Берийн беза хьеший

(27-гIа март – Театран дерригдуьненан де)

Генарчу 1935-чу шарахь дара тайнигаш дукхаеза артисташ цхьаьнакхетта, цара Соьлжа-ГIаларчу берашна лерина дуьххьарлера спектакль хIоттийча. Павел Бердников, Мария Яковлева, Евгения Тааль, Екатерина Холод, иштта кхиболу артисташ а бара Нохчийн Республикин коьртачу шахьарехь дуьххьара тайнигийн спектакль хIоттийнарш. Спектаклан цIе «Волшебная галоша» яра. Иза оьрсийн яздархочо Марк Давидович Сергеевс ( бакъйолу фамили Гантваргер) изза цIе йолуш язйинчу книги тIехь хIоттийна яра. Цу муьрехь цхьанна а дагахь дацара вайн махкахь тайнигийн театр хир ю бохург. Амма, къоначу артисташа гайтина самукъане туьйра массарна чIогIа тайра. Къаьсттина бераш дара цуьнга юх-юха хьовса лууш. Шарахь гергга шайн лаамехь болх бира артисташа, луш алапа а доцуш, я шайн хIусам а йоцуш. 1936-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгалла кхеттачух тера дара берашна и тайпа кхетош-кхиоран кхерч оьшуш хиларх. Мухха делахь а, оцу шарахь Iедало сацам тIеоьцу Соьлжа-ГIалахь тайнигийн театр вовшахтоха. Цу хенахь дуьйна кхиамца болх беш схьайогIуш а ю иза. ХIинца иза Къоначу хьажархочун театр ю. Юьхьанца вайн махкарчу тайнигийн театро хIиттош йолу спектаклаш оьрсийн маттахь яра. 1957-чу шарахь вайнах Казахстанера, ГIиргIизойчуьра цIабирзича нохчийн маттахь спектаклаш хIитто йолаелира тайнигийн театр. Цул тIаьхьа, шийтта шо даьлча гIалгIайн маттахь а хIитто йолийра. ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчу хьаьвзинчу зуламан доккха цхьа дакъа тайнигийн театрана а кхечира. ГIишло йохийра. Реквизит, декорацеш, тайнигаш хIаллакьхилира. Дукхах болу артисташ буьрсачу тIамах бевдда дIасабахара. Амма, нохчийн артисташ къар ца белира цу халонашна. ТIеман гIовгIа дIаерзарца цара карлабаьккхира шайн болх. Лехира тайнигаш ян гIирс а, говзанчаш а. Барт бира авторшца берашна лерина керла пьесаш язъяран хьокъехь. Яздархочо Усманов Iаьрбис язйина театре еара «Тайна пещеры» цIе йолу пьеса. Ахмадов Мусас язйира ЧIирдигах лаьцна пьеса. Иштта дIаболийра Нохчийн Республикин Тайнигийн театро луьрачу тIамо Iовжийначу Соьлжа-ГIалахь шен беркате болх. Дукха къахьийгира театран кхоллараллин коллективо, шайн цкъа мацах хилла хьовсархой юхаберзо гIерташ. Кечйина яьлла, спектакль берашна дIагайта бегIийла йолуш, гIишло цахиларна артисташ дукха хьолахь гастролашкахь хуьлура. Хетарехь, Нохчийн Республикехь цхьа а юрт яцара Къоначу хьажархочун театр спектаклаца кхачаза. Бераша самукъадаларца тIеоьцура артисташ, лаккхара мах хадабора шайн дуьхьа цара хIоттийначу спектаклан. Тахана Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо Сагаев Муса ву театран куьйгаллехь лаьтташ. Цуьнан хьуьнарца шоръелла театран гастролийн географи а. Вайн махкахь спектаклаш гайтина Iаш яц хIинца коллектив. Кху тIаьхьарчу цхьана-шина шарахь театран артисташ шаьш кечйина спектаклаш гойтуш хилла ХIирийн махкахь, Волгоградехь, Саранскехь, Самарехь. Массанхьа боккхачу ларамца тIеэцна хIорш, бинчу белхан лаккхара мах а хадийна. Кху шарахь кхин цхьа хазахетар а хилла Нохчийн Республикин театран дахарехь. Иза керлачу гIишло чу йирзина. Иза а театран директор волчу Сагаев Мусан хьуьнарца нисделла гIуллакх ду. Дала тIаьхье беркате йойла! Хаддаза аншлагаш лаьттийла шун керлачу хIусамехь, тхан хьоме доттагIий!

Нийса хир дацара театрехь болх бечу, вайн берашна Iаламат дукхабезачу тоьллачу актерийн цIерш ца яьхча. Царах бу Нохчийн Республикин халкъан артисташ З.Газалапова, А.Вакуева, Л.Вискаева, А.Виситаев, Нохчийн Республикин хьакъволу артист А.Хадашев, иштта кхиберш а. ПохIма долу режиссераш бу цаьрца вайн берашна дукхаеза спектаклаш хIиттош. Уггаре а хьалха цIе яккха хьакъ ву театран коьрта режиссер Шахгириев Рустам, режиссер Зухайраева Милана. Церан лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматалло даима дегнаш хьоьсту вайн берийн, уьш дикане кхойкху, къинхетаме хила Iамадо, халкъана, махкана муьтIахь хила дезарх кхетадо. Таханлера бераш къоман кхане юйла хууш, хьанал къахьоьгуш схьайогIу Нохчийн Республикин къоначу хьажархочун театран кхоллараллин коллектив. Доккха дакъа юкъадуьллу театро къоман тIаьхье кхетош-кхиорна. Цундела цIенчу даггара ала лаьа: кхин а бIаьрлачу кхиамашка кхочийла хьо, тхан хьоме театр!

 А.ДАЧАЕВА

№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: