Иштта яра хIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан Технопаркехь дIаяьхьначу республикин чемпионатан ловзаран цIе.
Ловзарш дуьйладалале хьалха вистхилира Нохчийн пачхьалкхан университетан Iилманехула а, инновацешкахула а проректор волу Кутуев Руслан:
– ХIокху цхьаьнакхетарехь коьртаниг, хIинццехь шена пайде хIума хилийтар дац, тIаьхьалонна белхан меттигаш хилийтар ду. Тхо тхайга далучу агIор шуна оьшуш долу хьелаш хилийта хьовсур ду, гранташца а, совгIаташца а. Вайна оьшург Iилманан-технически агIор гергарлонаш ду. Дала аьтто бойла массеран! ТIаьхье беркате йойла, – дерзийра шен къамел Кутуев Руслана.
Цул тIаьхьа «Хьалхара бизнес» ловзаран дакъалацархойх 4 стаг цхьаьна команде а нисвеш, 16 команда вовшахтуьйхира. Дакъалацархоша 1 сохьтехь бизнес-моделан проект кечъян езаш яра. ТIаккха цуьнца болх муха бан беза а, цу проектан кхидIа кхиарх лаьцна а дийца дезаш дара. Уьш «ТIетоьхна бакъдерг» темина кечъеш яра.
Делла сахьт чекхдаьллачул тIаьхьа командаша 3 минотехь шаьш кечйина проекташ гайтира. Студенташа кечйинчу проектийн мах хадош экспертан кхеташонан декъашхошна юкъахь бара: Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетан председателан заместитель Арсаев Рашид, Нохчийн пачхьалкхан университетан Технопаркан директор Арсанукаев Мансур, «МТТ Кавказ» генеральни директор Бачаев Аслан, «Къилбаседа Кавказан журналистийн ассоциацин» АНО-н Председатель Заурбеков ИбрахIим, «Четеч» ООО МИП-н генеральни директор Саламов Ислам, Нохчийн Республикин Могашалла Iалашъяран министерствон Медицинин хаамийн-аналитикин туьшан директор Тепсуркаев Тимур, иштта спонсорийн компанийн векалш а.
Цхьаьнакхетар дерзоле хьалха экспертан кхеташоно билгалбехира толамхой:
1-ра меттиг яьккхира – «Хаха» цIе йолчу командо, 2-гIа – Iquad, 3-гIа OKreg. Толамхошна мобильни телефонашца а, маьхза ингалсан мотт Iаморан сертификаташца а совгIаташ дира.
З.ЛЕЧИЕВА
Суьрта тIехь: «Хьалхара бизнес» ловзаран чемпионат
№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо