Цамгар эшалуш, дIаяккхалуш ю

(24-гIа март – Туберкулезаца къийсам латторан дуьненаюкъара де)

Туберкулезаца къийсам латторан де герга кхочуш, тхо цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствон Туберкулезаца къийсам латторан республикин диспансеран коьрта лор а, медицинин Iилманийн кандидат а волчу Сайдуллаев Iаьрби-Хьаьжица. Туберкулез  цамгарх а, карарчу хенахь вайн республикехь оцу цамгарца долу хьал а довзийтира цо тхан журналистан хаттаршна жоьпаш луш.Сайдуллаев 1аьрби-Хьаьжа 2

  – Iаьрби-Хьаьжа, мел генара а тIе бIаьрг хIуттуш йоккха ю туберкулезаца къийсам латторан республикин диспансеран гIишло. ХIинцца чекхдаьлча санна хета хIара схьайиллина де.

– Зама сиха ма-йоьду. Бакъду иза. Республикин керла диспансер 2013-чу шеран 24-чу декабрехь схьайиллира.

  – Туберкулез цамгарца къийсам латторан де 24-чу мартаца доьзна хиларан хIун бахьана ду?

–Немцойн микробиолог вара Роберт Кох, цо 1882-чу шарахь хаийтира шена туберкулезан бактери карийна хилар. Иза 24-чу мартехь хилла. Цул тIаьхьа, 1905-чу шарахь оцу Iилманчина Нобелан СовгIат дира медицинин Iилманехь кхиамаш бахарна. Юха, 1982-чу шарахь 24-гIа март Могашалла Iалашъяран дерригдуьненан организацис а (ВОЗ), Туберкулезаца а, пехийн цамгаршца а къийсам латторан Дуьненаюкъарчу союзо а хIора шарахь билгалдаккха деза и де аьлла сацам тIеийцира.

Иштта, 1993-чу шарахь Могашалла Iалашъяран дерригдуьненан организацис, туберкулез цамгар къоман бохам бу аьлла дIахьедар а дина, 24-гIа март туберкулезаца къийсам латторан де ду аьлла дIакхайкхийна. Туберкулез – хIаваэхула а, цIийца а, туйнца а яьржаш йолу инфекционни цамгар ю. Шен хеннахь дарба ца дича, туберкулез йолчу цхьана стага шена гуонахара 10–15 стаг цомгаш варна кхерам бу.

  – Вайн республикехь муха ду и цамгар йолчунна гучуяккхар а, цунна дарба даран а хьал?

–ДIадаханчу 2015-чу шеран хьесапаш, терахьаш далор ду ас. Вайн республикехь 1 370 137 вахархо ву. (2015-чу шеран 1-ра январехь). Диспансер кхузаманан лехамашца йогIуш йина ю. Медицинин гIирсаш а, молханаш а долуш ду. Баккхийчеран а, берийн а диспансерни-поликлиникин отделенеш ю клинико-диагностикин а, бактериологин лаборатореш йолуш, рентгенан отделени а ю флюорографин кабинетаца. Кхузахь стационар ю 300 меттиг йолуш (маьнга). Дархошна дийнахь-буса а дарба дойтуш пехийн-терапин 3 отделени ю. Цхьана отделенехь 80, вукху шинхьа шовзткъе итт-итт маьнга бу. Дифференциально-диагностикин отделенехь 40 маьнга бу (берийн отделенехь – 20 маьнга), иштта хирургин отделени ю 60 маьнга болуш. Таблица йина оха дIадаханчу шерийн хьесап деш:

  2010-гIа      

     шо

2011-гIа

     шо

2012-гIа

    шо

2013-гIа

     шо

2014-гIа

     шо

2015-гIа

     шо

Нохчийн Республикин бахархой 1268042 1275219 1302165 1324767 1346438 1370173
Туберкулез дуьххьара гучуяьлларш 901 770 510 498 400 417
Ерриге а методашца таллам бинарш 435457 467631 123025 417482 262778 575267
% бахархойх 34,4 36,8 20,5 31,5 20,0 42,0
Флюорографех (ФГ) чекхбевлларш 130454 150407 183453 197926 193145 280771
ФГ-х чекхбевлла цамгар карийнарш 113 55 25 36 34 48
Туберкулез дуьххьара карийнарш 0,9 0,4 0,1 0,2 0,2 0,2
Дуьххьара таллам бича цамгар карийна боьрша нах 515 408 290 224 229 206
Дуьххьара таллам бича цамгар карийна зударий 391 295 194 242 171 211

  – Халонаш мичахь ю?

–Туберкулезана дарба дан иштта хала а дац. Халаниг иза вайн адамийн синкхетам самабаккхар ду. Туберкулез гучуяьллачарна юкъара 90 процент дархой и цамгар дукха гена яьлча бен шайх дерг ца хоуьйтуш хуьлу. Туберкулезан «палочка» хьакхаеллачу муьрехь кхочуш хилча дика дара вайн нах диспансере. ДIадаханчу шерашца дуьстича, вуон дац схьагуш долу сурт. Масала, 2007-чу шарахь, 100 000 стагана юкъахь 84,5 процент и цамгар йолуш хиллехь, 2016-чу шарахь 30,4 процент бен вац.

Адам мелла а дIасакхелхаш ду вайн (внутренняя миграция). Цамгар дIасаяржар а цу тIера ду. Вуьшта, вайн нахана, и цамгар шайца юй ца хоуьйтуш, лечкъина Iийча дика ду моьтту, иза хилар эхье лору. Туберкулез вайх муьлххачунна а, дагахь доццучохь а кхета тарлуш ю. Цундела даима а сема хила деза. Шарахь цкъа девлла а флюорографех чекхдовла деза, цIийн анализ яйта еза. Республикин бюджетера хилла ца Iаш, Дуьненаюкъарчу «Врачи без границ» (Нидерландера) организацис а гIо деш ду Нохчийн Республикин туберкулезан службина. Уггаре а механа деза молханаш ду цара и цамгар 5-чу тIегIанна тIекхаьчча гIо деш латтош. Цхьана дархочунна 40 эзар евро къастадо цара. Оццул харж йолу цхьана стагана оьшучу молханашна.

Амма, гIуллакх оцу кхерамечу хьоле а ца долуьйтуш, шен  жимма а шеко йолчо, больнице а вахана, анализ дIаелла, Кохан палочка гучуяларна шена дарба, гIоли хуьлу некъ лаха беза. Шена вуон дина ца Iаш, шен доьзална а, гергарчарна а, белхан накъосташна а бала бо и цамгар хилар къайладахьа гIертачо. Иза нийса дац. Дарба лелийча дIайолуш цамгар ю туберкулез. Хьалха туберкулез социальни цамгар лоруш яра, ткъа хIинца таро, хьелаш дика долчу доьзалехь а гучуйолуш ю иза.

  –Туберкулез ца хилийта хIун дан деза вай?

–ХIорамма а шена гуонахара социальни а, медицинин а, санитарни-гигиенически а хьелаш тодархьама къахьега деза. Вайна ца деза диспансеризаци боху гIуллакх. Амма иза Iаламат чIогIа оьшуш гIуллакх ду, вайниг санна жимачу халкъана муххале а.

2016-чу шарахь 42 процент бахархошна и цамгар ю-яц хьожуш талламаш бина. Царех 18 стагана туберкулез хилар гучудаьлла. Уьш балхахь-некъахь болу нах бу. Вуьшта аьлча, тIаьхьарчу шерашкахь туберкулезана профилактика Нохчийн Республикерчу бахархойх 31,5 процентана бен ца йина. Цамгар дIаяккха харжаш ечул а, цамгар ца хилийта къахьегча дика дара вай.

Делан къинхетамца, белхахошна а, студенташна а, дешархошна а юкъахь мелла а яло профилактика. Ткъа кхиболу нах, я балхахь а, я доьшуш а боцурш профилактикина юкъа ца богIу, ца нисло. Иза новкъа а ду.

Дукха хьолахь, дагахь а доцуш кхин лазар я кхин бала эцна больнице кхаьчча гучудолу царна шайна туберкулез хилар. Флюорографин гIоьнца туберкулезана диагностика 2015-чу шарахь 42 процент бахархошна бен ца йина Нохчийн Республикехь (Россин Федерацехь 66,6 процент). Ас ма-аллара, белхахой, студенташ, дешархой бу флюорографи йойтушберш. Ткъа балхахь боцурш а, пенсионераш а бу юьстаха буьсуш берш.

  – Iаьрби-Хьаьжа, чIогIа мехала ду бер дуьнен чу даьлча оцу унах лардар а. Цу декъехь деш хIун ду?

Вайн республикехь 2013–2014-чуй шерашкахь туберкулинодиагностика йина а яц ала мегар ду (туберкулин эцна дацара). 2015-чу шарахь туберкулинодиагностика йина 73,6 процент берашна. Берашна юкъахь и цамгар яьржаш хилар лазаме ду. Масала, дуьнен чу даьллачу дийнахь дуьйна 14 шо кхаччалц долу бераш 2013-чу шарахь 3–4,5 процент нислора туберкулез йолуш 100 000 берана юкъахь. 2013-гIа шо кхаччалц Нохчийн Республикехь 5-зза лахъеллера берийн туберкулез. Роддомашкахь БЦЖ яр лахлуш ду.

2010-чу шарахь – 80,6 процент; 2011-чу шарахь – 87,2 процент; 2012-чу шарахь – 75,3 процент; 2013-чу шарахь – 82,7 процент; 2014-чу шарахь – 79,7 процент; 2015-чу шарахь – 71,6 процент йина БЦЖ прививка.

  –Хьалха, школехь пхьаьрсана «манту» йора. Иза тоьаш дац, схьадийцарехь. Керла кепаш юй туберкулез гучуяккхаран?

–Туберкулез ВИЧ-инфекцица цхьаьна йогIуш ю вайн заманахь. Иза йолчеран барам а алсамболуш бу. 2010-чу шарахь – 93; 2011-чу шарахь – 93; 2012-чу шарахь – 121; 2013-чу шарахь – 141; 2014-чу шарахь – 176; 2015-чу шарахь – 179 стаг ву туберкулез, ВИЧ инфекци йолуш. Ирча, ладоьгIийла йолуш ду и хьал!

  – Дог лазадоккхуш ду хьал… Вайн республикин бахархошка хIун эр дара ахь?

– Цамгар, муьлхха а, ша цхьаъ ца йогIу. Дукха хьолахь, психикин цамгар ю цуьнца цхьаьна. Ша цомгаш хилларг шена гуонахара нах могаш хилар ца дезаш, ца лалуш хуьлу. ХьагI, оьгIазло, бекхам баран ойла. Оцу ойланца бу туберкулез йолчу нахана юкъара 70 процент нах. Стаг уггаре а хьалха цIена лела веза, цIахь, балхахь, урам-новкъахь, юкъараллин транспорта чохь, кафехь, базарахь. Цхьана а кепара бехказлонаш ца лоьхуш, шарахь цкъа йина а флюорографи яйта еза, цIийн анализ яла а еза. Спорт – дика дарба ду. Вайн республикехь туберкулез йолчарна юкъахь дукхахберш божарий бу. Малар, цигаьрка, наркотик лелор ду коьрта бахьана. Цаьргахула дIасакхочу туберкулезан бактери. Могашалла доккха ниIмат ду. Туберкулез къоман юкъара проблема ю. Иза беккъа цхьанна кхочуш бала бац. Амма и цамгар эшалуш, дIаяккхалуш ю.

Вовшех дог лозуш хила деза вай. Тхайн диспансеран лоьрашна, технически белхахошна тIера сайна тIекхаччалц, цхьа а жоьпаллех хьалха ца волуьйту ас. Сайн ницкъ, хьекъал, хаарш кхоор дац нахана гIо-накъосталла дарна тIехь. ХIара дуьне ду. Тахана тхо лоьраш ду, кхана тхо а хила тарло дархойн могIарехь. Туберкулезаца къийсам латторан  дуьненаюкъара де тIекхочуш вайн республикера берриге а фтизиатрш, лоьраш декъалбан луур ду. Дала хьуьнар, собар лойла шуна! Цомгашчарна Дала маршалла дойла!

Интервью дIаяьхьнарг – З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Суьрта тIехь: Нохчийн Республикин коьрта фтизиатр Сайдуллаев Iаьрби-Хьаьжа

№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: