Кенхи

Ламанца Iуьллуш йолчу Шаройн районехь ю Кенхи юрт. Шарой-Орга хина уллехь, Дагестанан дозанца ю иза. Кхунна гуонаха ю: Дагестанера ГIодобери, ГIаигIатла, ткъа дозанал сехьа Бути, ХIима, Чадра, Кири ярташ. Юрт маца йиллина билггал хууш дацахь а, XVI–XVII-чуй бIешерашкахь Умма-Ханан керахь хиллачу жIайхойн олалли юкъайоьдуш хилар хьахийна меттигаш ю. Дагестанан Цумадински районан Цумада юьртара корабалли тайпанах болу жIайхойн къомах нах бу дуьххьара юрт йиллинарш. Цул тIаьхьа Дагестанан БотIлихан, Цумадински районашкара 8 тайпанах жIайхой а, иштта вайн республикин Итон-Кхаьллан районера хьачарой а, гуьржийн махкара нах а хевшина кхуза баха. Юьхьанца дерриге а тайпанаша шайн-шайн мотт буьйцуш хиллехь а, хан-зама яларца массара а цхьа мотт бийца болийна, жIайхойн чамалин диалектехь буьйцу цара мотт.valley_aul_kenhi04

ДIаихначу шерашкахь тайп-тайпанчу округашна, республикашна юкъайоьдуш лаьттина Кенхи. 1924-гIа шо тIекхаччалц Дагестанан Андийски округа юкъахь лаьттина, цул тIаьхьа 1944-гIа шо тIедаллалц НГIАССР-н Шаройн районна юкъайогIуш хилла. Ткъа, 1944-чу шарера 1957-гIа шо кхаччалц Дагестанан Цумадински районах дIатоьхна, ткъа цул тIаьхьа НГIАССР-н Шуьйтан районна юкъахь лаьттина. 1992-чу шарахь дуьйна Шаройн районна юкъахь ю.

БIешераш хьалха дуьйна а даьхни, латта лелорца хилла Кенхерчу бахархойн хене бовлар. Бакъду, дIаден пайдехь долу латтанаш кIезиг ду ламанца, цундела, оцу лаьттан пусар деш, гIишло а дIаден мега долчу лаьтта тIехь ца еш, тIулгаш тIехь еш хилла.

Дуьххьара 1929-чу шарахь Кенхи, Чадра – шина юьрта юккъехь Школхе олучу меттехь йиллина кхузахь школа. Нохчийн, жIайхойн, оьрсийн къаьмнех бара хьехархой. Вайнах махках баххалц болх беш яра и школа. 1937-чу шарахь йиллира колхоз, районехь хьалхарчу меттехь яра.

ТIаьхь-тIаьхьа толуш схьадогIуш дара юьртан дахар, амма цIеххьана цхьанна а цамоьттург хилира – Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелира. Оцу тIаме 60 стаг вахара хIокху юьртара, цхьаболчу доьзалшкара шишша-кхоккха а ваханера тIаме. Масала, АбуевгIеран доьзалера кхо ваша, АлибулатовгIеран, ДубаевгIеран, МагомедхановгIеран, ОмаровгIеран, УмаровгIеран, БаталиевгIеран доьзалшкара шишша ваханера. Тайп-тайпанчу фронташкахь тIемаш беш царах 38 бIаьхо кхалха а кхелхира. Брестан гIап ларъеш кхелхира Алибулатов Шихабудин, Гасанов МуртазIели, Гошдадов Иман-Ахьмад, Исмаилов Сулейман, Салимов Анаб. Алссам нах бахара кхузара хIетахь къинхьегаман эскарехь гIуллакх дан а. 108 стагана «За доблестный труд в Великой Отечественной войне 1941–1945гг.» мидалшца совгIаташ дира, ворхI стагана «За оборону Кавказа» мидалш елира.

Карарчу хенахь Кенхехь 300 сов ков-керт а, 2 000 гергга стаг а ву Iаш. Юьртахь юкъарадешаран 3 школа, 1 библиотека, 1 культурин цIа, жIайхойн культурин туш, куьпан больница, дохнан лоьрийн учреждени ю.

Хьалха ледара хиллехь а, некъаш тодина хIинца, Шарой-Орга хи тIехула тIайш а техкина, дика болх беш ю телефонан зIе а.

ХIинцалерчу лехамашца богIуш болчу гIирсашца кечйина ю школаш, культурин, медицинин учрежденеш.

Массанхьара санна кхузара а бевлла дика говзанчаш, пачхьалкхан гIуллакххой. Царах ву медицинин Iилманийн доктор, профессор Абдулаев Алигаджи, Россин Федерацин юкъарчу дешаран сийлаллин белхахо, Дагестан Республикин хьакъволу хьехархо Ражабова Хьава, Федеральни суьдхо Алимирзаев Агамирза, Дагестан Республикин хьакъйолу лор Сулейманова Сагират, Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо Магомедов Ахьмад, кхиберш.

Вайн республикехь дIахьочу юкъараллин дерриге а гIуллакхашкахь дакъалоцуш бу Кенхера жIайхой, царна массарна а нохчийн мотт а хаьа. Кхузара берриге а кегийрхой ламаз, марха долуш бу. Вовшашца, нахаца лело гIиллакх, гIуллакх долуш бертахь беха кхузара нах.

Р.МУСИПОВ

№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: