Нохчийн а, Къилбаседа Кавказан кхидолчу къаьмнийн а санна, къанойн лерам чIогIа бо жIайхоша. Кенхи юьртахь къанойх уггаре а воккханиг ларалуш ву Чахбаров Iабдулмуслим. Тахана цамогаш ву иза. Делахь а, кхетам а, иэс а дайна дац цуьнан. Цо билгалдаккхарехь, иза вина 1934-чу шарахь.
Iабдулмуслимна дика дагадогIу, школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, ша эскаре вахар. Ессентуки гIалахь долчу эскаран гIишлошъяран декъехь кхочушдина цо Даймахкана хьалха долу шен бIаьхаллин декхар. Цул тIаьхьа, нохчийн халкъ Даймахка цIадоьрзучу шарахь, кхаьчна иза Кенхи юьрта. Иштта кхузахь ваха а висна.
– Со, кху Iаламан исбаьхьалло йийсаре вар бахьана долуш, сецна кхузахь ваха. Жималлехь ас дуккха а даьхни лелийна. Могашалла хилча, тахана а лелор дара. Жималлехь сих доьлларг гуттаренна а дуьсуш хилла-кх. Иза дара сан сих доьлларг а: Iаламан хазалла, даьхнилелор, мелла а тхайн дайх тера ваха гIертар, – боху I.Чахбаровс.
Нохчийн а, жIайхойн а къаьмнийн Iер-дахар я ламасташ талла волавелча, дукха карадо цхьаьнадогIурш бохуш, дуьйцу Iабдулмуслима. Масала, воккханиг ларар, хийистехь латтар, зуда ялор, тезет хIоттор, иштта дIа кхин а. Амма жимма ойла а йой, тIетуху, Нохчийчохь бехаш болу жIайхой бу ша буьйцуш берш олий.
Тезет хIотторан кеп мелла а шуьйра йовза лаьий, ас кхин а шуьйра йийца и тема олий, дехар до цуьнга.
– Нохчийн санна ду тхан а тезет хIоттор: божарий шаьш, зударий шаьш. Тезет тхан а лаьтта 3 дийнахь. Амма, кхелхинарг дагалоьцуш, цуьнан коша тIехь 7 дийнахь Къуръанан сураташ доьшу оха, вовшах а кхетий. Делахь а, вирдашка хьаьжжина, мелла а хийцамаш болуш нисло иза. Суна хетарехь, нохчашкара схьаэцна хир ду оха вирдаш къастор. Цхьаберш Дагестанера шайхийн вирдашкахь бу, амма дукхахберш нохчийн устазашна тIаьхьабозуш а бу, – аьлла, жоп ло суна цо.
Нохчашкара белхий бар а схьаэцна шаьш боху Iабдулмуслима. Дечиг охьадассош а, бешахь иза дIадуьллуш а бо белхий жIайхоша.
Юьртахь газ цахилар бахьана долуш, хIоразза а дечиг эца дезаш ду бахархойн. Цхьа машен дечиган мах 13 эзар соьма тIера хьалабоьдуш бу.
– Кхузахь газ яц. Ялор ю аьлла. Амма цкъачунна дечиг оьцуш ду оха. Хала ду. Хас лелон меттигаш яц тхан. Цундела хасстоьмаш эца дезаш хуьлу. Къаной миска нах ма бу. Хасстоьмаш а эца дезча, дечиг а эца дезча, йоккха харж йолу тхан, – боху I.Чахбаровс.
Делахь а, дерриге а иштта чолхе дац Чахбаровн. Цуьнан 11 бер ду. Шен дозалла ду боху цо уьш. Царах 1 йоI юьртахь марехь ю, 1 кIант ХIимахь Iаш ву. Важа 9 бер лахарчу ярташкахь а, Россехь а дехаш ду.
Иштта чIогIа лаьмнаш а, ломара дахар а дезаш волчу цуьнан бераш хIунда «къаьхкина» теша аьлла, хаттар муха лур дара ца хууш, со Iаш а волуш, цо тIетуьйхира: «хIинца дерриге а атта ду, тохара хиллачуьнга хьаьжча. Амма атта мел хуьлу, кхин а атталла лоьху наха… Иза хир ду-кха сан берех кхеттарг а».
И.ХАСАНОВ
Суьрта тIехь: Чахбаров Iабдулмуслим
№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо