Борхаджиев Хожбаудин 60 шо кхачарна лерина суьйре

Дукха хан йоццуш Нохчийн пачхьалкхан «Вайнах» хелхаран ансамблан концертан зала чохь дIаяьхьира Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистан, культурин хьакъволчу белхахочун, поэтан, Борхаджиев Хожбаудин 60 шо кхачарна лерина кхоллараллин суьйре.IMG-20160324-WA0006

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитель Юсупов СаIид, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Тагиев Мурад, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, цуьнан заместитель Мамакаев Эдуард, Нохчийн Республикин Журналистийн союзан председатель Хатуев Ислам, иштта кхиболу яздархой, журналисташ, артисташ.

Шен къамелехь Ибрагимов Кантас элира:

– Борхаджиев Хожбаудих лаьцна дийца дуккха а ду. Иза гочдархо, журналист, похIме поэт ву. Уггаре а халачу шерашкахь Нохчийн Республикин Журналистийн союзан куьйгаллехь лаьттина иза. Цо нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь яздо. Суна къаьсттина хазахета вайна юкъахь башха яьржина йоцчу жанрехь, пародехь цо къахьоьгуш хилар. Иштта, суна хаийта лаьа, Нохчийн Республикин Яздархойн союзо зорбане йоккхуш Хожбаудис нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь язйина йолу байтийн гулар хилар. Дала декъалвойла  хьо! ТIаьхье беркате йойла, – дерзийра шен къамел Ибрагимов Кантас.

Хьешаша юбиляр декъалвеш довха дешнаш элира. Царах хIораммо а билгалдаьккхира, Борхаджиев Хожбауди дика накъост, похIме журналист, поэт хилар.

Хьешийн самукъадаьккхира бевзаш болчу артисташа, Керимов Рината, Гадаев Валида а, Мусаева Светланас, Парсанова Таисас кхечара.

Суьйре ерзош Борхаджиев Хожбаудис баркалла элира, шен байташ йийшира.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: Кхоллараллин суьйренехь

№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: