла яра. Дуьне цецдаккхал даима Адаев Султанехь хилла йолу. Иза цкъа а телекамерина хьалха гIерташ вацара, я ша дина диканаш кхайкхош вацара. Муьлхха похIме стаг санна Iаламат экама вара. Массо а хIуманал деза, дай баьхна латта лорура цо. ЦIархазмана доцуш, баккъал а сил дукхаезаш, къоман культура кхио болчу лаамца хьанал къахьоьгура. 2008-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин халкъан музыкин гIирсийн оркестран куьйгаллехь болх беш вара Адаев Султан. Куьйгалхо вара аьлла шена бегIийлаш лоьхуш-м вацара. Иза цхьаъ вара вайн махкахь шедаган говзанча. Дерриге а цу гIирсах доллург девзаш, цуьнан башха мукъам лоруш, безаш. Вайн махкахь буьрсачу тIеман цIе кхерсташ, дерриге а нохчийн къомана санна, бохамаш а, зенаш а кхаьчнера Адаев Султанан хIусаме. Чуьра яйна йийбар, сал-пал цунна гуш яцара. Ерза ца туьгу чов йинера артистана шедагаш ягаро. Ткъа аганара воьссичахьана хьарамчу рицкъанах къехкаш волчу Адаев Султанан уьш юха эца ахча дацара. Цундела ехха хан яьхьира цо догэшна. Эххар а кхуьнан дегаIийжам Москвахь волчу бизнесменах Сайдулаев Маликах дIакхийтира. Цо кхайкхина ша волчу дIавигира шедаглакхархо. ТIаккха музыкин гIирсаш бухкучу туькана а вигна, кхуьнга шега харжа а харжийтина, шедагца артистана совгIат дира. Хетарехь, Адаев Султанан дахарехь уггаре а ирсе де дара иза. Цо цкъа а карара дIахоьцуш яцара и шедаг. Цуьнца ялхайора цо шен экамчу сих хьерча гIайгIанаш а, наггахь нислуш йолу догъоьцу хазахетаран ойланаш а. Нохчийн халкъан музыкин гIирсийн оркестро концерт лучу заманчохь, зевнечу мукъамийн йийсаре бахана хьовсархой, даима сатесна хуьлура дирижеро шедаг схьаэцаре. Адаев Султанан карахь башха бекара вайн халкъан музыкин гIирс. Шедаган исбаьхьа екар ладогIархойн синкIоргене кхочура, беркате ойланаш гIиттош, дикане кхойкхуш, нохчийн халкъан сирлачу кханенах дегайовхо чIагIъеш. Искусствон шатайпанчу тIеIаткъаман ницкъ бара и синхаамаш меттахбохург. Хьуьнаре Адаев Султан говза артист хиларна къеггина тоьшалла дара иза. Цунах дика кхетара мукъамийн исбаьхьчу дуьнене безам болуш мел верг. Массарна дукха а везара шедаган говзанча. Бакъдерг дийцича, ша везийта цунна хаа а хаьара. Иза собаре куьйгалхо, тешаме накъост, похIме дирижер вара. Цхьанна а ца моьттура Адаев Султан иштта сиха дIагIур ву. Цуьнца цкъа а, цхьанна а сиркхо ца хааеллера. Амма, 2015-чу шеран 4-чу февралехь шен белхан меттехь дIавелира мукъамийн говзанча. ЦIеххьана даге деанчу лазаро дIавигира иза. Нохчийн Республикин культурина эшам хилла Iаш бац и тайпа говзанча дIавалар. Халкъана, махкана боккха эшам бу иштта похIме стаг лаьтте верзар. Амма дIаваьллера аьлла Адаев Султан вицван вайн бакъо яц. Къоман культура кхиорехь хьанал къахьегна, шен дерриге а дахар халкъан мукъамаш денбарна тIехьажийна ваьхна ву иза. Цуьнан корматалло адамийн догъоьцура, адамалле, къинхетаме, дикалле кхойкхура. Цундела вара иза вайна массарна хьоме а, гергара а.
А.ГАЗИЕВА
№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо