Россин Федерацин Президентан В.Путинан Москвахь селхана, 25-чу мартехь, цхьаьнакхетар хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Р.Кадыровца. Цхьаьнакхетаран юьххьехь Россин халкъийн баьччас вайн республикин Куьйгалхочуьнга элира: «ПхоьалгIачохь (апрелехь) чекхйолу хьуна Нохчийчоьнан Куьйгалхочун даржехь хила бакъо луш йолу хан… ТIаьхьарчу шерашкахь нохчийн дуьхьа а, республикин бахархойн дуьхьа а, делахь-хIета, ерриге а Россин дуьхьа а ахь динарг хьесапе а эцна, тахана ас куьг яздина хьо Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш верг хIотторан хьокъехь долчу Указна, тIаьхьа, хIокху шеран сентябрехь харжамашкахь ахь дакъалоцург хиларх тешарца», – элира Россин Президента.
«Тешна ву, Нохчийчоьнан бахархоша а, нохчийн халкъо а харжамийн кампани дIахьош а, харжамаш беш а ахь республикин дуьхьа динчун хьокъала боллу мах хадориг хиларх», – бохура Путин Владимира. «Ас юха а боху, динчух тоам бина Iан йиш яц вайн, вай даима а хьалхахьа хьовса дезаш ду. Вайна хаьа вайн халкъана, вайн адамашна вайга кхин а алсам гIуллакхаш далур дуй а, кхин а алсам гIуллакхаш дан дезий а», – билгалдаьккхира цо.
Путин Владимир Владимировича Нохчийн Республикин куьйгалле дийхира Россин Федерацин законаш лардайтарна кхин а алсам тидам тIебахийтар. «Суна хьан тидам стенна тIебахийта лаьа? Iедалан федеральни органашца кхин а юххера зIе йолуш, дагаволуш болх барна. Ткъа иза билггал хьакхалуш ду кхерамазаллина кхачояран гIуллакхех», – элира В.Путина.
Цуьнца цхьаьна Россин халкъийн баьччас билгалдаьккхира: «Баккъал а, тахана Нохчийчоь вайн гражданашна, Нохчийчоьнан бахархошна кхерам боцу меттиг хилла а дIахIоьттина. Коьртачу декъана, хьан хьуьнар бахьанехь хилла ду иза…», – чIагIдира цо.
Нохчийчоьнан халкъо боккха кхаъ хиларца тIеэцна Россин Президентан В.Путинан Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Р.Кадыровца хилла цхьаьнакхетар а, Россин Президентан Указ а. Дала тIаьхье беркате йойла!
Д.АНАДЕВ
№34, шот, бекарг (март) беттан 26-гIа де, 2016 шо