Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь Россин дипломатийн Ассоциацин председателан заместительца, философин Iилманийн кандидатца, Россин арахьарчу гIуллакхийн министерствон Дипломатин академин дипломатин а, консульски гIуллакхан а кафедрин хьехархочуьнца Мальсагов Баширца цхьаьнакхетар хилира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Гудаев Лоьмас, оццу министерствон арахьарчу зIенийн департаментан директора Хаджимурадов Iийсас, философин Iилманийн доктора, профессора Мазаева Тамарас, иштта шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша.
Цхьаьнакхетар дIадолийра гулбеллачарна хьаша вовзийтарца.
Мальсагов Башир – дуьххьарлера нохчи-дипломат, Россин дипломатийн Ассоциацин Президиуман декъашхо, философин Iилманийн кандидат.
1979-чу шарахь НДРЙ-хь (Аден) йолчу СССР-н Посольствон а, 1988-чу шарахь СНЛАД-хь (Ливия) йолчу СССР-н Посольствон а Сийлаллин книги юкъавахана иза («Сийлаллин гражданин» цIе а луш).
Ирак Россина 10 миллиард сов доллар декхарийлахь хилар а хоуьйтуш, 2004-чу шарахь цаьрга и декхар дIатакхийта барт а бина Б.Мальсаговс.
Иштта, цо барт бина 2004-чу шарахь Иракерчу «Юсифия» ТЭС-на йина блокада дIаяккхийта а, 360 оьрсийн говзанча цу чуьра араваккха а. Оццу шарахь Иракерчу «треугольник смерти» боламан «Сийлаллин шайх» кхайкхийна иза. Иштта Иракехь а, Мисарахь а закъалтана схьалаьцначу дуккха а оьрсашна гIо дина цо.
Гудаев Лоьмас а, цул тIаьхьа Хаджимурадов Iийсас а билгалдаьккхира Б.Мальсагов санна хьаша вар а, цуьнан къамелашка ладогIар а доккха дозалла хеташ хилар.
– Кхузахь гулбеллачеран аьтто хилла тахана, хIунда аьлча, иштта экспертийн къамеле ладогIар кест-кеста хуьлуш дац. Тхан дегайовхо ю, Башир, хьоьца къамел диначул тIаьхьа, вайн кегийрхошна а шайн дахар дипломатица доза луург хиларх, – элира I.Хаджимурадовс.
– Нохчи муьлххачу а хьолехь а нохчи хила веза, – долийра шен къамел Мальсагов Башира, – дипломатехь дуьххьарлера нохчи хилла хиларе терра, дуккха а халонаш ган а гина, лан а лайна. Амма ас гуттар а дозалла дина со нохчи хиларх. Вайн къам майра, доьналла долуш хиларх со тешна ву, цундела гуттар а корта айббина лелла со хийрачу мехкашкахь».
Б.Мальсаговс дуккха а дийцира США-хь долчу хьолах а, Малхбалехь лелочух а, ИГИЛ-х а. Дуккха а пайдехь дерг дийцира цо.
Цул тIаьхьа гулбеллачеран аьтто хилира Б.Мальсаговга хаттарш дан, царна массарна а кхачам боллуш жоьпаш делира дипломата.
Хь.БАХТАЕВА
№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо