ДIадолийна республикин Конституцин денна кечамбар

15584_300

Нохчийн Республикин  Куьйгалхочо Кадыров  Рамзана   шен   распоряженица вовшахтоьхна Нохчийн Республикин Конституцин денна лерина  долчу гIуллакхашна кечам баран а, уьш  дIадахьаран  а    комитет. Цуьнан  председатель хIоттийна  Нохчийн Республикин Парламентан спикер  Абдурахманов Дукхуваха.

Вовшахтохараллин комитетана иштта юкъавахана  Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин  куьйгалхо Даудов  Мохьмад  (председателан заместитель), ткъа иштта республикин  Правительствон  декъашхой,  муниципалитетийн  куьйгалхой, вузийн ректорш,  республикин Iилманийн   академин,  республикин Юкъараллин   палатин  векалш, шуьйрачу  хаамийн  гIирсийн куьйгалхой, кхиберш.

ЧIагIйинчу планаца  нийса а  догIуш, республикин   Конституцин  дийнан  сийнна  республикехь  даздарш: вовшахтухур  ду  республикин  Парламентан  депутаташ дешаран  учрежденешкахь  дешархошца а, студенташца а  цхьаьнакхетарш; дIахьур  бу  даздаран  гуламаш, тематически цхьаьнакхетарш, передачаш дIахьур  ю телевиденехь, пачхьалкхан совгIаташ  лур ду, дIахьур  ду   кхидолу гIуллакхаш а.  Коьрта даздарш ду   Нохчийн Республикин  Куьйгалхочо,  Россин  Турпалхочо  Р.Кадыровс дакъа а лоцуш,  Соьлжа-ГIалахь дІахьон  долчу  кхеташонехь.

Нохчийн Республикин Парламентан  Советан   кхеташонехь  Д.Абдурахмановс шен  заместительшца а,  комитетийн  председательшца   а  дийцаре  дира   республикин Конституцин  денна  кечам  баран  гIуллакхаш. Спикера билгалдаьккхира   республикин  Коьрта закон тIеэцна  рогIера   де  даздарна лаккхарчу жоьпаллица  тIедаха дезаш  хилар.

– 2003-чу шеран 23-чу мартехь  Россин Президента Путин  Владимира  гIолацар а, вайн  къоман   тхьамдин  Кадыров Ахьмад-Хьаьжин  боккха  лаам а хилар  бахьана  долуш дIаяхьа  таро  хиллачу  дерриг а  халкъан  референдумехь  нохчийн халкъо  кхаьжнаш тесира  нохчийн  лаьтта тIехь  машар, синтем  хиларехьа, Россин  халкъийн  дуккха а къаьмнийн  доьзалехь  дахарехьа, Нохчийн Республикин  Конституцигахьа. Оцу  кеппара,  биллира маьршачу дахарехь  кхиаран  бакъонийн бух.  И бух билларехь доккха  маьIна  долуш лелийра Нохчийн Республикин хIинцалерчу  Куьйгалхочо  Р.Кадыровс, – элира  Д.Абдурахмановс.

Нохчийн Республикин Парламентан  пресс-служба  

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: