Юьртан хазна — библиотека

Нохчийчоьнан лаьмнашкахь дIасаваха уггаре а халачу меттехь, Нохчийчоьнан а, Дагестанан а, Гуьржийчоьнан а дозанаш къаьстачохь Iуьллуш ю Кенхи. Соьлжа-ГIалина 83 чаккхарма (100 км) генахь а ю иза. Кхеташ ду цунна тIебоьдуш асфальтан некъ кеста буьллург цахилар а, цкъачунна цигахь газ цахилар а. Ваха а, ван а гена а, хала а меттиг лоруш ю иза. Амма кхета хала дерг XXI-чу бIешарахь интернет а йоцуш, муха Iа те цигара бахархой бохург ду. Делахь а, Кенхин тахана кхин хазна ю – библиотека.Юьртан библиотека

  Юьртан хазнин Iуналла а, куьйгалла а деш Бахиров Iабдулбасир ву. 2004-чу шарахь дуьйна ву иза книгаш гулъеш. Масех шарахь цо гулйинера 8 эзар сов книга. Уьш ерриге а шен юьртарчу библиотекашка дIаса а еллера. Амма лаьмнийн ярташкахь книгашца долу хьал мелла а чолхе хиларца доьзна, Шаройн кIоштан куьйгаллин дехарца, Iабдулбасира 4 эзар книга дIасаелла кIоштан кхийолчу библиотекашна. Цул тIаьхьа Кенхехь хиллачу 3 библиотекех 1 а йина. Тахана и библиотека юьртан бахархоша шайн хазна лоруш ю.

Къаьсттина библиотекица гергарло лелош бу дешархой. Уьш хIора сарахь гулло цу чохь. Iабдулбасира билгалдаккхарехь, цара Гамзатов Расулан а, Ибрагимов Кантин а книгаш хоьтту дукха хьолахь. Нохчийн мотт Iаморан книгаш хоьттуш берш а алсамбевлла тIаьхьарчу хенахь.

Кхузахь ала догIу, Кенхерчу бахархойх наггахь верг бен нохчийн мотт ца хууш вац. Иза юьртан бахархошна школашкахь дуьйна хьоьхуш бу. Iер-дахар нохчийн махкахь а хилча, ца Iамийча ца болуш а бу иза.

Библиотекин юкъара хьал дийца воьлча, билгалдаккха догIу, иза а, культурин туш а цхьана тхевна кIелахь хилар. ХIусам шина декъе екъна оцу Iалашонца.

Iабдулбасир тешна ву, жIайхойн культурин туьшан ян йолийначу керлачу хIусам чохь юьртан хазнина а меттиг хирг хиларх.

Тхан къамел чаккхене дирзича, Iабдулбасира шен библиотекин лазаме долу кхин а цхьа хIума яздар дийхира – газеташца доьзна хьал.

– Нахана газеташ деша лаьа. Наха уьш хоьтту. Масех газет яздайтина оха. Амма уьш кхуза схьа ца кхочу. ХIоразза а ХIима а воьдий, айса схьадохьу ас уьш. Суна хетарехь, ахча дIалуш хилча, цунна дуьхьал шена догIуш долу газеташ схьадеха йиш йолуш ю библиотека, – элира цо.

Цо нийса боху. Шаьш боьхху мах дIалуш хилча, почтин служба декхарийлахь ю газеташ, мел хала делахь а, юьрта дIакхачо.

И.ЧЕЧАНХО

Суьрта тIехь: юьртан библиотека

№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо            

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: