Евросоюзан пачхьенехь Брюсселехь, 32 стаг вен а вуьйш, 272 стагана чевнаш а еш, теракташ йинчул тIаьхьа полицин а, лерринчу службин а белхахоша операцеш дIаяьхьча оцу зуламна бехке хиларан шеконца масех стаг схьалаьцна.
***
Шеман Iедалан эскарша, ополченин ницкъашца цхьаьна, кхиамца дIахьош бу Пальмира шахьар «Иблисан пачхьалкхан» террористех цIанъяран тIемаш.
***
Хонкаран тIеман кеманаша бомбанаш, ракеташ тоьхна Къилбаседа Иракехь йолчу курдийн позицешна. Цигахь хиллачу бIаьхойх масех стаг кхелхина.
***
«Иблисан пачхьалкхо» Европин мехкашкахь теракташ яйта 600 гергга террорист кечвина хиларан хьокъехь хаамаш бо Европин пачхьалкхашкарчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша.
***
Чинерчу цхьана шахтехь кIора боккхуш волу 19 шахтер кхелхина, шахтера цхьа ога тIе а доьжна.
***
Украинин Президента П.Порошенкос дIахьедина 29-гIа март тIекхачале Радехь керла правительство чIагIъян езаш хилар. ХIинцале хьехош ю правительствон куьйгалле хIотто билгалвеш волчун цIе.
***
Донбассерчу бахархошна гуманитарни гIо хьош яхана Россин МЧС-н машенийн ковр хIокху деношкахь вайн махка юхайирзина.
***
Россина дуьхьал йина санкцеш бахьанехь Европерчу пачхьалкхашна карарчу шарахь хила тарлуш дерг 33 миллиард еврон барамехь зен ду.
***
Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира США-н госсекретарца Дж.Керрица. Цара дийцаре дира вовшашца йолу юкъаметтигаш тояран мехаллин хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Россин Правительствон Председатела Д.Медведевс кхеташо дIаяьхьира дозанал арахьара инвестицешкахула йолчу комиссин декъашхошца. Цара дийцира инвестицеш алсамъяхарехьа дан деза гIуллакхаш.
***
Москвахь шен болх дIабаьхьира Россин промышленникийн а, предпринимателийн а союзан съездо.
***
Россин дуьненаюкъара валютин тIаьхьало 11-чу мартера 18-чу марте кхаччалц болчу муьрехь 1,5 процентана алсамъяьлла.
№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо