Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин коллектив декъалйира, иза вовшахтоьхна 13 шо кхачарца.
«Хьоме доттагIий! «Грозный» телерадиокомпани Нохчийн Республикин Конституцин нийсархо ю! Конституци тIеэцарна лерина референдум дIахьочу дийнахь вовшахтоьхна ю иза. Керла вовшахтоьхначу телевиденина йоккха хан яц 13 шо. Амма оцу шерашкахь «Грозный» Россехь уггаре а тоьллачарех а, евзачарех а цхьаъ хилла дIахIоьттина», – яздира цо шен Instagram агIон тIехь.
Цо билгалдаккхарехь, телеканалана тIетийжа тоьлла шуьйрачу хаамийн гIирсаш а, политикаш а. ТIекхуьу чкъор кхетош-кхиорехь а, дийнна къоман Iалашонашна лерина а юкъараллица лаккхарчу тIегIанехь болх беш ю иза. Телеканалан студешкахь а, редакцешкахь а уггаре а хала материал кечъян а, иза эфире дIаяла а хууш говза журналисташ кхиъна. «Грозный» НПТРК вовшахтоьхначу денца ас даггара декъалво директор Бачаев Iадлан а, цуьнан коллектив а!», – яздина Р.Кадыровс.
И.Исламов
№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо