Уьш вайца цхьаьна беха

Дукха къаьмнаш ду тахана Нохчийчохь дехаш. БIешерийн кIоргенера кху замане схьакхаьчна и вежараллин зIенаш, мел луьра бохамаш тIехIиттарх ца хедаш, ца юхуш, ца кеглуш. Вайн дайша гуттар а гергарлонаш лелийна Теркаца дехачу кегийчу къаьмнашца. Царех цхьаъ ду ногIийн халкъ а.IMG_20151108_154925

  Тахана вайца цхьабосса бакъонаш а, декхарш а долуш, вайн маьршачу махкахь вехаш ву 4 500 ногIи. Iаламат тайна эшарш, иллеш, хелхарш ду церан. Иштта – оьзда гIиллакхаш а, ламасташ а. Вайн махкахь церан Iер-дахар Шелковски кIоштаца доьзна ду. Уьш беха Махьмад-ХитIе, Ораз-Аул, Сары-Су, Коби, Оьрза-ГIала ярташкахь. Хьаналчу къинхьегамца ду церан напха лахар. Къахьегар, дукха хьолахь, лаьттаца а, дохнаца а доьзна ду.

Амма берриге а ногIий бац шайн дахар лаьттаца а, дохнаца а доьзна, реза. Царех ву Отемов Амирхан а, Телеков Амирхан а, Курганова Аля а. Тахана Отемов Амирхан Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь, ткъа Телеков Амирхан республикин культурин министерствехь болх беш ву. Цу шиннах а къаьсташ ю Курганова Аля.

Иза тахана Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин а, «Единая Россия» партин а, «ОНФ за Россию» республикин отделан а декъашхо, «Вести республики» газетан корреспондент, Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствон «Сельский вестник» газетан а, туркойн маттахь арадолучу «Тюрк-заман» газетан а коьрта редактор ю.

Аля дукха къахьоьгуш ю шен къоман культурин лар тIекхуьучу чкъурана ца йицъялийтарехь. 2013-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу музейхь ногIийн къоман Iер-дахарна, культурина, ламасташна лерина гайтам дIабаьхьна цо. Цу гайтаме хьовса дуккха а студенташ, дешархой, бахархой  баьхкира бохуш дуьйцу цо. Республикин пачхьенехь шайн къомана лерина гайтам дIабахьа аьтто хиларх боккха кхаъ а, дозалла а хилла ногIашна.

2015-чу шарахь Курганова Аля, шеца цхьаьна Отемов Амирхан а, Телеков Амирхан а эцна, Кхарачойн-Чергазийн Республикехь дIаяьхьначу регионашна юкъарчу ногIийн кегийрхойн 1-чу форуме а яхана. Цигахь цо дийцина Нохчийчохь бехачу ногIийн Iер-дахарх лаьцна. Аля тешна ю и форум кхидIа а хIора шарахь хирг хиларх а, рогIера форум вайн махкахь дIаяхьа таро хирг хиларх а.

– Нохчийчохь йина а, когахIоьттина а ю со. Сан къоман дуккха а векалш бу кхузахь соьца бехаш. ХIара нохчийн мохк бу. Амма мохк шайн бара аьлла, тхо шайх дац аьлла я суна, я цхьана а ногIичунна хало ца йина нохчаша. Ас дозалла до цунах. Нохчийн халкъо Iуналла а деш, маьрша дехаш ду тхо маьршачу Нохчийчохь, – элира Кургановас.

И.ХАСАХАНОВ

№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: