Вайна ма-хаъара, тIаьхьарчу хенахь журнал шина баттахь цкъа арадолуш ду. Редакцис цуьнан агIонаш тIехь зорбатуху нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь йолу статьяш.
«Публицистан трибуна» рубрикехь Э.Хасмагомедовс «Шаткие позиции «оппозиции» цIе йолчу статьяхь яздо: «Системин арахьарчу оппозицин лидершна хетарехь, таханлерчу дийнахь Россехь хIоьттина долу хьал – пачхьалкхан экономика ледарчу хьолехь хилар, социальни проблемаш чIагIъялар, Малхбузерчу пачхьалкхашца йолу юкъаметтигаш галйовлар бахьана долуш, санкцеш ярна тIедалор, Донбассехь хIоьттина тIеман хьал, и.дI.кх. – царна аьтто болуш ду. Амма Российски политикин цхьана маьIIехь тасаеллачу оппозицина иза пайдехь хир ду бохург шеко йолуш ду…».
Яханчу хенахь а, карарчу хенахь а архивийн урхалло дIахьочу балхах лаьцна дуьйцу Нохчийн Республикин Правительствон архивийн урхаллин говзанчас-эксперта Бибулатов Вахита. Цуьнца шен хилла къамел довзуьйту Окаров Iийсас. Иза деша «Архиваш – халкъан иэсан бакъдерш» статьяхь.
«Вайн республикехь хиллачу тIаьхьарчу шина тIамо, кхидолчу дакъошна санна, Нохчийн Республикин архивийн урхаллина а доккха зен дина. Урхаллин XVIII-чу бIешарахь дуьйна долчу кехатех 90 процент долчарна зен хилла.
Нохчийн Республикин Правительствос дIахьош боккха болх бу вайн архив меттахIотторехь. Керла вовшахкхетта йолу коллектив хIинца дIатаръелла хазачу гIишло чохь, беркате къахьоьгуш ю. Дукха хан йоццуш архивийн урхаллина кхин а цхьа зен хилла, кхелхина дукха хенахь дуьйна куьйгалхочун болх беш хилла волу, похIме Iилманча-историк, бакъонашларъярхо Музаев Мохьмад», – яздо автора.
«Нохчийн Республикин Яздархойн союзан – 85 шо» а, «Ахмадов Мусан – 60 шо» а статьяш еша аьтто бу «Юбилей» аьллачу рубрикехь. Циггахь еша 1985-чу шарахь А.Смородинас оьрсийн матте гочйина М.Ахмадовн «Мохк бегийча» повесть. Россин регионашкарчу юкъараллин гIуллакххоша: Кавказан яздархойн клубан президента Гуртуев Салихьа, ГIалмакхойн халкъан поэта Эльдашев Эрднис, Россин хьакъйолчу лоьро Коваленко Иринас, кхечара а юбиляр декъалвеш даийтина кехаташ ду зорбатухуш. Ахмадовх лаьцна довха дешнаш аьлла вайн махкахоша М.Бексултановс, Л.Довлеткиреевас, З.Алиевас, Э.Минкаиловс, Ш.Джамбековс, С.Инаркаевас, А.Исмаиловс, К.Гайтукаевс.
1944-чу шарахь вайнах махках бахарх лаьцна дийца а, яздан а дуккха а ду. «Иэс» рубрикера «1944-чу шеран шийла Iа» З.Дурдиевн очерк а ю цунах лаьцна. «ДоттагIийн аьзнаш» рубрикехь евзар ю Н.Галибузовн а, С.Гуртуевн а, И.Куртмазован а кхолларалла. Журналан дешархоша сатесна хир ду А.Казбегин С.Маргошвилис гочйина «Циция» повестан турпалхойх лаьцна дерг довза. ХIокху номерехь деша аьтто бу VIII–XII-гIий дакъош.
Журналан кхин дуккха а агIонаш тIехь зорбатоьхна ю дешархойн тидам тIегIур болуш статьяш а, байташ а. Масала, «Поэзи» рубрикера С.Дакаевн М.Мамакаевна лерина «Къонахчух дош» поэма, и.дI.кх.
Л.ДАУТОВА
№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо