Къилбаседа Кавказехь дехачу къаьмнийн культура вовшех тера йогIуш елахь а, хIора а къоман шен-шен башхаллаш йолуш ю иза.
Кенхехь бехачу жIайхоша шайн къоман культура кхиорехь гуттар къахьегнехь а, Культурин туш 2002-чу шарахь бен ца кхоьллина цара. ХIинца туьшахь музыкин кхоъ говзанча ву. Цара тIекхуьучу чкъурана кехат-пондар а, дечиг-пондар а, иштта кхиболу музыкин гIирсаш а лакха Iамабо. Нохчийн Республикин а, Россин Федерацин а дезачу деношна лерина гулам я цхьаьнакхетар хилча, 70–100 юьртара хьовсархой а богIуш, чIогIа лерам бу юьртахойн шайн Культурин туьшца.
2008-чу шарахь дуьйна оцу туьшан куьйгалхочун декхарш кхочушдеш ву Хабиров Iела. Культурин туьшо даьхначу совгIаташка хьаьжча а гуш ду, иза шен декхаршца тIехдика ларош хилар. Кхузахь билгалдаккха догIу, Хабиров Iела А.-Хь.Кадыровн орденан кавалер хилар.
Шаройн кIоштахь а, республикехь а дIахьочу гIуллакхашкахь дакъалаьцна ца Iаш, Къилбаседа Кавказан тайп-тайпанчу шахьаршкахь хуьлучу дуккха а фестивалашкахь дакъалоцу ЖIайхойн культурин туьшо. Бакъду, хIокху шарахь хIинца а республикера арабовлаза бу туьшан дакъалацархой. Делахь а, аьхка луларчу Хунзахски кIоштахь Дагестанерчу къаьмнийн культурашна леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалаца кхайкхина бу уьш. Цига боьлхуш царна гIо-накъосталла дан лерина ю Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон къоман политикин департамент.
Масех тоба ю туьшана юкъайогIуш: эшарийн, хелхарийн, берийн, иштта дIа кхин а. Берийн тобанна юкъахь Кенхерчу школашкара похIма долу дешархой бу.
Амма эшарш, хелхарш, пондар лакха Iаморал сов, шайн къоман кхача кечбан а Iамадо туьшахь. Иза къаьсттина мехала хета I.Хабировна.
– Стаг миччахь велахь а, шен къоман Iадаташ а, ламасташ а довза а, уьш лелон а декхарийлахь ву, – боху цо.
Цо дийцарехь, туьшана гIо деш юьртарчу рузбанан маьждиган имам а, юьртда а ву. Маьждиган имама бусалбанийн дино магошдерг а, дихкинарг а довзуьйту, ткъа юьртдас костюмашца доьзна долу гIуллакх тидамехь латтадо.
Цул сов, Хабировс шен ницкъашца жIайхойн къоман Iер-дахарца йоьзна хIуманаш гулйина, царах музейн экспонаташ йина.
Делахь а, туьшан лазаме ши хаттар ду: шен долахь йолу хIусам а, транспорт а.
– Алапа луш ду, костюмашца а бала ца лов оха. Делахь а, цхьанхьа даха-дахка дезаш хилча, транспортан хьокъехь юьртдена тIедаха дезаш хуьлу тхо. Цо-м хуьлуьйту тхуна транспорт. Амма, гуттар а цуьнга баьхна девр дац тхо. Цундела тхайн долахь транспорт оьшуш хьал ду тхан. Иштта, хIусамца доьзна хаттар а ду лазаме. ХIинца хIара культурин туш нехан доларчу цIа чохь болх беш ю. Тахана царна оьшуш яц хIара хIусам. Ткъа кхана царна иза цIеххьана эшахь, тхо арахь дуьсур ду. Бакъду, вайн республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос ша гIо-накъосталла дийр ду аьлла, тхан туьшана лерина йотта йолийна гIишло чекхъяккхарехь, – боху I.Хабировс.
Теша лаьа, ЖIайхойн культурин туьшана лазаме хеташ долу и ший а гIуллакх кестта диканца дIадоьрзург хиларх.
И.ХАСАХАНОВ
Суьрта тIехь: туьшан керла ян йолийна гIишло
№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо